bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Samuel 3
2 Samuel 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 4 →
1
Даудан цӀенний, Шаулан цӀенний юкъахь еххачу хенахь тӀемаш лаьттира. Даудан ницкъ чӀагӀлуш бара, ткъа Шаулан цӀа эшна догӀура.
2
Хьевронехь Даудана кӀентий бинера. Цуьнан дуьххьарлера кӀант Амнан израӀалхо йолчу АхьнуӀмата вина вара.
3
ШолгӀа кӀант Калиаб Набалехь марехь хиллачу кармалхо йолчу АбигӀала вина вара. КхоалгӀа кӀант Абушалам Гешурахь паччахь волчу Талмайн йоӀа МаӀхас вина вара.
4
ВоьалгӀа кӀант Адан-ЯхӀу Хьагата вина вара, пхоьалгӀа кӀант Шапат-ЯхӀу Абиталис вина вара.
5
ЙолхалгӀачу кӀентан ИтраӀаман нана ӀагӀлат яра, иза, вуьш санна, Даудан зуда яра. Даудан и ялх кӀант Хьевронехь вина вара.
6
Шаулна а, Даудана а тӀаьхьахӀиттина болчарна юкъахь тӀом лаьттачу хенахь, Шаулна тӀаьхьахӀоьттинчарна юкъара волу Абунар чӀагӀвелира шен даржехь.
7
Шаулан, Рицпат цӀе а йолуш, цхьа гӀарбаш-зуда хилла. Иза АяхӀун йоӀ яра. Иш-Бошата Абунаре элира: «Хьо сан ден гӀарбаш-зудчуьнца хӀунда Ӏийра?»
8
Абунар цо аьллачунна чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо Иш-Бошате элира: «Хьуна со жӀаьла ду-м ца моьтту? ЯхӀудана дуьхьал а ваьлла, аса хьан ден Шаулан цӀенна а, хьан вежаршна а, цуьнан доттагӀашна а гӀуллакх дина, хьо Даудан кара дӀа а ца велла. Ткъа тахана, и зуда бахьана долуш, со бехкевеш ву-кх хьо?!
9
Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла суна, Везачу Эло, чӀагӀо а еш, Дауде аьлларг аса цунна ца дахь.
10
Шаулан цӀийнера паччахьалла схьа а даьккхина, берриге а Исраилан а, ЯхӀудан а мехкашна тӀехь, Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц, паччахьалла Дауде дӀа а лур ду».
11
Иш-Бошата Абунаре хӀумма а ца элира, ша цунах озалуш волу дела.
12
Абунара шегара Дауд волчу геланчаш бахийтира хабар эцна: «ХӀара латта хьенан ду? Соьца берта вола, аса дерриг а Исраилан халкъ хьайна тӀедерзо гӀо дийр ду хьуна».
13
Дауда элира: «Дика ду. Со хьоьца берта вогӀур ву. Амма сан хьоьга цхьа дехар хир ду. Аса хьуна сайн юьхь гойтур яц, нагахь санна ахьа со волчу вогӀуш хьайца Шаулан йоӀ Михула ца ялаяхь».
14
Дауда Шаулан кӀант Иш-Бошат волчу хабар эцна геланчаш бахийтира: «Схьало сан зуда Михула, аса, бӀе пӀелаштамхо сунт а вина, эцна йолу».
15
Иш-Бошата нах бахийтира иза Лайшин кӀантера Палтиалера схьаяккха.
16
Михулица цуьнан майра а веара. Велха а воьлхуш, цо иза Бахьруме кхаччалц дӀайигира. Амма Абунара Палтиале элира: «Хьайн цӀа юхаверза». Иза цигара юхавирзира.
17
Абунара, Исраилан къаношка вистхуьлуш, элира: «Селхана а, цул хьалха а шуна лууш дара, Дауд шайна тӀехь паччахь хуьлийла.
18
ХӀинца кхочушде иза! ХӀунда аьлча Везачу Эло Дауде аьлла: „Даудан карахула Аса Сайн Исраилан халкъ пӀелаштамхойн а, церан массо мостагӀийн а куьйга кӀелхьара схьадоккхур ду“».
19
Изза элира Абунара бен-яманхошка а. Абунара, Хьевроне а вахана, Дауде дӀахаийтира Исраилан а, дерриг а бен-яманхойн цӀийнан лаам.
20
Абунар, шеца цхьаьна ткъа стаг а волуш, Хьевроне веача, Дауда цунна а, цуьнца цхьаьна болчарна а той хӀоттийра.
21
Абунара Дауде элира: «Со хӀинца, хьала а гӀаьттина, сайн паччахь волчу дерриг а Исраилан халкъ схьагулдан воллу. Цара хьоьца барт бинчул тӀаьхьа, ахьа, хьайна ма-луъу, массарна а тӀехь паччахьалла латтор ду». Дауда Абунар маьрша дӀавахийтира.
22
Даудан эскархой Йоабаца цхьаьна генарчу новкъара цӀа баьхкира. Цара шайца йоккха хӀонс еанера, амма Абунар цу хенахь Даудаца Хьевронехь вацара, хӀунда аьлча иза Дауда маьрша новкъа ваьккхинера.
23
Йоаб шеца хиллачу эскарца юхавирзича, цуьнга дӀадийцира, Дауд волчу Неран кӀант Абунар веана хилар а, паччахьо иза маьрша дӀавахийтина хилар а.
24
Йоаб, паччахь волчу а веана, цуьнга вистхилира: «ХӀун ду ахьа динарг? Хьо волчу веана волу Абунар дӀа хӀунда вахийтира ахьа? Ткъа хӀинца иза дӀа ма ваха!
25
Хьуна вевзаш ма ву Неран кӀант Абунар. Иза хьо леван веана, хьан чувогӀу а, араволу а некъаш довзархьама а, ахьа хӀун леладо хаархьама а».
26
Дауд волчуьра ара а ваьлла, Йоаба Абунарна тӀаьхьа геланчаш бахийтира. Цара иза Сирин гӀунна тӀера дуьйна юхаверзийра, Дауде хӀумма а ца олуш.
27
Абунар Хьевроне юхавирзича, Йоаба, цуьнца къамел дан воллуш санна, дехьа а ваьккхина, цуьнан гайх хӀума Ӏоьттира. Иштта велира Абунар, Йоабан вешин ӀасахӀалан цӀий бахьана долуш.
28
ТӀаьхьо шена цунах лаьцна хиъча, Дауда элира: «Со а, сан паччахьалла а Везачу Элана хьалха цкъа а бехке дацара Неран кӀант Абунар валарна.
29
Йоабан а, цуьнан доьзалан а коьрта тӀе дужийла и цӀий. Цуьнан цӀентӀахь гуттара а хуьлийла дегӀа тӀехь ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерг а, Ӏасанца бен ког ца баккхалуш верг а, туьро чевнаш йина воьжнарг а, мацалла ловш верг а».
30
Йоаба а, цуьнан вашас Абушайс а Абунар вийна, цо ГавӀонахь хиллачу тӀамехь шайн ваша ӀасахӀал вийна дела.
31
Дауда Йоабе а, цуьнца хиллачаьрга а элира: «Шайна тӀера бедарш этӀа а яй, шаьш гӀайгӀане дуйла хоуьйтуш йолу бедарш юха, Абунарна делха». Абунаран дакъа кешнашка дӀахьочу хенахь Дауд-паччахь барамна тӀаьхьахӀоьттина воьдуш вара.
32
Иза Хьевронехь дӀавоьллича, цуьнан коша тӀехь паччахь чӀогӀа вилхира. Дилхира дерриге а халкъ.
33
Абунар дагавоуьйтуш, паччахьо хӀара гӀайгӀане назма элира: «Сонтачу стеган санна, валар хила дезарий техьа Абунаран?
34
Хьан куьйгаш дӀадихкина дацара, хьан когаш буржалш тоьхна бацара. Талорхойн карах велларг санна, хьо а велла». Массо а халкъ цунна тӀехь доьлхуш дара.
35
Цу дийнахь дукха нах тӀебаьхкира Даудана, цуьнга яа хӀума яа бохуш. Амма Дауда, дуй а бууш, чӀагӀо йинера: «Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла суна, аса малх чубуззалц баьпках я кхин йолчу юучу хӀуманах мотт тохахь», — аьлла.
36
Дерриг а халкъана иза хиира. Царна иза чӀогӀа тайнера, паччахьо деш долу массо а хӀума санна.
37
Цу дийнахь дерриг а Исраилан халкъана хиира, Неран кӀант Абунар вуьйш паччахьо дакъа ца лаьцнийла.
38
Дауда шен ялхошка элира: «Шуна хаьий, тахана Исраилан пачхьалкхехь воккха баьчча веллийла?
39
Со хӀинца а сайн даржехь чӀагӀвелла дӀахӀоьттина вац, паччахьалла дӀакхехьа къобалвина велахь а. Тахана Царуятан кӀентий сол сов ницкъ болуш бу. Цундела Везачу Эло, церан зуламашка хьаьжжина, вониг дойла царах хӀоранна а».
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24