bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Luke 14
Luke 14
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 15 →
1
Цкъа шоьтан дийнахь парушхойн цхьа куьйгалхо волчу хӀума яа ваханера Ӏийса. Чохь берш леррина хьоьжура Цо дечуьнга.
2
Цигахь Цунна дуьхьал нисвелира цхьа стаг. Иза, чкъура кӀел хи а хӀоьттина, оцу цамгарх чӀогӀа бала хьоьгуш вара.
3
ТӀаккха Ӏийсас хаьттира Ӏеламчу нахе а, парушхошка а: «Далла леринчу шоьтан дийнахь дарба дан бакъо ю я яц?»
4
Уьш бист ца хилира. Ӏийсас, цунах куьг а Ӏоьттина, цомгушчунна дарба а дина, иза дӀавахийтира.
5
Ткъа вукхаьрга Цо хаьттира: «Нагахь шун кӀант я, масала, сту гӀуна чу боьжча, сихха дахана иза хьалабоккхур бац аш, Далла леринчу шоьтан де делахь а?»
6
Церан Кхуьнга ала хӀумма а дацара.
7
Ӏийсас тидам бира хьошалгӀа кхайкхина нах баьрччехь йолу меттигаш дӀалаца гӀертар. Цо тӀаккха царна цхьа хьекъале хӀума дийцира:
8
«Хьо цхьанхьа зуда ялийначу метте кхайкхина велахь, баьрчче хаа ма гӀерта, хӀунда аьлча хьол лоруш волу стаг а кхайкхина хила там бу цига.
9
ТӀаккха хьо а, иза а кхайкхинчу хӀусамдас, тӀе а веана, хьоьга эр ду: „ХӀокху стагана меттиг ло“, — аьлла. Нахана хьалха юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, уггар йистера меттиг дӀалаца езар ю хьан.
10
Хьо хьошалгӀа кхайкхинчу хӀусамехь неӀарера меттиг дӀалаца, хӀусамдега, хьайна тӀе а веана, алийта: „ДоттагӀа! Вало, хьуьлла баьрчче хаа“, — аьлла. ТӀаккха вукху хьешашна хьалха хьан ларам хир бу,
11
хӀунда аьлча хӀора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кӀезиг хетар ву, ткъа ша кӀезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву».
12
Цул тӀаьхьа Ша кхайкхинчу хӀусамдега Ӏийсас элира: «Айхьа нах хӀума яа чукхойкхуш, хьайн доттагӀий а, вежарий а, гергара нах а, хьалдолу лулахой а ма кхайкха, хӀунда аьлча церан таро ю хьо чукхайкха а, шайна дина дика юхадан а.
13
Айхьа шун хӀоттош, къенаш, заьӀапнаш, астагӀнаш, бӀаьрзенаш кхайкха.
14
Хьо декъала хир ву, хӀунда аьлча церан хьуна иза юхадан таро яц. Делан лаамехь болу нах денлучу дийнахь, юхалур ду хьуна иза».
15
И хӀума хезча, чохь болчех цхьаммо элира: «Декъала ву Делан Олалла тӀелаьцначарна юкъахь кхачанах кхеттарг!»
16
ТӀаккха Ӏийсас дийцира: «Цхьана стага доккха той а хӀоттийна, дуккха а хьеший кхайкхина.
17
Той дӀадоло хан тӀекхаьчча, шен ялхо вахийтина цо шуьне кхайкхинчаьрга дӀаала: „Схьадуьйла, дерриг а кийча ду“, — аьлла.
18
Амма хьеший, цхьаъ санна, бехказа бийла хӀиттина. Хьалхарчо аьлла: „Ас латта эцна, вахана цуьнга хьажа дезаш ву со, доьху хьоьга, къинтӀера валахь суна“.
19
ШолгӀачо аьлла: „Ас пхи шуьста эцна, и стерчий дӀа а доьжна, мега ца мега хьажа воллура со. Суна къинтӀера валахь“, — аьлла.
20
КхозлагӀчо аьлла: „Ас зуда ялийна, цундела вогӀийла дац сан“, — аьлла.
21
Вухавеанчу ялхочо хӀусамдега и дерриг дӀааьлла. ТӀаккха оьгӀазваханчу хӀусамдас шен ялхочуьнга буьйр дина: „Хьада, чехкка гӀалин урамашкахула а, майданашкахула а чекхвалий, схьабалабе кхуза къенаш, заьӀапнаш, бӀаьрзенаш, астагӀнаш“.
22
Юха а веана, ялхочо аьлла: „ХӀусамда! Ахь ма-аллара, дерриг а ас кхочушдина, амма кхин а меттиг ю цӀа чохь“.
23
ТӀаккха хӀусамдас юха а тӀедожийна ялхочунна: „Ваха а гӀой, гӀалара аравалий, новкъахь а, керташкахь а гинарг схьавалаве, сан цӀа хьешех дуьззина хилийта.
24
Амма, ас боху шуьга, хьалха кхайкхинчех цхьаъ хир вац сан тойнехь“».
25
Ӏийсаца йогӀуш адамийн йоккха тоба яра. Цо, юха а вирзина, элира цаьрга:
26
«Стаг Суна тӀаьхьахӀоьттина схьаван а, Сан мурд хила а йиш йолуш вац, Со шен дел а, ненал а, зудчул а, берел а, вежарел а, йижарел а, ур-атталла дахарал а лараме хеташ иза вацахь.
27
Шен баланийн мохь схьаэца реза а воцуш, Суна тӀаьхьавогӀург Сан мурд хила йиш йолуш вац.
28
Масала, шух цхьаъ бӀов ян лууш ву. Охьа а хиина, шен хин йолу харж лорур яц цо, гӀишло чекхъяккха ахча тоьар ду дац хьажа?
29
Цо, бух а боьттина, дӀаерзо ницкъ а ца кхаьчна, гӀишло йолийначохь йитича, массо а и гуш верг воьлур ма ву цунах.
30
Цара бохур дара: „ХӀокхо гӀишло йолийначохь чекх а ца яккхалуш йитира“, — бохуш.
31
Я, масала, цхьа паччахь ву тӀом бан кечлуш. Цкъа, охьа а хиъна, ойла йийр ю цо, шен итт эзар стаг волчу эскарца ткъа эзар стагаца тӀевогӀучунна дуьхьало ялур ю, я яц аьлла.
32
Нагахь шен ницкъ кхочур бац аьлла, цунна хетахь, мостагӀа генахь волччуьра, цо векалш бохуьйтур бу машар боьхуш.
33
Делахь, шен долахь долчух дерригенах шух хӀора ца къастахь, Сан мурдаш хила йиш яц шун.
34
Туьха дика хӀума ю, амма цуьнан чам дӀабаьлча, стен хуьлуьйтур ду иза юха а дуьра?
35
Иза я лаьттах а, я кхеллех а тоха пайденна дац, дӀакхоссан бен. Лергаш долчунна хӀара хезийла!»
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 15 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24