bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Luke 13
Luke 13
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 14 →
1
Оцу хенахь цхьана наха, тӀе а баьхкина, Ӏийсана дийцира Делан цӀийнан кертахь байинчу галилайхойх лаьцна. Пулата и омра далар бахьана долуш, оцу нехан цӀий цара сагӀа доккхуш яйинчу бежанийн цӀийца эделлера.
2
Ӏийсас элира баьхкинчаьрга: «Иштта байина болу и нах вукху галилайхойл къинош сов долуш бара-м ца моьтту шуна?
3
ХӀан-хӀа, — боху Ас шуьга, — амма нагахь санна шу, дохко а девлла, Далла тӀе ца дерзахь, уьш санна, шу а хӀаллакьхир ду.
4
Шуна моьтту хир ду, Шилонан бӀов тӀе а йоьжна, велла волу берхӀитта стаг Ярушалаймехь болчу вукху нахал бехке вара?
5
ХӀан-хӀа, — боху Ас шуьга, — амма шу, дохко а девлла, Далла тӀе ца дерзахь, уьш санна хӀаллакьхир ду».
6
Ӏийсас цхьа хьекъале хӀума дийцира царна: «Цхьана стеган кемсийн бешахь дӀадийна инжиран дитт хилла. Цкъа, ван а веана, оцу дитта тӀехь стоьмаш бу бац хьаьжча, уьш ца карийна цунна.
7
ТӀаккха кемсаш лелош волчу шен белхалочуьнга аьлла цо: „КхозлагӀа шо ду со кху дитте хьоьжу, амма стоьмаш ца латийна кху тӀе. Охьа а тохий, дӀадаккха хӀара, кхуьнга эрна меттиг дӀа а ца лоцуьйтуш“, — аьлла.
8
Амма белхалочо жоп делла цуьнга: „ХӀусамда! Кхин цхьана шарахь а дитахьа хӀара. Ас, го а аьхкина, кхелли а йиллина, болх бийр бара.
9
ХӀун хаьа, юха шарахь стоьмаш лато а ма мега кху тӀе? Ткъа ца латадахь, и дитт дӀадоккхуьйтур ду ахь“, — аьлла».
10
Цхьана гуламан цӀа чохь шоьтан дийнахь хьехам беш вара Ӏийса.
11
Букара хьаьвзина, букъ хьала ца нислуш, цхьа зуда яра цу чохь, берхӀитта шарахь шеца жинийн цамгар йолуш.
12
И ган а гина, тӀекхайкхина, Ӏийсас элира цуьнга: «Йиша! Хьо хьайн цамгарх паргӀатъяьлла», — аьлла.
13
Цо куьйгаш лецира зудчунна тӀехула. Важа оцу сохьта хьаланисъелира, тӀаккха Далла хастамаш бан хӀоьттира.
14
И дерриг гина, гуламан цӀийнан хьаькамо, Далла леринчу шоьтан дийнахь Ӏийсас дарба дарна реза воцуш, чубаьхкинчу нахе элира: «Ялх де ду болх бан дезаш. Оцу деношкахь дуьйла шайна дарба дайта, Далла леринчу шоьтан дийнахь а ца догӀуш», — аьлла.
15
Везачу Эло, жоп луш, элира цуьнга: «Шалхончаш! Шайн сту я вир, хьаьвдех схьа а достий, Далла леринчу шоьтан дийнахь хи мала ца дуьгу аш?
16
БерхӀитта шарахь иблисо йихкина латтийна ИбрахӀиман тӀаьхьенах йолу хӀара зуда Далла леринчу дийнахь шен буржалех паргӀатъяла мегаш яц?» — аьлла.
17
Цо и аьлча, Цунна дуьхьалболчу нахана эхь хийтира. Ткъа чохь берш самукъадаьлла, хазахеташ бара Ӏийсас и тамашийна гӀуллакхаш дарх.
18
Цул тӀаьхьа Ӏийсас хаьттира: «Стенца дуста мегар ду Делан Олалла? Муха ду иза?
19
Иза стага шен бешахь дӀадийначу уггар жимачу хӀуьнах тера ду. Цу хӀуьнах, хьала а даьлла, дитт хилла. Стигаларчу олхазарша баннаш дина цуьнан гаьннаш тӀехь».
20
Кхин цкъа а хаьттира Ӏийсас: «Кхин стенца дуста мегар ду Делан Олалла?
21
Иза морзанах тера ду. Зудчо, бод хьакхош, кхаа сахь чохь схьаэцначу демах тоьхна иза. Морза, массанхьа а кхочуш, демах дӀаийна».
22
ГӀаланашкахула, ярташкахула чекхвуьйлуш, Ярушалайме воьдуш вара Ӏийса. Шен новкъахь нахана хьехам бора Цо.
23
Цкъа цхьаммо хаьттира Цуьнга: «Эла! Иштта кӀезиг бу теша кӀелхьарбовлуш берш?» Ӏийсас элира гулбеллачаьрга:
24
«Готтачу неӀарехула чекхдовла хьовса, хӀунда аьлча, Ас боху шуьга чубаха гӀиртинчех, дукхахберш чекхбовлалур бац.
25
ХӀусамдас неӀ дӀакъевлича, шу арахь дуьсур ду. И неӀ етташ, дехар дийр ду аш: „Эла! ДӀаеллахьа тхуна“, — бохуш. Амма Цо эр ду шуьга: „Суна шу а ца девза, шу мичара даьхкина а ца хаьа“.
26
ТӀаккха аш эр ду: „Оха Хьоьца яа а йиинера, мала а меллера, Ахь тхан урамашкахь хьехамаш а бинера тхуна“, — аьлла.
27
Амма Цо эр ду: „Ас боху шуьга, Суна шу а ца девза, шу мичара даьхкина а ца хаьа. Шу массо а харцончаш ду, дӀадовла Суна юххера!“
28
Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду. Шуна гур бу Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь болчарна юкъахь ИбрахӀим а, Исхьакх а, Якъуб а, берриш пайхамарш а, ткъа шу цигара лохкур ду.
29
Малхбалехьара, малхбузехьара, къилбаседехьара, къилбехьара баьхкинчу наха хиндолчу тойнехь, Делан Олаллехь, шайн меттигаш дӀалоцур ю.
30
Амма кхузахь цхьаболу тӀаьххьара хилларш цигахь хьалхара хир бу, цхьаболу хьалхара хилларш тӀаьххьара хир бу».
31
Оцу хенахь Ӏийсана тӀевеанчу масех парушхочо элира: «Кхузара дӀаваьлла, кхечу метте ваха веза Хьо — ХӀарод ву Хьо вен гӀерташ», — аьлла.
32
Ӏийсас жоп делира: «Даха а гӀой, цхьогало санна, зулам деш волчуьнга дӀаала: „Ас жинаш дӀа а лохкур ду, нахана дарбанаш а дийр ду тахана а, кхана а, ткъа кхозлагӀчу дийнахь Сайн болх чекхбоккхур бу“.
33
Делахь а, хӀуъа хилахь а, Сан тахана а, кхана а, лама а лела деза, хӀунда аьлча пайхамар Ярушалаймал арахьа вала йиш йолуш вац.
34
Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тӀебахкийтиначарна тӀулгаш детта ахь. Мел чӀогӀа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кӀорнеш тӀома кӀел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза.
35
ХӀинца билггала шун ЦӀа Дала дӀатесна ду. Ас боху шуьга, шуна Со гур вац, цхьа хан а еана, аш аллалц: „Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш верг!“»
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 14 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24