bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Samuel 1
2 Samuel 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 2 →
1
Ӏамалекхахой эша а бина, Дауд юхавирзинчул тӀаьхьа, цо ЦакхелагӀахь ши де даьккхира. Иза Шаул вийначул тӀаьхьа дара.
2
КхоалгӀачу дийнахь Шаулан меттаматтера волу цхьа стаг кхечира Дауд волчу. ТӀера бедарш а этӀийна, коьрта тӀе йиллина чан а йолуш вара иза. Дауд волчу схьакхаьчча, лаьтта охьа а воьжна, цунна сужда дира цо.
3
Дауда цу стаге хаьттира: «Хьо мичара веана?» — аьлла. Вукхо цуьнга жоп делира: «Со Исраилан эскаро тӀом бинчу меттера кӀелхьарваьлла схьавеана».
4
ТӀаккха Дауда юха а цуьнга хаьттира: «ХӀун хилла цигахь? Схьадийца соьга». Цу стага жоп делира: «ТӀом баьллачуьра дукха адам дедда дӀадахана. Царах дукхахберш, байина, хӀаллакьхилла. Шаул а, цуьнан кӀант ЯхӀуната а вийна».
5
ТӀаккха иза шена дийцина волчу жимачу стаге Дауда хаьттира: «Хьуна стенах хаьа, Шаул а, цуьнан кӀант ЯхӀуната а веллийла?»
6
Жимачу стага цуьнга элира: «Со ларамаза ГилбаӀ олучу лам тӀехь нисвеллера. Суна гира шен гоьмукъана тӀе таьӀна лаьтташ волу Шаул, ткъа цу хенахь гӀудалкхашший, говрашкахь болу наххий цунна тӀекхаьчна богӀуш бара.
7
Иза юхахьаьжча, цунна со гира. Иза соьга кхайкхира. Аса жоп делира: „Со ладугӀуш ву“, — аьлла.
8
Цо соьга хаьттира: „Хьо мила ву?“ Аса жоп делира: „Со Ӏамалекхахо ву“.
9
ТӀаккха цо соьга элира: „ТӀе а волий, со, вей, дӀаваккха! Со валлал чӀогӀа Ӏазапехь ву, суна чохь са делахь а“.
10
ТӀаккха, тӀе а вахана, аса иза вийра, хӀунда аьлча суна хаьара, ша охьавоьжначул тӀаьхьа, иза кхин вехар воцийла. Цуьнан коьртара таж а, цуьнан куьйга тӀера хӀоз а, схьа а эцна, аса кхуза схьабеана, сан эла».
11
Эццахь Дауда а, цуьнца мел хиллачара а шайна тӀера бедарш этӀийра, и хӀума чӀогӀа халахетарна.
12
Уьш боьлхуш, тийжаш, малх чубуззалц яа хӀума ца юуш Ӏийра, Шаул а, цуьнан кӀант ЯхӀуната а, Везачу Элан халкъ долу дерриг Исраилан цӀа а бахьана долуш, уьш мостагӀийн туьро хӀаллакбина дела.
13
Дауда и хӀума шена дийцина волчу жимачу кӀанте хаьттира: «Хьо мичара ву?» Цо жоп делира: «Со тӀевеана волчу Ӏамалекхахочун кӀант ву».
14
ТӀаккха Дауда хаьттира: «Муха ваьхьира хьо, Везачу Эло къобалвина волчунна тӀе куьг а даьхьна, иза вен?»
15
Цул тӀаьхьа, цхьа жима стаг тӀе а кхайкхина, цуьнга Дауда элира: «ТӀе а волий, иза ве». Цо иза вийра.
16
Дауда элира: «Хьайн Ӏожаллина хьо-хьуо ву бехке, хӀунда аьлча ахьа-айхьа элира: „Аса вийра Везачу Эло къобалвинарг“».
17
Дауд Шаулний, цуьнан кӀант волчу ЯхӀунатиний вилхира, назма а олуш.
18
Цо омра дира яхӀудхошка, секхаӀад цӀе йолу и назма Ӏамае аьлла (иза «Яшаран тептар» тӀехь дӀаязйина ю). Цо элира:
19
«Хьан хазна, Исраил, хьан лакхенаш тӀехь йоьжна! Ма ийгир-кх и ницкъ берш!
20
Ма дийцалаш цунах лаций Гати-гӀалахь, Ашкхилунан урамашкахь дӀа а ма кхайкхаделаш, пӀелаштамхойн зудабераш даккхий ца дейта, сунтбаза болчеран зудаберашка и кхаъ ца базбайта.
21
ГилбаӀан лаьмнаш! Я тхи а, я догӀа а ма дужийла шуна тӀе! Ялтийн аренаш а ма хуьлийла шуна тӀехь, хӀунда аьлча ницкъ болчеран турс, сийсаз а даьккхина, доьжна цу меттехь, Шаулан турс, зайтдаьтта хьакхаза долу!
22
ЯхӀунатас шен секхаӀодаца пхерчий кхиссича, мостагӀчун цӀий Ӏожаллина Ӏенира. Шаула шен тур майрачунна тоьхча, тӀингар чуьра иза эрна юха ца даьккхира.
23
Шаул а, ЯхӀуната а, шаьшшиъ вехачу хенахь хьоме а, нехан безам болуш а вара, Ӏожаллехь а ца къаьстина и шиъ вовшех. Аьрзунел сиха а, лоьмел ницкъ болуш а вара и шиъ.
24
Исраилхойн мехкарий! Шаьш таьӀна-цӀен бедаршца кечдеш, дешица шун духар кхелина волчу Шаулна тӀаьхьа делхалаш.
25
Ма хӀаллакьхили и къонахий тӀеман аренгахь! Ма вийна-кх ЯхӀуната, лакхенашкахь Ӏуьллуш волу!
26
Ма гӀайгӀане ву со, сан ваша ЯхӀуната! Суна хьо чӀогӀа хьомсара вара. Зударийн соьца болчу безамал а, хьан безам суна беза бара.
27
Ма хӀаллакьхили ницкъ берш! ТӀеман герз ма хӀаллакьхили!»
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24