bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Luke 6
Luke 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 7 →
1
Цкъа шоьтан дийнахь кӀа дийначу арахула схьавогӀуш вара Ӏийса. Цуьнан мурдаш, кӀен кенаш схьа а дохуш, хьекха а деш, буьртигаш дууш бара.
2
И гиначу цхьаболчу парушхоша элира: «И хӀун ду аш деш дерг? Дала кхоьллинчу шоьтан садоӀучу дийнахь дан мегаш доцу гӀуллакх хӀунда до аша?»
3
Ӏийсас царна жоп делира: «Аша ца дешна Дауд-паччахьо ша а, шен накъостий а мацбелча, динчух лаьцна?
4
Иза Делан цӀа чу а веана, Далла къобалдина долу бепиг схьа а эцна, ша а диина цо, шеца болчу накъосташна а делла. Ткъа и бепиг динан дайшна бен даа мегаш ца хилла».
5
КхидӀа а Ӏийсас элира: «Адамийн КӀант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тӀехь а Эла ву».
6
Цкъа кхечу шоьтан дийнахь, гуламан цӀа чу а веана, нахана хьехам беш вара Ӏийса. Цигахь аьтту куьг заьӀап долуш цхьа стаг вара.
7
Парушхой а, Ӏелам нах а чӀогӀа Ӏийса тергалвеш бара, Далла леринчу шоьтан дийнахь Цо дарба до я ца до хьоьжуш, юха Иза бехке вархьама.
8
Ӏийсана церан дагахь дерг хаьара. Цо элира куьг заьӀап долчу стаге: «Хьала а гӀаттий, массарна хьалха дӀахӀотта». Важа, хьалха а ваьлла, дӀахӀоьттира.
9
ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Ас хоьтту шуьга: хӀун боху бакъоно, Далла леринчу шоьтан дийнахь я дика, я вон хӀун дан мегаш ду? Стеган дахар кӀелхьардаккха я иза хӀаллакдан?»
10
ТӀаккха массаьрга а хьаьжна, цхьа а вист ца хилча, Цо элира куьг заьӀап долчу стаге: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Вукхо куьг схьакховдийра — иза тоделира.
11
Парушхой а, Ӏелам нах а, оьгӀазлонна кхехка а кхехкаш, шайна юкъахь къамелаш деш бара, Ӏийсана хӀун дийр дара бохуш.
12
Ишттачу цхьана дийнахь лам тӀе хьалавелира Ӏийса Деле доӀа дан. Ерриг буьйса яьккхира Цо Деле доӀанаш деш.
13
ШолгӀачу дийнахь Цо, Шен мурдаш схьа а кхайкхина, царна юкъара шийтта хаьржира. Царах Цо векалш элира. Уьш бара:
14
ШамӀа, шех тӀаьхьа Ӏийсас Кипа аьлла цӀе тиллинарг, цуьнан ваша Ӏандар, Якъуб, Яхьъя, Пилап, Барталамай,
15
Маттай, ТӀама, ХӀалпайн кӀант Якъуб, ШамӀа, ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочушдан гӀертарг,
16
Якъубан кӀант ЯхӀуд, иштта шех ЯхӀуд-Искархо олу, тӀаьхьа ямартхо хилларг а.
17
Ӏийса Шен векалшца, лам тӀера чувуссуш, нийсачу меттехь сецира. Цигахь Кхуьнан мурдаш а, кхин дуккха а нах бара ЯхӀуд-махкара а, Ярушалаймера а, хӀордан йистерачу Цора а, ЦӀадан а цӀе йолчу гӀаланашкара.
18
Уьш Ӏийсага ладогӀа а, шайна дарбанаш дайта а баьхкинера. Харцжинаша хьийзош болчу нахана дарба дира Цо.
19
ХӀора а Ӏийсах куьг Ӏотта гӀерташ вара, хӀунда аьлча Кхунах схьаболучу ницкъо царна дарба дора.
20
Шен мурдашка а хьаьжна, Ӏийсас элира: «Дала декъала до шу, къенаш, хӀунда аьлча Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь ду шу.
21
Дала декъаладо шу, хӀинца меца дерш, хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь дуьзна хир ду шу. Дала декъаладо шу, хӀинца доьлхуш дерш, хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь доьлур ду шу.
22
Дала декъаладо шу, нахана шу ца дезачу хенахь, цара шу лоьхкучу хенахь, шу сийсаздеш, цӀе бехъечу хенахь, Адамийн КӀантах шу тешна дела.
23
И де тӀекхаьчча, халхадийла, самукъане хила, хӀунда аьлча йоккха ял хир ю шуна стигалшкахь. Иштта харцо лелош церан дай пайхамаршца а хилла.
24
Амма къа ду шун, хьолахой, хӀунда аьлча хӀинца синтеме ду шу.
25
Къа ду шун, хӀинца дуьзнарш, хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь меца хир ду шу. Къа ду шун, хӀинца доьлуш дерш, хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь шун бӀаьргех хин тачанаш оьхур ду.
26
Къа ду шун наха шух лаьцна диканиг олуш хилча, хӀунда аьлча иштта харцпайхамарш церан дайша а хестийна».
27
«Амма шуьга, Соьга ладугӀучаьрга, боху Ас: Шайн мостагӀий беза, шаьш ца дезачарна диканиг де,
28
шайна неӀалт кхайкхош берш декъалбе, шайна халахетар дечарах лаций доӀанаш де.
29
Хьайна цхьана бесни тӀе тӀара тоьхнехь, важа бесни кӀел хӀоттае. Нагахь санна цхьаммо хьан тӀехулара бедар хьоьгара дӀаяьккхинехь, цунна дуьхьало ма е бухалара коч хьоьгара дӀайоккхуш.
30
ХӀора доьхуш волчунна цо доьхург дӀало. Нагахь санна хьан долахь дерг цхьаммо дӀаэцнехь, иза юха ма деха.
31
Нахаца, уьш шайца хила ма-лаъара, хила.
32
Нагахь санна шу дезаш берш шуна безча, шуна баркалла ца догӀу. Къинош летийначарна а ма беза шаьш безарш.
33
Нагахь аш шайна дика болх биначарна дика болх бинехь, шуна баркалла ца догӀу. Къинош летийначара а ма до изза.
34
Нагахь санна шайна схьалур дуй хуучу нахе бен аш духалург ца лахь, шуна баркалла ца догӀу. Къинош летийначара а ма ло духалург, юха декхар схьаэцархьама.
35
Амма аш кхечу тайпана дан деза: шайн мостагӀий беза, диканиг де, духалург ло, схьадаларе а ца хьоьжуш, тӀаккха шуна лун йолу ял еза хир ю: шу Веза Воккхачун бераш хир ду, хӀунда аьлча Дела Ша а къинхетаме ву вочу а, шайна динчу диканна хама ца бечу а нахаца.
36
Къинхетаме хила, стигалара шайн Да къинхетаме ма-хиллара».
37
«Цхьанна а кхел ма е, Дала шуна а кхел йийр яц. Цхьа а бехке ма ве, Дала шу а бехке дийр дац. КъинтӀерадовла нахана, Дела шуна а къинтӀера вер ву.
38
Нахана оьшург дӀало, Дала шуна а лур ду шуна оьшург. Ластийча, дуьзна тӀехула оьхучу сахь чохь лур ду шуна догӀург. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах».
39
ТӀаккха Ӏийсас иштта цхьа хьекъале дустар далийра царна: «БӀаьрзечуьнга бӀаьрзениг дӀавигалур вуй? И шиъ ший а ор чу вужур ма ву.
40
Мурд шен устазал лакхара вац. Дешна ваьлча, дӀанислур ву иза шен устазе.
41
Хьайна уллохь волчун бӀаьргара чамхалге хӀунда хьоьжу хьо, хьайн бӀаьргара хен а ца гуш?
42
Муха эр ду ахь цуьнга: „Ваша, хьайн бӀаьргара чамхалг дӀаяккхийтахьа соьга“, хьуна хьайн бӀаьргара хен гуш ца хилча? Шалхонча! Цкъа хьалха хьайн бӀаьргара хен дӀа а баккхий, хьайн бӀаьрса тоделча, тӀаккха вешин бӀаьргара чамхалг дӀаяккха».
43
«Дикачу дитто вон стоьмаш ца ло, вочу дитто диканаш ца ло
44
Дитт шен стоьмашка хьаьжжина девза. Массарна а хаьа, коканийн кулла тӀера комарш ца гулйой а, хьаьрмак кулла тӀера кемсаш ца йохий а.
45
Дикачу стеган даг чуьра диканиг долу, вочу стеган даг чуьра вониг долу. Стеган даг тӀехь дерг цуьнан матта тӀехь а ду».
46
«Нагахь санна аш Сох „Эла“ олуш делахь, тӀаккха аш Ас бохург дан деза.
47
ХӀора Со волчу вогӀуш верг, Сан дешнашка ладугӀуш верг, уьш кхочушдеш верг — Ас гойтур ду шуна, и хьанах тера ву.
48
Иза цӀа дечу стагах тера ву. Оцу стага, кӀоргга ахка а аьхкина, тархана тӀехь бух боьттина. Хи, хьала а даьлла, оцу цӀенна тӀе хьаьдча, цо цӀа меттах а ца даьккхина, хӀунда аьлча иза дика дина долу дела.
49
Ткъа важа, Соьга ла а доьгӀна, Ас бохург ца динарг — иза лаьтта тӀехь, боьттина бух а боцуш, цӀа динчух тера ву. Хи, хьала а даьлла, пенаш тӀе хьаьдча, и цӀа доьхна дӀадаьлла, цунах боккха барз бисина».
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 7 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24