bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Luke 17
Luke 17
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 18 →
1
Ӏийсас элира Шен мурдашка: «Стаге къа латадойтуш долу хӀума тӀе ца догӀуш дуьсур дац. Амма декъаза ву ша бахьана долуш нахе къа латадайтина стаг.
2
Делах тешаш болчу лахара болчех цхьаьнга къа латадойтучул, хьеран тӀулг, коча а оьллина, ша хӀорда чу кхоссийтар гӀоле ю цу стагана.
3
Шаьш ларлолаш! Нагахь хьан вашас къа латадахь, бехк баккха цуьнгара, амма иза дохковалахь, гечде цунна.
4
Нагахь хьан вашас дийнахь ворхӀазза хьуна дуьхьал къа латадахь, амма ворхӀаззе а хьо волчу а веана: „Со дохковаьлла“, — алахь, гечде цунна».
5
ТӀаккха векалша элира Ӏийсага: «Алсамбаккхахьа тхан тешам», — аьлла.
6
Ӏийсас элира: «Нагахь санна шун тешам жимачу буьрттигал а белахьара, аш оцу комарийн дитте ала тарлора: „Орамашца схьа а далий, хӀорда чу догӀало!“ Цо аш бохург дийр дара.
7
Масала, шун цхьаннан охуш я жа дажош ялхо ву. Иза арара балхара цӀа веача, хьан эр ду аш цуьнга: „Схьавола, хӀокху метте агӀорвалий, хьайна хӀума яа“?
8
Мелхо а, аш цуьнга эр ду: „Суна яа хӀума кечъе, юкъ а ехкий, сан гӀуллакхе хьажа со йиина а, мелла валлалц, тӀаккха — айхьа а яа а яа, мала а мала“.
9
Шена тӀедиллинарг ялхочо кхочушдича, цунна баркалла хьан эр ду аш?
10
Иштта аша а, шаьш дан деза гӀуллакх кхочушдай, ала: „Тхо хьакъ доцу ялхой бен дац — оха тхайна тӀедиллина гӀуллакх кхочушдина“».
11
Ярушалайме воьдуш, Шамранан а, Галилайн а шина мехкан дозанехула схьавогӀуш вара Ӏийса.
12
Иза цхьана юьрта чувулуш, Цунна дуьхьалкхийтира дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу итт стаг. Геннахь севцина,
13
маьхьарий хьаькхира цара: «Ӏийса! Устаз! Къинхетам бехьа тхох!» — аьлла.
14
Уьш гиначу Ӏийсас элира: «Даха а гӀой, динан дайшна шаьш гайта», — аьлла. Цомгуш нах, дӀабоьлххушехь, новкъахь шайн цамгарх цӀинбелира.
15
Царах цхьаъ, ша товеллий а хиъна, мохь туххуш Далла хастам а беш, вуха вирзира.
16
Ӏийсана хьалха гора а воьжна, Цунна баркаллаш баха хӀоьттира иза. Иза шамранхо вара.
17
ТӀаккха Ӏийсас хаьттира: «Итт стаг ца товелла цамгарх? Важа исс мичахь ву?
18
Далла хастам бан веанарг кхечу къомах волу хӀара стаг бен ма вац?»
19
ТӀаккха цу шамранахочуьнга элира Цо: «ХьалагӀатта, дӀавало. Хьан тешаро цамгарх кӀелхьарваьккхи хьо».
20
Цкъа парушхоша хаьттира Ӏийсага: «Делан Олаллин де тӀе маца кхочур ду?» — аьлла. Цо жоп делира: «Шуна гучу кепехь догӀур дац Делан Олалла.
21
Цхьаьнгге а алалур дац: „Иза кхузахь ду“ я „ДӀогахь ду“, хӀунда аьлча Делан Олалла шуна юкъахь ду».
22
ТӀаккха Шен мурдашка элира Цо: «Цхьа хан йогӀур ю Адамийн КӀентан денойх цхьа де гина а, ган шу сатесна долуш, амма шуна и де гур дац.
23
Шуьга эр ду: „Иза кхузахь ву“, я „ДӀогахь ву“, амма И гур вара алий, шу дӀа ма хьовда.
24
Ерриг а стигал цхьана йистера вукху йисте кхаччалц серлаяьккхина, стелахаьштиг санна, хир ву Адамийн КӀант Шен дийнахь.
25
Амма и де тӀекхачале, дуккха а баланаш лан дезар ду Цуьнан. ХӀокху адамийн тӀаьхьено эккхор а ву Иза.
26
Нохьа-пайхамаран деношкахь ма-хиллара хир ду Адамийн КӀентан деношкахь а.
27
Нах дууш, молуш, зударий балош, маре оьхуш бара Нохьа-пайхамар хӀордкеманна чу валлалц. Амма цул тӀаьхьа хи а хьаьдда, и берриг нах хӀаллакьхилира.
28
Изза дара ЛутӀа волчу деношкахь а: дуура, молура, оьцура, духкура, дӀадоьра, гӀишлош йора.
29
Амма ЛутӀа Седамера араваьллачу дийнахь стигалара, догӀа санна, деанчу цӀеро а, саьмгало а дерриг а адам хӀаллакдира.
30
Иштта хир ду Адамийн КӀант гучувоккхучу дийнахь а.
31
Оцу дийнахь тхов тӀехь нисвелларг шен хӀуманаш схьаэца цӀа чу ма гӀо. Эрна арахь верг цӀа юха ма верза.
32
Дагадаийта шайна ЛутӀин зудчух хилларг.
33
Шен са лардечо иза хӀаллакдийр ду, ткъа са дӀалочо иза Ӏалашдийр ду.
34
Билггала боху шуьга: цу буса цхьаьна дӀабийшинчех цхьаъ дӀаоьцур ву, ткъа важа вуьтур ву.
35
КӀа оручу шина зудчух цхьаъ дӀаоьцур ю, важа юьтур ю».
36
***
37
«Мичахь хир ду иза, Эла?» — аьлла, хаьттира Цуьнан мурдаша. Ӏийсас элира: «Дакъа долчу хьаргӀанаш а гуллур ю».
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 18 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24