bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Luke 2
Luke 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 3 →
1
Оцу деношкахь Август цӀе йолчу паччахьера омра делира, Рим-пачхьалкхера массо а адам дӀаязде аьлла.
2
Сири-махкахь Куьрна-мехкан куьйгалхо волчу хенахь, адамийн дуьххьарлера дӀаяздар дара иза.
3
Цундела хӀора а ша схьаваьллачу гӀала вахара дӀаязвала.
4
Юсуп а вахара Галилайн махкарчу Назарт-гӀалара ЯхӀуд-махка Дауд-паччахь винчу Байтлахам-гӀала, хӀунда аьлча иза Даудан цӀийнах схьаваьлла вара.
5
Иза, доьзалхочух йолу а, шеца захало дийцина йолу а Марем а эцна, дӀаязвала воьдуш вара.
6
Уьш Байтлахамехь болуш доьзалхо дуьнен чу волу хан тӀекхечира.
7
Марема кӀант вира, шен дуьххьарлера доьзалхо. Цо иза, дӀа а хьарчийна, шаьш чохь долчу божалан хьаьвди чу виллира, хӀунда аьлча царна хьешан цӀа чохь меттигаш ца кхаьчнера.
8
Оцу махкахь арахь буьйсанна шайн жаш лардеш Ӏуй бара.
9
ЦӀеххьана царна хьалха Везачу Элан малик хӀоьттира, Везачу Элера долчу нуьраца уьш серла а бохуш. ЧӀогӀа кхерабелира Ӏуй.
10
Малико элира цаьрга: «Кхера ма лолаш! Со шуьга массо а адам даккхийден долу хаза кхаъ бахьаш деана!
11
Тахана Даудан гӀалахь дуьнен чу ваьлла шу кӀелхьардохург, Веза Эла волу Дала леррина Къобалвинарг.
12
ХӀара билгало ю шуна: ДӀахьарчийна Бер карор ду шуна хьаьвди чохь».
13
ЦӀеххьана маликана улло стигалара вуно доккха маликийн эскар доьссира. Цара, Далла хастамаш а беш, бохура:
14
«Лакхарчу стигалшкахь Далла хастам бу! Дуьнен тӀехь Дела реза волчу адамашна машар бу!»
15
Маликаш стигала хьаладевлча, Ӏуша вовшашка элира: «Байтлахаме а дахана, цигахь хӀун хилла хьовса деза вай, вайга Везачу Эло баийтинарг хӀун хаам бу».
16
Уьш цига сихонца бахара. Царна карийра Марем а, Юсуп а, хьаьвданахь Ӏуьллу Бер а.
17
Бер гиначу цара дийцира, Цунах болу шайга бинчу хаамах лаьцна.
18
Массо а ладугӀуш верг цецваьллера Ӏуша дийцинчунна.
19
Ткъа Марема дерриг а хезнарг шен даг чохь латтадора.
20
Ӏуй юхабирзира, Далла хастам а беш, хӀунда аьлча царна хезнарг а, гинарг а малико цаьрга ма-аллара хиллера.
21
БорхӀалгӀачу дийнахь кӀант хадо везаш вара. Цуьнан цӀе Ӏийса тиллира. И цӀе цунна малико, иза ненан кийра а вале, тиллина яра.
22
Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тӀехь яздина ма-хиллара, церан цӀена хуьлу Ӏадатан хан тӀекхаьчча, Марем а, Юсуп а, Ӏийса а эцна, Ярушалайме деара Иза Везачу Элана хьалха хӀотто.
23
ХӀунда аьлча Везачу Эло товрат тӀехь тӀе-ма-диллара: «Муьлхха а дуьххьарлера боьрша бер Везачу Элана лерина хила деза».
24
Цул сов, ши къоркхокха я ши кхокха, бен а бейтина, сагӀа даккха дезара, Везачу Эло товратехь ма-аллара.
25
Цу хенахь Ярушалаймехь ШамӀа цӀе йолуш цхьа стаг вара. Иза чӀогӀа Делах кхоьруш а, дика лелаш а, Исраилан халкъана синтем хиларе сатуьйсуш а стаг вара. Делан Са а дара цуьнца.
26
Цунна Делан Синера хаам бара, Везачу Эло леррина Къобалвинарг галлалц, иза лийр вац аьлла.
27
Делан Сино валийра иза Делан цӀийнан керта. Мареммий, Юсуппий, жима Ӏийсай цига баьхкича, Ӏийсана тӀехь, Дала товратахь тӀе-ма-диллара, гӀуллакх дан,
28
ШамӀас, Ӏийса куьйгаш тӀе схьа а эцна, Далла хастам а беш, элира:
29
«ХӀинца, Айхьа ма-аллара, садалар атта долуш, Хьайн лай волу со дӀахецахьа, Хьалдолу Эла,
30
хӀунда аьлча сан бӀаьргашна гира адамаш кӀелхьардоху дерг,
31
Ахь массо а халкъашна хьалха кечдина долу.
32
Иза кхечу къаьмнашна Дела гучуваккхаран серло а ю, Хьан Исраилан халкъан сий а ду!»
33
Дай-наний чӀогӀа цецдаьллера шайн кӀантах лаьцна ШамӀас дийцинчух.
34
ШамӀас Деле дийхира, уьш къобалбе аьлла. Беран нене Мареме цо элира: «ХӀара бер Дала къобалдина ду, Исраилан халкъана юкъара дукхахберш хӀаллакьхилархьама а, кӀелхьарбахархьама а. ХӀара Бер Дала елла билгало хир ю, амма Кхунна резабоцурш а хир бу.
35
Иштта, дукхачу адамийн дагахь дерг гучудер ду. Амма хьан дог, тур чекхдаьккхича санна, баланехь хир ду».
36
Кхузахь яра Ашаран цӀийнах а йолуш, шегахь Делера хаам болуш йолу Пануалан йоӀ Ӏайнаъ. Иза вуно къанъелла яра. Майрачуьнца ворхӀ шо бен цхьаьна даьккхина яцара иза.
37
Важа йолу хан йисина Ӏаш яьккхинера цо. ХӀинца цуьнан дезткъе диъ шо дара. Иза, Делан цӀийнан кертара дӀа ца йолуш, дийнахь а, буса а Далла марханашца а, доӀанашца а гӀуллакх деш яра.
38
Оцу хенахь царна тӀееана, цо, Далла баркалла а бохуш, Ярушалайм паргӀатъяккхаре сатуьйсучу нахе оцу Берах лаьцна дуьйцура.
39
Юсуп а, Марем а Везачу Эло тӀедиллина гӀуллакх дина а даьлла, шайн Галилай-махкарчу Назарт-гӀала юхадирзира.
40
Ткъа Бер, де дийне мел дели, синца чӀагӀлуш а, хьекъал тӀекхеташ а, кхуьуш дара, Делан дика а дара Цуьнца.
41
ХӀора шарахь цуьнан да-нана Пасахь олучу дезачу дийнахь Ярушалайме доьдура.
42
Иштта КӀентан шийтта шо кхаьчча а, дезчу дийнахь Ярушалайме, лам тӀе хьалабевлира уьш, шайн Ӏедалехь ма-хиллара.
43
Дезде чекхдаьлча, уьш цӀа богӀуш, Ӏийса Ярушалаймехь висира. Дений-нанний иза ца хиира.
44
Царна моьттура Иза кхечаьрца схьавогӀуш ву. Цхьана дийнахь некъ бинчул тӀаьхьа, Иза гергарчаьргахь а, бевзачаьргахь а леха буьйлабелира уьш.
45
Иза ца карийча, Ярушалайме юхабаьхкира уьш, Иза лоьхуш.
46
Кхо де даьлча, карийра царна Иза Делан цӀийнан кертахь. Ӏеламчу нахана юкъахь Ӏаш вара Иза, цаьрга ладоьгӀуш а, хеттарш деш а.
47
Массо а ладугӀуш берш цецбуьйлура Цуьнан кхетамах а, Цо лучу жоьпех а.
48
Да-нана цецдаьллера, Иза цигахь а гина. Нанас хаьттира Цуьнга: «КӀант, хӀара хӀун ду ахь тхоьца деш дерг? Хьан да а, со а чӀогӀа сагатдеш, Хьо лоьхуш лелаш ма ду».
49
«Аш хӀунда лоьху Со? — хаьттира Цо. — Шуна ца хаьара, Со Сайн Да волчохь хила везаш вуйла?»
50
Амма уьш ца кхийтира Цо аьллачу дешнех.
51
Иза цаьрца Назарте схьавеара. Цара бохург деш, царна муьтӀахь вара Иза. Ткъа нанас дерриг а хилларг шен даг чохь латтадора.
52
Ӏийса воккха хуьлуш а, хьекъалца совволуш а вара. Цунна Дела а, нах а реза бара.
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24