bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Luke 9
Luke 9
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 10 →
1
Шен шийтта векал схьа а кхайкхина, Ӏийсас царна ницкъ а, бакъо а елира адамашна чуьра дерриг жинаш лахка а, цамгарех нах тобан а.
2
Цо дӀахьовсийра уьш Делан Олаллех лаьцна кхайкхам бан а, адамашна дарбанаш дан а.
3
«Шаьш новкъа довлуш, шайца я Ӏаса а ма эца, я тӀоьрмаг а ма эца, я бепиг а ма эца, я ахча а ма эца, я хуьйцуш юха бедар а ма эца», — элира Цо цаьрга.
4
«Шаьш дӀакхаьчначу цӀа чохь Ӏе, оцу гӀалара арадовллалц.
5
Нагахь цхьанхьа шаьш тӀе ца эцахь, шайн когаш тӀера чан дӀаегае, гӀалара арадовлуш. Шу тӀе ца эцначу нахана дуьхьал тоьшалла хир ду иза».
6
Ӏийсан векалш дӀабахара. Ярташкара ярташка а боьлхуш, хаза кхаъ кхайкхош, массанхьа а нахана дарбанаш деш лелара уьш.
7
Ӏийсас а, Цуьнан мурдаша а дечух лаьцна хабар мехкан куьйгалхочунна ХӀародна а хезира. Иза собарх воьхнера, хӀунда аьлча цхьаболчара бохура веллачуьра Яхьъя денвелла,
8
вукхара — Эли-ЯхӀу-пайхамар веана, кхозлагӀчара — ширачу заманахьлера пайхамарех цхьаъ денвелла.
9
ХӀарода ша-шега хоьттура: «Яхьъян ас корта баьккхина. Ткъа и стаг мила ву теша, шех лаьцна и хӀуманаш наха дуьйцуш волу?» Иза Ӏийса ган гӀертара.
10
Векалша, юха а баьхкина, дийцира Ӏийсана шаьш динчух лаьцна. Уьш а эцна, цаьрца цхьаьна хилархьама, Бет-Саида цӀе йолчу гӀали юххехьа дӀавахара Ӏийса.
11
Амма Иза мичахь ву а хиъна, дукха адам деара Цунна тӀаьхьа. Ӏийсас уьш тӀеийцира. Цо Делан Олаллех лаьцна а дийцира царна, оьшучарна дарбанаш а дира.
12
Де суьйренгахьа лестича, Ӏийсан шийтта векало, тӀе а веана, элира Цуьнга: «Адам дӀадахийта деза. Луларчу ярташка а, кӀотаршка а бахана, шайна дӀадийша меттиг а, яа хӀума а лохур цара. Вай долу меттиг яьсса ю», — аьлла.
13
ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Аша лур ю царна яа хӀума». Векалша жоп делира: «Вайгахь пхи хьокхам, ши чӀарий бен бац. ГӀой, царна массарна а яа хӀума эций оха?» — аьлла.
14
Цигахь гулвелларг пхи эзар гергга стаг вара. Амма Ӏийсас элира шен мурдашка: «Уьш, бекъа а бекъий, шовзткъе итт-итт стаг волуш тобанашка охьаховшабе», — аьлла.
15
Цуьнан мурдаша Цо ма-баххара массо а охьахаийра.
16
Юха, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чӀарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доӀа дира Ӏийсас. ТӀаккха и хьокхамаш а, чӀерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дӀакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дӀалора.
17
Массара а яа а йиира, массо а вуза а вуьзира. Цул тӀаьхьа Ӏийсан мурдаша схьагулдина дисина дакъош шийтта тускар дуьззина дара.
18
Ӏийсас, Ша висна, доӀа дечу хенахь, Цунна тӀе мурдаш баьхкира. Цо хаьттира цаьрга: «Наха Со мила ву олу?» — аьлла.
19
Цара жоп делира: «Цхьаболчара Хьо нах хих чекхбоху Яхьъя ву боху, вукхара Хьо Эли-ЯхӀу-пайхамар ву боху, кхозлагӀчара ширачу заманахьлера денвелла веана пайхамар ву боху».
20
«Ткъа аша хӀун боху, Со мила ву боху аша?» — аьлла, хаьттира Ӏийсас. Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг ву-кх», — аьлла.
21
Ӏийсас и хӀума нахе дӀахаийтар чӀогӀа дихкира царна.
22
Цо элира: «Адамийн КӀантах иштта хила дезар ду: Цуьнан дукха баланаш лан дезар, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Ӏеламчу наха Иза тӀе ца лаьцна хила а дезар ду, Иза вийна хила а везар ву, амма кхозлагӀчу дийнахь Дала Иза веллачуьра денван а везар ву».
23
ТӀаккха Ӏийсас элира массаьрга а: «Соьца ван луург, шен „со“ бохург дӀа а теттина, хӀора дийнахь шен баланийн мохь тӀе а лаьцна, Суна тӀаьхьахӀотта веза.
24
ХӀунда аьлча шен са кӀелхьардаккха воьлларг синах вер ву, ткъа Сан дуьхьа са дӀаделлачо иза кӀелхьардоккхур ду.
25
ХӀун пайда бу стагана дерриг а дуьне цуьнан а хилла, цо ша хӀаллаквича я шена зен дича?
26
Нагахь санна Сох а, Сан дешнех а эхь хетахь, Адамийн КӀант дӀавоьрзур ву цу стагах, Шен а, Шен Ден а, Делан маликийн а Олаллин нуьрехь Ша веача.
27
Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна шаьш кхалхале Делан Олалла гур ду».
28
Цул тӀаьхьа, ворхӀ-бархӀ де даьлча, Шеца Кипа а, Яхьъя а, Якъуб а эцна, Ӏийса доӀа дан лам тӀе хьалавелира.
29
ДоӀа дечу хенахь Цуьнан юьхь цӀеххьана хийцаелира, духар чӀогӀа кӀайделира, тӀехь бӀаьрг ца сацалуш.
30
30-31 Олаллин нур лепаш ши стаг дӀахӀоьттира Цунна юххе. И шиъ Муса-пайхамар а, Эли-ЯхӀу-пайхамар а вара. Ӏийсаца къамел дира цу шиммо. Цара дуьйцура Ӏийсан, Ярушалаймехь, адам паргӀатдаккхархьама, дуьнен чуьра дӀакхалха дезарх лаьцна.
31
***
32
Кипа а, цуьнан накъостий а чӀогӀа наб кхетта бара. Самабевлча, царна гира Ӏийсан а, Цуьнца лаьттачу шина стеган а Олаллин нуьран лепар.
33
И ши стаг дӀаваха воьлча, Кипас элира: «Устаз! Ма дика Ӏа вай кхузахь! Кхо кхалор ей вай Хьуний, Мусаний, Эли-ЯхӀуний?» Цунна шена а ца хаьара ша хӀун дуьйцу оцу хенахь.
34
Кипа къамел дина а валале, марха тӀе а еана, уьш дӀахьулбелира цуьнан ӀиндагӀехь. Ӏийсан накъостий кхерабелира, цу мархина юкъахь Ӏийса а, Муса а, Эли-ЯхӀу а нисвелча.
35
Мархи юкъара аз хезира: «ХӀара ву Ас хаьржина волу Сан КӀант. Цуьнга ладогӀалаш!»
36
Аз дӀатийча, царна Ӏийса ша лаьтташ гира. Мурдаша шайна гинарг къайладаьхьира, цу хенахь цхьаьнгге а ца дуьйцуш.
37
ШолгӀачу дийнахь, уьш лам тӀера чубиссича, Ӏийсана дуьхьал еара адамийн йоккха тоба.
38
Нахана юккъера цхьана стага чӀогӀа мохь туьйхира: «Устаз! Доьху Хьоьга, хьажахьа сан кӀанте! Иза сан цхьаъ бен вац!
39
Кест-кеста цунна чудолучу жино хьийзаво иза. КӀант, мохь хьоькхуш, лаьттах веттало, багах чопаш оьхуш. Иштта цунна ницкъ бой, иза лазавой бен дӀа ца долу и жин.
40
Ас Хьан мурдашка дехнера жин эккхаде аьлла, амма цаьрга хӀумма а дан ца делира».
41
Ӏийсас элира: «Галбевлла болу нах! Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Сан шу? Схьавалаве хьайн кӀант!»
42
КӀант, тӀевогӀучу хенахь, жино охьатуьйхира, лазар а даийтина. Амма Ӏийсас жине арадала аьлла омра а дина, кӀант туо а вина, дега дӀавелира.
43
Массо а Делан боккхачу ницкъах чӀогӀа инзарваьлла вара. Нах Ӏийсас дечух дерригенах цецбевлла лаьттара. Оцу хенахь Цо Шен мурдашка элира:
44
«Дика ладогӀалаш, диц а ма делаш Ас шайга аьлларг: Адамийн КӀант нехан кара лур ву».
45
Амма мурдаш ца кхийтира Цо аьллачух. Ткъа оцу дешнийн маьӀна Дала царах лачкъийна дара. Ӏийсага, и хӀун ду аьлла, хатта уьш ца баьхьира.
46
Мурдаша къовсам баьккхира, шайна юкъахь лакхарниг мила ву аьлла.
47
Ӏийсас, церан дагара хууш, жима бер схьа а эцна, Шена юххе дӀа а хӀоттийна,
48
элира: «Сан дуьхьа хӀара бер тӀеэцначо Со а тӀеоьцу. Ткъа Со тӀеоьцучо Со Ваийтинарг а тӀеоьцу. Цундела шуна юкъахь уггар кӀезиг верг а уггар лакхарниг ву».
49
ТӀаккха Яхьъяс элира Ӏийсага: «Устаз! Вайна юкъара воццушехь а, Хьан цӀарах жинаш арадоху цхьа стаг гира тхуна. И вайх цхьаъ воцу дела, иза сацо гӀиртира тхо».
50
Ӏийсас жоп делира: «Сеца ма ве иза! ХӀунда аьлча шуна дуьхьал воцург шуьгахьа ву!»
51
Ша стигала хьалаоьцу волу хан тӀекхача йоьлча, Ӏийсас сацам бира Ярушалайме ваха.
52
Цо Шен геланчаш хьалха бахийтира цхьана шамранхойн юьрта, Шена оьшучунна кечам байтархьама.
53
Амма оцу юьртарчу наха Ӏийса тӀе ца ийцира, хӀунда аьлча гуш дара Иза Ярушалайме воьдуш вуйла.
54
И болх а гина, Цуьнан мурдаша Якъуба а, Яхьъяс а элира: «Эла! Хьуна лаахь, оха стигалара стелахаьштиг а тохийтина, хӀаллакбойтур бу и нах».
55
Амма Ӏийсас, юхавирзина, дихкира царна и дар.
56
ТӀаккха Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а кхечу юьрта бахара.
57
Уьш новкъахула богӀучу хенахь, цхьана стага элира Ӏийсага: «Со Хьуна тӀаьхьа хӀуттур ву, Хьо миччахьа а водахь а».
58
«Цхьогалийн а, олхазарийн а чохь Ӏан баннаш ду, ткъа Адамийн КӀентан корта дӀатовжо меттиг а яц», — аьлла, жоп делира цунна Ӏийсас.
59
Кхечу стаге Цо элира: «Суна тӀаьхьа схьавола!» — аьлла. Амма оцу стага дийхира: «Сан Эла! Пурба лохьа суна, цкъа, цӀа а вахана, сайн да дӀаволла».
60
«Белларш беллачарна бита, ткъа ахь, Суна тӀаьхьахӀотта лууш хьо велахь, ваха а гӀой, Делан Олалла кхайкхаде», — элира цуьнга Ӏийсас.
61
Кхин цхьана стага элира Цуьнга: «Эла! Со Хьоьца вогӀур вара, пурба лохьа суна цкъа цӀахь болчаьрца Ӏодика ян», — аьлла.
62
Ӏийсас жоп делира цунна: «Нахаран тӀам схьа а лаьцна, юхахьоьжуш верг Делан Олаллина пайденна вац», — аьлла.
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 10 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24