bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Luke 23
Luke 23
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 24 →
1
Цул тӀаьхьа берриг а церан гулам, хьала а гӀаьттина, Ӏийса а эцна, Пулатана тӀе бахара.
2
Цигахь Иза бехке ван хӀиттира уьш: «Тхуна хӀара стаг нах карзахбохуш вуьйла хиъна. Кхо паччахьна ял ма ло боху, Ша Дала Леррина Къобалвинарг ву боху, ткъа иза паччахь ву бохург ду».
3
Пулата хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?» Ӏийсас жоп делира: «Ахь а боху-кх иза».
4
ТӀаккха Пулата динан коьртачу дайшка а, халкъе а дӀахаийтира: «И стаг бехке ван цхьа а бахьана дац сан».
5
Амма цара юх-юха а бохура: «Шен хьехамашца халкъ берриг а ЯхӀуд-махкахь меттахдаьккхина Кхо. Вола Галилайхь волавелла, ткъа хӀинца кхуза а кхаьчна».
6
И дешнаш а хезна, Пулата хаьттира: «ХӀара стаг галилайхо ву?» — аьлла.
7
Ткъа шена Ӏийса ХӀародан куьйга кӀел болчу махкара вуй хиъча, цо Иза цу хенахь Ярушалайме веана волчу ХӀародана тӀе хьажийра.
8
Ӏийса гича, чӀогӀа самукъаделира ХӀародан, хӀунда аьлча дукха хенахь дуьйна Иза ган лууш ша волу дела. Цунна Ӏийсах лаьцна дукха хӀуманаш хезнера, цундела Цуьнгара цхьа тамашийна болх ган лууш вара иза.
9
Цо Ӏийсага дуккха а хеттарш дира, амма Вукхо цхьа а жоп ца делира.
10
Динан коьрта дай а, Ӏелам нах а бара цигахь, шайн ма-хуьллу Ӏийса бехке веш.
11
ХӀарода а, цуьнан тӀемалоша а, бела а бийлина, доггах Ӏийса сийсаз а вина, Цунна тӀе дезачу, лепачу кӀадин оба а кхоьллина, Иза Пулат волчу дӀахьажийра.
12
ХӀинццалц схьа ши мостагӀа хилла волу Пулат а, ХӀарод а цу дийнахь ши доттагӀа хилира.
13
Пулата динан дайшка а, хьаькамашка а, халкъе а, схьа а кхайкхина,
14
элира: «ХӀара стаг, халкъ карзахдоккху аьлла, валийна аш суна тӀе. Шуна хьалха ас Цуьнга барт хаьттина, амма аш Цуьнан бехк беш тӀедожийнарг суна гучу ца дели.
15
ХӀародана а ца карийна Цуьнан бехк болуш хӀумма а, цундела цо юхаваийтина Иза. Шуна ма-гарра, Цо хӀумма ца дина Иза вен бахьана хиллал.
16
Ас, вай деш ма-хиллара, шодмаш а еттийтина, дӀахоьцур ву Иза».
17
***
18
Амма массо а цхьаьний маьхьарий хьекха буьйлабелира: «Ве Иза! Барраб тхуна схьахеца!» — бохуш.
19
(ГӀалахь нах карзахбахарна а, стаг верна а чувоьллина вара Барраб.)
20
Пулата, Ӏийса дӀахеца лууш, кхин цкъа а хаьттира халкъе.
21
Амма хьоькхуш маьхьарий дара: «ЖӀарах дӀатоха Иза! ЖӀарах дӀатоха Иза!» — бохуш.
22
Пулата кхозлагӀа а хаьттира: «ХӀунда? Цо хӀун зулам дина те? Иза вен Цуьнгара даьлла цхьа а хӀума ца карийна суна. Ас шодмаш а еттийтина, дӀахоьцур ву Иза!»
23
Амма цара чӀогӀа маьхьарий хьоькхура, Иза жӀарах дӀатоха бохуш. Церан маьхьарий бахьана долуш, Пулат царна къарвелира.
24
Цо сацам бира церан лаам кхочушбан.
25
Цара ма-деххара, стаг вийна а, адам карзахдаьккхина а волу зуламхо дӀа а хецна, церан лаам кхочушбе аьлла, омра дира цо.
26
Ӏийса дӀавуьгучу хенахь тӀемалоша шен кха тӀера вогӀу Къуринара ШамӀа цӀе йолу цхьа стаг схьалецира. ЖӀаран бӀогӀам цуьнга ги а боллийтина, Ӏийсана тӀаьххье дӀабахьийтира цара.
27
Ӏийсана тӀаьхьа дукха адам догӀура, царна юкъахь Цунах къахеташ боьлху зударий а бара.
28
Цо, юха а вирзина, элира цаьрга: «Ярушалайман йоӀарий, Сох ма делха, шайх а, шайн берех а делха.
29
Цхьа хан йогӀур ю наха олуш: „Ирс долуш бу бер ца хуьлурш а, бер цкъа а даза берш а, цкъа а дакхоза берш а“.
30
ТӀаккха наха бохур ду лаьмнашка: „Тхуна тӀе эгийша!“ гунашка: „Тхо дӀахьулдейша!“
31
ТӀе гӀа даьллачу къоначу диттаца и болх беш хилча, декъачу диттах хӀун хир ду?»
32
Ӏийсаца вен вуьгуш ши талорхо а вара.
33
«Туьта» олучу метте схьабаьхкира уьш. Цигахь Ӏийса жӀарах дӀатуьйхира, ши талорхо а — цхьаъ Цунна аьтту агӀор, важа аьрру агӀор дӀатуьйхира.
34
Ӏийсас бохура: «Дада, гечдехьа кху адамашна, шаьш хӀун деш ду ца хаьа-кх кхарна». ТӀемалоша, кхаж а тосуш, Ӏийсан тӀеюху хӀуманаш йийкъира.
35
Нах, дӀа а хӀиттина, хьоьжуш лаьттара. Хьаькамаш Цунах боьлура: «Кхиберш кӀелхьарбохура Цо! ХӀинца Ша кӀелхьарваккха, нагахь Иза Дала леррина Къобалвинарг велахь!»
36
ТӀемалой а бара уллохь лаьтташ, бела а боьлуш. Цара Ӏийсага кемсийн къонза кховдийра:
37
«Хьо кӀелхьарваккха, нагахь Хьо жуьгтийн къоман Паччахь велахь!» — аьлла.
38
Ӏийсана тӀехула дӀатоьхначу уьнна тӀехь яздина дара: «ХӀара жуьгтийн къоман Паччахь ву», — аьлла.
39
ЖӀарах дӀатоьхначу цхьана талорхочо Ӏийса сийсазвеш бохура: «Хьо Дала Леррина Къобалвинарг вац? Хьуо а, тхо а кӀелхьардаха!»
40
ШолгӀачо шен накъост сецавора: «Делах ца кхоьру хьо? Изза таӀзар дац хьуна динарг а?
41
Вайшинна дина таӀзар нийса, догӀуш дина ду, ткъа кху стеган цхьа а бехк бац».
42
Цо элира Ӏийсага: «Ӏийса, со дагаваийталахь, Айхьа Хьайн Олалла кхочушдеш».
43
ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Билггала боху хьоьга: тахана Соьца ялсаманехь хир ву хьо».
44
Дийнан делкъахан еара. Лаьтта тӀе цӀеххьана бода беара, иза кхаа сахьтехь лаьттира.
45
Малх лаьцнера. Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долу кирхьа юккъехула декъаделира.
46
Ӏийсас чӀогӀа мохь туьйхира: «Дада! Сайн са Хьан кара дӀало Ас!» Иза а аьлла, Ӏийса кхелхира.
47
Дерриг иза гиначу тӀеман хьаькамо, Далла хастам а бина, элира: «И стаг билггала Делан лаамехь вара!»
48
Хьовса баьхкина нах, дерриг а хилларг гича, чӀогӀа халахеташ, гӀайгӀанца некха тӀе куьйгаш а детташ, юхабирзира.
49
Амма Ӏийса вевзарш, Галилайра дуьйна Цунна тӀаьхьа баьхкина зударий а тӀехь, геннара хьоьжуш лаьттара.
50
Юсуп цӀе йолуш цхьа стаг вара цигахь. Иза кхеташона юкъахь а волуш, Делан лаамехь, дика стаг вара.
51
Цо Ӏийсана йина кхел къобал ца йинера. ЯхӀуд-махкахь йолчу Рамат цӀе йолчу гӀалара вара иза. Делан Олалла тӀекхачаре сатуьйсура цо.
52
Пулат волчу а веана, Ӏийсан дакъа схьадийхира Юсупа.
53
Цо дакъа, жӀара тӀера схьа а даьккхина, кӀади юкъа а хьарчийна, ломах яьккхинчу къубба чу диллира. Цу къубба чу цхьа а дакъа диллаза дара.
54
Иза пӀераскан де дара — Далла лерина шоьтан денна кечам бо хан тӀейогӀуш яра.
55
Галилайра дуьйна Ӏийсаца баьхкина зударий а бахара Юсупна тӀаьхьа. Ӏийсан дакъа къубба чу дуьллуш гира царна.
56
Цара, цӀа а баьхкина, хаза хьожа йогӀу даьтта а, хьакхарш а кечдира. Шайна тӀедиллина ма-хиллара, Далла леринчу шоьтан дийнахь садаьӀира цара.
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 24 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24