bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Luke 18
Luke 18
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 19 →
1
Гуттар а доӀанаш деш, догйовха хилийтархьама, Ӏийсас Шен мурдашна цхьа хьекъале хӀума дийцира:
2
«Цхьана гӀалахь вехаш цхьа кхелахо хилла. Иза Делах ца кхоьруш а, нахах эхь ца хеташ а стаг хилла.
3
Оццу гӀалахь ехаш йисина Ӏаш йолу зуда а хилла. Денна а кхелахочунна тӀе а оьхуш, цуьнга дехарш деш хилла цо: „Сан довхочуьнца болчу къовсамехь нийсонна тӀе кхачаехьа со“, — бохуш.
4
Цхьа хан яллалц цунна накъосталла ца деш Ӏийначу кхелахочо эххар а ойла йина: „Делах ца кхерахь а, нахах эхь ца хетахь а,
5
оцу зудчунна гӀо дан деза ас, хӀора дийнахь схьа а оьхуш, цуьнга со хьийза ца вайта“, — аьлла».
6
Везачу Эло аьлла: «Ойла елаш оцу харц кхелахочо дуьйцучух лаций.
7
Дийнахь а, буса а Шега кхойкхуш болу, Ша хаьржина болу нах нийсонна тӀе кхачор бац Дала? Церан дуьхьа сихлур вац Иза?
8
Ас боху шуьга: Цо, хьем ца беш, нийсоне кхочуьйтур бу уьш. Амма Адамийн КӀант дуьнен чу веача, карор буй теша Цунна Шех тешаш болу нах?»
9
Шайх тоам а бина, кхечарах ца бешачу нахана цхьа хьекъале хӀума дийцира Ӏийсас:
10
«Ши стаг вахана Делан цӀа чу доӀа дан: цхьаъ — парушхо, важа — ял гулъеш верг.
11
Парушхочо, дӀа а хӀоьттина, доӀа деш хилла: „Дела! Хастам бу Хьуна, талорхой, харцончаш, нахаца леларш я хӀара ял гулъеш верг санна со ца хиларна.
12
КӀирнах шозза марха а кхобу ас, сайн тӀедогӀучу хьолах уьтталгӀа дакъа нахана сагӀина а ло ас“, — бохуш.
13
Гено лаьтташ вара ял гулъеш верг. Стигала ши бӀаьрг хьала хьажо а ца ваьхьаш, шен некха тӀе буй а бетташ, бохура цо: „Дела! Къинхетам бехьа сох, къинош летийначу стагах“, — бохуш.
14
Билггала боху шуьга, цу шиннах геч а дина цӀа ваханарг ял гулъеш верг ву. ХӀунда аьлча хӀора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кӀезиг хетар ву, ткъа ша кӀезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву».
15
Ӏийса волчу кегий бераш а даладора, Цуьнга, уьш декъалдеш, царна тӀехула куьйгаш лацийта. И гиначу мурдаша берашца болу нах човхабора.
16
Амма Ӏийсас, бераш Шена тӀе а кхайкхина, элира мурдашка: «ХӀара бераш тӀедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хӀунда аьлча Делан Олалла тӀелаьцнарш уьш санна бу.
17
Билггала боху шуьга: беро санна, Делан Олалла тӀе ца лоцуш верг цкъа а Делаца хир вац».
18
Цхьана хьаькамо хаьттира Ӏийсага: «Дика Устаз! Ас хӀун дан деза Дела волчохь цкъа а чекхдер доцу дахар кхачийтархьама?»
19
«Сох „дика“ хӀунда олу ахь? — хаьттира Ӏийсас. — Цхьа а вац дика, цхьа Дела воцург.
20
Дала тӀедехкина гӀуллакхаш хьуна хууш ма ду: „Нахаца ма лела, адам ма де, къола ма де, харц тоьшалла ма де, дай-наний лара“?»
21
«Беран хенахь дуьйна и дерриг кхочушдеш схьавогӀуш ву со», — аьлла хьаькамо.
22
И хезча, Ӏийсас элира: «Кхин цхьа хӀума дан деза ахь: хьайн долахь дерг дерриг дӀа а дохкий, къечарна дӀасадекъа, тӀаккха стигалахь жовхӀар хир ду хьан. Цул тӀаьхьа, схьа а волий, Суна тӀаьхьахӀотта».
23
Хьаькам гӀайгӀане вуьйжира и хезча, хӀунда аьлча иза чӀогӀа хьал долуш стаг вара.
24
Ӏийсас, цуьнга хьаьжча, иза гӀайгӀане вожар а гина, элира: «Мел хала ду хьал долчу стагана Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хила.
25
Эмкална механ Ӏуьргахула чекхъяла атта ду, хьал долчу стагана Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул».
26
И дерриг хезначара хаьттира: «КӀелхьара мила ваккхалур ву ткъа?»
27
Ӏийсас жоп делира: «Адамашка ца далун дерг Деле далур ду».
28
ТӀаккха Кипас элира: «Тхо ду-кх, дерриг а дитина, Хьуна тӀаьхьахӀиттинарш».
29
Ӏийсас элира: «Билггала боху шуьга: Делан Олалла кхайкхоран дуьхьа шен цӀа а, да-нана а, зуда а, бераш а, йиша-ваша а дитинчунна
30
хӀинца а алссам дерг хир ду, ткъа тӀейогӀу йолчу заман чохь Делаца долу цкъа а чекхдер доцу дахар а хир ду».
31
Шен шийтта векал юьстах а кхайкхина, Ӏийсас элира цаьрга: «Вай хӀинца Ярушалайм лаьттачу хьаладовлуш ду, цигахь дерриг кхочуш хир ду Адамийн КӀантах пайхамарша дӀаяздинарг.
32
Иза кхечу къаьмнех болчу нахе дӀалур ву. Уьш Цунах боьлуш, Иза хьийзош, Цунна тӀе шеташ етташ хир бу.
33
Цара Цунна шед еттар ю, тӀаьххьара вуьйр а ву, амма кхозлагӀчу дийнахь Иза денлур ву».
34
Цо дийцинчух векалш ца кхийтира, Цуьнан дешнийн маьӀна царна къевлина дара.
35
Ӏийса Ерихон-гӀали улло кхочучу хенахь, некъа йистехь сагӀа доьхуш Ӏара цхьа бӀаьрзе стаг.
36
Уллохула тӀехдовлучу адамийн гӀовгӀа а хезна, цо хаьттира: «И хӀун ду?» — аьлла.
37
Цунна жоп делира: «Назартера Ӏийса ву и тӀехволуш верг», — аьлла.
38
ТӀаккха бӀаьрзечо мохь хьаькхира: «Даудан кӀант Ӏийса! Къинхетам бехьа сох!» — аьлла.
39
Хьалха богӀучу наха чехавора иза, гӀовгӀа ма е бохуш. Амма цо кхин а чӀогӀа мохь беттара: «Даудан кӀант! Къинхетам бехьа сох!» — бохуш.
40
Ӏийсас, саца а сецна, и стаг Шена тӀевалавайтира. Иза тӀекхаьчча, хаьттира цуьнга:
41
«Соьгара хӀун оьшу хьуна?» — аьлла. БӀаьрзечо дийхира: «Эла! Са гуш хила лаьара суна», — аьлла.
42
Ӏийсас элира цуьнга: «Са гуш хила хьайна! Хьан тешаро кӀелхьарваьккхи хьо».
43
Цу сохьта бӀаьрзечун са схьадеара. Иза Ӏийсана тӀаьхьа вахара, Далла хастамаш а беш. И дерриг гина нах даггара Далла хастамаш бан хӀиттира.
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 19 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24