bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Samuel 13
2 Samuel 13
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 14 →
1
Даудан кӀентан Абушаламан, Тамара бохуш цӀе а йолуш, чӀогӀа хаза йиша хилла. Ткъа Даудан кхечу зудчун кӀантана Амнанна и шен йиша Тамара езаелла.
2
Иза дукха чӀогӀа езарна Амнан могуш воцуш хилла. Ткъа Тамара йоӀстаг хилла, цундела Амнан йиш йоьхна лелаш хилла.
3
Цуьнан, ЯхӀу-Надаб бохуш цӀе а йолуш, доттагӀа хилла. Иза Даудан вешин ШимӀин кӀант вара. ЯхӀу-Надаб чӀогӀа хӀилла долуш стаг вара.
4
Цо Амнане элира: «Хьо де мел дели вочу волуш схьавогӀуш ма ву, паччахьан кӀант. Соьга схьа ца дуьйцу ахьа, хьайна хӀун хилла?» Амнана цуьнга элира: «Сан вешин Абушаламан йиша Тамара езаелла суна».
5
ЯхӀу-Надаба цуьнга элира: «Хьайн метта охьавижа, хьо цомгуш волуш санна. Хьайн да хьайга хьажа веача, цуьнга ала: „Сан йиша Тамара яийтахьа со волчу, цуьнга, суна а гуш, юург а яйтина, суна иза яо. Сайна иза дуьхьал а йолуш, цуьнан карара юур яра аса и юург“».
6
Амнан, ша цомгуш волуш санна, метта охьавижира. Паччахь ша волчу веача, Амнана цуьнга элира: «Сан йиша Тамара со волчу яийтахьа. Нагахь санна цо суна хьалха цхьайолу мерза хӀуманаш яттахь, аса уьш, цуьнан карара схьа а оьцуш, юур яра».
7
Дауда Тамара йолчу бахийтира, цуьнга, шен вешин Амнанан цӀа а гӀой, цунна яа хӀума кечъе аьлла.
8
Шен ваша Амнан волчу яхара Тамара. Иза цомгуш Ӏуьллуш гира цунна. Дама схьа а эцна, бод хьакхийра цо. Цунна хьалха мерза хӀуманаш а йира.
9
Чохь мерза хӀуманаш йоттуш йолу зайла схьа а эцна, Амнана хьалха юург охьайиллира Тамарас. Амма Амнана хӀума ца йиира. Цо элира: «Со волчуьра массо а аравала». Иза волчуьра массо а аравелира.
10
Цул тӀаьхьа Амнана Тамарига элира: «Юург со дӀавуьжучу цӀа чу дӀахьо, аса хьан карара юур ю иза». Тамарас юург Амнан дӀавуьжучу цӀа чу дӀаяьхьира.
11
Цо юург шена хьалха охьахӀоттийча, Амнана, Тамара катоьхна схьа а лаьцна, элира: «Охьайижа соьца, сан йиша».
12
Амма Тамарас элира: «ХӀан-хӀа, сан ваша. Ма тоха сох куьг. Исраилан махкахь и санна долу хӀума лелош дац. И сонта хӀума ма де.
13
Аса хӀун дан деза, ахьа со юьхьӀаьржачу хӀоттийначул тӀаьхьа? Хьо а наха сонта стаг санна вуьйцур ву. Паччахьца къамел де, иза дуьхьал хир вац хьуна со хьоьга дӀаяла».
14
Амма иза Тамарига ладогӀа лууш вацара. Шен ницкъ цуьначул сов болу дела, цо иза, хьийза а йина, сийсазъяьккхира.
15
Цул тӀаьхьа Амнан цуьнца чӀогӀа гамвелира. Амнанан цабезам цуьнан безамал а чӀогӀа чӀагӀбеллера. Амнана элира: «Хьала а гӀаттий, дӀагӀо».
16
ТӀаккха Тамарас элира: «Ма эккхае со дӀа. ХӀинца ахьа соьга бохург хьалха ахьа суна динчу вонал а чӀогӀа ду». Амма иза цуьнга ладогӀа лууш вацара.
17
Цо шен гӀуллакх деш лелаш волчу ялхочуьнга, схьа а кхайкхина, элира: «Араяккха и зуда со волчуьра, цунна тӀаьхьа неӀаран гӀуй дӀаболла».
18
Ялхочо, иза ара а яьккхина, цунна тӀаьхьа неӀ дӀакъевлира. Тамарина тӀехь еха бедарш яра. И тайпа бедарш паччахьан маре дахаза долчу зудабераша лелайора.
19
Тамара, шен коьрта тӀе чимаш а тесна, шена тӀехь йолу еха бедарш этӀа а йина, коьрта тӀе ши куьг а диллина, тийжаш йогӀуш яра.
20
Цуьнан вашас Абушалама хаьттира: «Хьоьца хилларг хьан ваша Амнан-м вацара? Ма елха, сан йиша. Иза хьан ваша ву. И хӀума хьайна чӀогӀа тӀе ма оза». ХӀусам йоьхна йолу Тамара шен вешин Абушаламан цӀахь ша Ӏаш яра.
21
Шена и хӀума дӀахиъча, Дауд чӀогӀа оьгӀазвахара.
22
Ткъа Абушалам, я вон, я дика дош аьлла, вист ца хилира Амнане. Цунна иза бӀаьрга ван а ца вийзира, цо шен йиша Тамара хьийзийна дела.
23
Ши шо дӀадаьллачул тӀаьхьа, Абушалам Эпрам-юьртана уллохь йолчу БаӀал-ХьацӀарахь шен уьстагӀий лоргуш вара. Цо массо а паччахьан кӀентий кхайкхира ша волчу.
24
Абушалама, паччахь волчу а вахана, цуьнга элира: «Со волчу уьстагӀий ларга нах баьхкина. Хьоьга а, хьан ялхошка а кхайкха веана со».
25
Амма паччахьо Абушаламе элира: «Сан кӀант, тхо шадерш а догӀур дац цига, хьуна новкъарло ца ян». ЧӀогӀа дехар дира Абушалама шен дега, амма Дауда иза, декъал а вина, дӀавахийтира.
26
ТӀаккха Абушалама элира: «Хьан цига ван карх ца далахь, соьца сан ваша Амнан мукъана а ваийтахьа». Паччахьо цуьнга хаьттира: «ХӀунда вогӀуш ву иза хьоьца?»
27
Амма Абушалама чӀогӀа дехар дина дела, паччахьо цуьнца Амнан а, шен массо кӀант а вахийтира. ТӀаккха Абушалама паччахьна лерина санна долу пхьор кечдира.
28
Абушалама шен ялхошна тӀедиллира: «Амнан ларвеш хилалаш. ЧагӀар меллачул тӀаьхьа цуьнан дог сакъералуш хир ду. Аса шайга „ТӀетоха цунна“, — аьллачул тӀаьхьа, Амнан, вей, дӀаваккхалаш. Шу кхера ма кхера. И хӀума аса тӀедиллина шуна. Майра а, доьналла долуш а хила».
29
Абушалама шайна тӀедиллинарг кхочушдира ялхоша. Амнан цара вийра, ткъа кхиболу паччахьан кӀентий, хьала а гӀевттина, шайн бӀарзанаш тӀе а хевшина, дӀабевдира.
30
Уьш дӀакхачале, Дауде хаам кхечира, Абушалама паччахьан берриге а кӀентий байина аьлла.
31
Паччахь, хьала а гӀаьттина, шена тӀера бедарш этӀа а йина, лаьтта охьавуьйжира. Цуьнан берриге а ялхоша а шайна тӀера бедарш этӀийра.
32
Амма Даудан вешин ШимӀин кӀанта ЯхӀу-Надаба элира: «Сан элана ма моьттийла шен массо а кӀант вийна. Вийнарг Амнан бен вац. Шен йиша Тамара цо хьийзийначу дийнахь дуьйна и бекхам бан гӀерташ вара иза.
33
Массо паччахьан кӀант вийна бохуш, хьайн дагна хало ма елахь. Вийнарг Амнан бен вац хьуна».
34
Ткъа Абушалам ведда дӀавахнера. ГӀалин ков тергалдечу жимачу кӀантана гира Хьоронаймерачу некъа тӀехула лам тӀера охьабуьссуш дукха нах. ТӀаккха кӀанта, ваха а вахана, паччахье элира: «Суна гира Хьоронаймера некъа тӀехула лам тӀера охьабогӀу дукха нах».
35
ЯхӀу-Надаба паччахье элира: «Гой хьуна! Ас ма-аллара, и богӀуш берш паччахьан кӀентий бу».
36
Цуьнан багара и дешнаш довллушехь, паччахьан кӀентий, белха а боьлхуш, схьакхечира. Дауд а, цуьнан ялхой а чӀогӀа боьлхуш бара.
37
Ткъа Абушалам, ведда дӀа а вахана, Гешурара паччахь волу ӀамихӀудан кӀант Талмай волчохь дӀалечкъира. Дауд-паччахь хӀора дийнахь шен кӀантана воьлхура.
38
Абушалам, Гешура ведда дӀа а вахана, кхаа шарахь цигахь Ӏийра.
39
Амнан валар бахьана долуш хилла болу сингаттам шена тӀерабаьлча, Абушаламна тӀаьхьаваьлла лела кхин ца лиира Даудана.
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 14 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24