bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Luke 24
Luke 24
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 23
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
1
Ӏуьйранна хьалххе, сатосучу хенахь, кӀиранан хьалхарчу дийнахь, шаьш кечдина хьакхарш а эцна, зударий къубба йолчу бахара.
2
Къуббанна тӀетовжийна тӀулг дӀакарчийна карийра царна.
3
Чоьхьа бевлча, царна Ӏийса-Элан дегӀ ца карийра.
4
Юха, уьш цецбевлла лаьттачу хенахь, царна хьалха хӀоьттира къегаш духар дуьйхина ши стаг.
5
Кхерабелла, бертал ийгира зударий. Шина стага элира цаьрга: «Дийнаниг беллачарна юкъахь хӀунда лоьху аш?
6
Иза кхузахь вац, Иза денвелла! Дагадаийта Ша Галилайхь волуш Цо шуьга аьлларг:
7
„Адамийн КӀант къинош летийначу нехан кара дӀалур ву, жӀарах дӀа а тухур ву, амма кхозлагӀчу дийнахь денлур ву“».
8
ТӀаккха царна дагадеара Ӏийсан и дешнаш.
9
Къубба йолчуьра юха а баьхкина, и дерриг цхьайтта векална а, кхечу мурдашна а дийцира цара.
10
Шайна гинарг векалшна дуьйцучаьрца бара Магдалера Марем а, Яхьани а, Якъубан нана Марем а, кхиболу зударий а.
11
Амма зударша дийцинчух цхьа а ца тийшира. Церан дешнаш даьсса хийтира.
12
Ткъа Кипа, хьалагӀаьттина, ведда къубба йолчу вахара. Чухьаьжначу цунна ша-ша яьхна Ӏохкуш кӀадинан кескаш карийра. Иза юхавеара, хиллачух чӀогӀа цец а вуьйлуш.
13
Цу дийнахь цигахь хиллачех ши стаг вара Ярушалаймера цхьайтта чаккхарма генахь йолчу Ӏаммас-эвла воьдуш.
14
Цу шиммо оцу хиллачу хӀуманех лаьцна дуьйцура.
15
Юха и шиъ къамел деш схьавогӀуш, тӀевеана Ӏийса цаьрца дӀаволавелира.
16
Дала цу шина стагана Ӏийса ца вовзийтира.
17
Ӏийсас хаьттира цаьрга: «ХӀун дуьйцуш ву шуьшиъ новкъахула вогӀуш?» Важа шиъ сецира, гӀайгӀане яххьаш а йина.
18
Царах цхьамма, цуьнан цӀе Кхалайп яра, элира: «Хьо, схьагарехь, Ярушалаймехь цхьаъ ву-кх хӀокху деношкахь хӀун ду ца хууш виснарг?»
19
«Ткъа хӀун хилла?» — хаьттира Ӏийсас. «Назартарчу Ӏийсаца доьзна хилларг, — жоп делира цара. — Иза пайхамар вара. Далла а, массо адамна а хьалха нуьцкъала Устаз а, инзаре хӀуманаш Дийриг вара И.
20
Динан коьртачу дайша а, тхан хьаькамаша а вен кхел а яйтина, жӀарах дӀатохийтира Иза.
21
Тхо чӀогӀа тешна дара Цо Исраил-мохк ПаргӀатбоккхург хиларх. Цу тӀе, хӀинца кхозлагӀа де а ду и дерриг а хилла.
22
Амма тхуна юкъара цхьаболчу зударша цецдаьхна тхо. ХӀокху Ӏуьйранна хьалххе, сатосучу хенахь, къубба йолчу бахача,
23
Ӏийсан дегӀ ца карийра царна. Схьабаьхкинчу цара дийцира тхуна, шайна хьалха цхьана суьртехь хӀиттинчу маликаша Иза дийна ву боху аьлла.
24
Цул тӀаьхьа тхан накъостий бахара уьш хиллачу къубба тӀе, зударша ма-дийццара карийра дерриг а, амма Ӏийса царна цигахь ца гира».
25
ТӀаккха Ӏийсас элира шина некъахочуьнга: «Ма сонта ду шу! Ма сиха дац шун дегнаш дерриге а пайхамарша дийцинчух теша!
26
Дала Леррина Къобалвинарг Ша болу баланаш лан дезаш вац, Шен сийлалле кхачархьама?»
27
Муса-пайхамарна тӀера дӀаволавелла, массо а пайхамарша Шех лаьцна Делан Йозанаш тӀехь аьлларг царна дийцира Ӏийсас.
28
Уьш цхьана юьрта йисте кхаьчча, Ӏийсас Ша кхин а дӀаваха воллу сурт хӀоттийра.
29
Амма цара дехарш дира Цуьнга: «Тхоьца сацахьа, де суьйренгахьа а лестинера», — аьлла. Ӏийса цаьрца сацархьама цӀа чу вахара.
30
ХӀума яа буьйлалуш Иза бепиг, схьа а эцна, доӀанца цунах баркалла а аьлла, декъа а декъна, цаьрга дӀакховдо вуьйлира.
31
Дала цу шина стагана Ӏийса вовзийтира. Амма Ӏийса царна ца гуш хилира.
32
Уьш вовшашка хетта буьйлабелира: «Вай новкъа догӀуш, къамел деш а, Цо Делан Йозанан маьӀна дуьйцуш а дегнаш айаделла догуш дацара вайн?» — бохуш.
33
Сихха хьалагӀаьттина, и шиъ Ярушалайме вахара. Цигахь царна гулвелла цхьайтта векал а, цаьрца берш а карийра.
34
Векалша дийцира: «Веза Эла билггала денвелла! Иза ШамӀина хьалха хӀоьттинера!»
35
Юха кху шиммо дийцира шайца новкъахь хиллачух а, Цо бепиг кагдечу хенахь, шайна Ӏийса вовзарх а лаьцна.
36
Церан къамел чекх а ца даьллера, Ӏийса, Ша царна юкъа а веана: «Машар хуьлда шуьца», — аьлла, вистхилча.
37
Уьш, кхерабелла, дӀасевцира, шайна гуш дерг гӀаларт ду моьттуш.
38
Ткъа Цо бохура: «Шу кхера хӀунда делла? Шеко хӀунда йогӀу шу дегнаш чу?
39
Хьовсал Сан куьйгашка а, Сан когашка а. ХӀара Со ву! Куьг Ӏоттал Сох, схьахьовсал. ГӀалартан дегӀ а, даьӀахкаш а ца хуьлу, ткъа Сан, шуна ма-гарра, дегӀ ду».
40
Иза а аьлла, Цо Шен куьйгаш а, когаш а гайтира.
41
Амма уьш цецбевлла а, хазахетта а ца тешара гучух. ТӀаккха Ӏийсас хаьттира: «Яа хӀумма а юй шун?»
42
Цара беттина чӀара белира Цунна.
43
Цо, схьа а эцна, биира иза царна хьалха.
44
«ХӀара дара Ас шуна дийцинарг Со шуьца волчу хенахь, дерриг а Сох лаьцна Мусан товратана тӀехь а, кхечу пайхамарийн тептарш тӀехь а, Забурана тӀехь а яздинарг кхочуш ца хилча ца долу», — элира Цо.
45
Цул тӀаьхьа церан хьекъал кӀаргдира Цо, Делан Йозанах уьш дика кхетийтархьама.
46
Цо элира цаьрга: «Яздина ду, Дала Леррина Къобалвинарг бала лан а, веллачуьра кхозлагӀчу дийнахь денвала дезаш а ву аьлла.
47
Цуьнан дуьхьа массо а халкъашка, Ярушалайм тӀера дӀадуьйладелла, кхайкха деза, къиношна гечдайтархьама дохко а довлий, Далла тӀедерза аьлла.
48
Шу оцу хӀуманийн тешаш хилла дӀахӀуьттур ду.
49
Сан Дас лур ду аьлларг Ас дӀакхочуьйтур ду шуна, амма, лакхара шайна чу ницкъ боссалц, шу гӀалахь совца деза».
50
Цаьрца Ярушалаймера ара а ваьлла, Бет-ХӀине кхаччалц дӀавахара Иза. Куьйгаш хьала а айина, уьш декъалбира Цо.
51
Юха, уьш декъал а беш, царна гена а волуш, стигала хьалаваьккхира Иза.
52
Мурдаш, Цунна сужде а бахана, корта а тоьхна, доккхачу хазахетарца Ярушалайме юхабаьхкира.
53
Цу дийнахь дуьйна, Далла хастамаш беш, гуттар а Делан цӀийнан кертахь бара уьш.
← Chapter 23
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24