bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Samuel 22
2 Samuel 22
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 23 →
1
ХӀара назма Дауда Везачу Элана олура, Цо ша массо а мостагӀийн а, Шаулан карара а кӀелхьарваьккхинчу дийнахь.
2
Цо элира: «Веза Эла — сан тарх, сан чӀагӀо, со КӀелхьарваккхархо ву.
3
Иза сан Дела а, сан Тарх а ю, Цуьнга ас со ларвойту. Иза сан турс а, сан кӀелхьарваларан ницкъ а бу, Иза сан КӀелхьарваккхархо ву, луьрачу мостагӀех со кӀелхьарваьккхи Цо!
4
Шена хастам бан хьакъ долуш волчу Везачу Эле Аса ма кхойкху, Цо со сан мостагӀех кӀелхьарвоккху.
5
Ӏожаллин тулгӀенаш яра суна гонах хьийзаш. Дохаран Ӏовраша со вара дурс дӀахьош.
6
Эхартан зӀенаш хьаьрчинера сох, Ӏожаллин бой яра суна хьалха.
7
Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира аса. Сайн Деле гӀо доьхуш кхайкхира со. Шен цӀа чохь Цунна сан аз дӀахезира. Сан мохь Цуьнан лере кхечира.
8
Латта дега а дира, ласта а лестира. стигалийн баххаш меттах а девлира, дега а дира, Дела оьгӀазвахана дела.
9
Цуьнан мерӀуьргаш чуьра кӀур арабийла болабелира, доллу хӀума дӀакхоллуш йолу цӀе Цуьнан багара а елира. догуш долу кӀегий охьаэгара цу чуьра.
10
Стигалш дӀаса а теттина, Иза охьавоьссира, Цуьнан когаш бухахь Ӏаьржа мархаш яра.
11
Каруб-маликашна тӀе а хиъна, тӀемавелира Иза, механ тӀемаш тӀехь охьавоьссира Иза.
12
Цо бода, Шена гонах долу четар санна, бира, хӀаваэрачу Ӏаьржачу мархех къайлаволу меттиг Шена йира.
13
Цунна хьалхара дукха къегаш хиларна, догуш, кӀегий серладуьйлира.
14
Стигалара, иза къекъаш, Везачу Эло гӀовгӀа яьккхира! Веза Воккхачо Шен аз хазийтира.
15
Шен пхерчий а кхиссина, Цо мостагӀий дӀасалаьхкира, дукха ткъес а хьажийна, Цо уьш ма дарбира.
16
Цуьнан оьгӀазе аз дӀахезча, Цуьнан мерӀуьргашкахула хӀо арадаьлча, хӀордийн баххаш гучудевлира, дуьненан бух схьабеллабелира.
17
Везачу Эло лакхаллера, Шен куьйгаш схьа а кховдийна, со кӀоргачу хи чуьра схьаваьккхира.
18
Доьналла долчу сан мостагӀийн куьйга кӀелара Цо со схьаваьккхира, сол ницкъ болчу, со ца везаш болчу мостагӀех кӀелхьара а ваьккхира.
19
Сан де эшначу дийнахь сан мостагӀий суна дуьхьалбевллера, амма Веза Эла суна гӀортор хилла дӀахӀоьттира.
20
Кхераме йоцучу метте Цо араваьккхира со, Ша суна реза хиларна, кӀелхьарваьккхира со.
21
Со нийса леларе хьаьжжина, Везачу Эло суна дика делла. Сан куьйгаш цӀена хиларе терра Цо суна кхаъ белла.
22
Везачу Эло сайна гайтина некъаш аса лар а дора, сайн Делера дӀа ца верзалуш, со Ӏеса ца лелара.
23
Цуьнан дерриг а тӀедехкинарш суна хьалха дара, Цуьнан парзашна тӀера со дӀа а ца волура.
24
Цунна хьалха со цӀена хилла, къинош латорах ларлуш а хилла.
25
Со нийса леларе хьаьжжина, Везачу Эло суна кхаъ белла, Цуьнан бӀаьргашкахь сан куьйгаш цӀена долу дела.
26
Хьайца тешаме волчуьнца тешаме хуьлу Хьо, кхоччуш леллачу майрачуьнца кхоччуш хуьлу Хьо.
27
ЦӀена волчуьнца цӀена хуьлу Хьо, ткъа мекара волчуьнца — цуьнан мекара хиларе хьаьжжина хуьлу.
28
Мисканаш Ахьа кӀелхьарбоху, цабашарца хьоьжурш Хьайн хьажарца охьатаӀабо Ахьа.
29
Веза Эла! Хьо — сан чиркх бу. Ахьа сан бода серлабоккху.
30
Хьоьца со хилча, аса эскар а эшадо, сайн Делаца со пенал дехьа а вуьйлу.
31
Дела — Цуьнан некъ кхоччуш бу! Везачу Элан дош ма цӀена ду! Цуьнга шаьш лардойтучу массарна а Иза турс санна хилла дӀахӀоьттира.
32
Мила ву ткъа Дела, Веза Эла воцург? Мила ву ткъа тарх, вайн Дела воцург?
33
Дала суна берриг ницкъ а ло, ткъа Цо сан некъ нийса а бо
34
Сан когаш сен когех тарбо Цо, лакхаллашкахь со чӀогӀа лоттуьйту.
35
Сан куьйгаш Цо тӀом бан а Ӏамадо, сан хӀинца цӀестан Ӏад дула а тарло.
36
Со кӀелхьарвоккху турс Ахь суна делира, Хьан гӀоьно со тӀех воккха вира.
37
Ахьа соьга ког шуьйра боккхуьйтура, цундела сан хьакхолгаш гал ца йолура.
38
Сайн мостагӀашна тӀаьхьа а ваьлла, со ведда леллера, уьш хӀаллак а беш, уьш байалц юха а ца вирзира.
39
Аса уьш, хӀаллак а бина, байа а байина, уьш сан когашна хьалха охьаэггалц.
40
Ахьа суна тӀом бан ницкъ а белла, суна дуьхьалбевлларш сан когашка охьа а бехкина.
41
Ахь дӀабовдийтинчу сан мостагӀийн баккъаш суна гина, цундела аса со цавезнарш хӀаллакбина.
42
Цара шаьш кӀелхьардаха бохуш орца дохура, амма уьш кӀелхьарбаха стаг вацара. Цара Везачу Эле кхойкхура, амма Цо жоп ца лора.
43
Чан санна, кегийра дакъош дора Аса царах, арара хатт санна, тӀе когаш а бетташ, хьуьйра ас уьш.
44
Ахьа суна дуьхьалдаьллачу сан халкъах кӀелхьарваьккхина со. Со дийна витина Ахьа, къаьмнашна тӀехь куьйгалла дайта. Суна девзаш ца хилла долу адамаш суна гӀуллакх деш лелаш ду.
45
Кхечу мехкашкара нах суна хьесталуш бу, со ву аьлла ма-хеззина, суна муьтӀахь хуьлий, дӀахӀуьтту уьш.
46
Шайн даг чохь лаьттачу кхерамо гӀора дӀадаьккхина церан, цундела уьш бегош, шайн чӀагӀонан меттигашкара арабуьйлура.
47
Дийна ву Веза Эла! Декъала хуьлда сан Тарх! Веза воккха хуьлда сан чӀагӀо волу, со кӀелхьарвоккху Дела.
48
Дела ву сох бекхам бийриг а, халкъаш суна муьтӀахь дийриг а,
49
сан мостагӀех со кӀелхьарвоккхург а! Суна дуьхьалбевллачарна тӀехь Ахьа соьга толам баккхийтира. Къизачу нахах Ахь со кӀелхьарваьккхира.
50
Цундела кхечу къаьмнашна юкъахь Аса Хьуна хастамаш бийр бу, ва Веза Эла, иллешкахь Хьан цӀе хестор а ю.
51
Везачу Эло шен паччахьна баккхий толамаш ло. Иза массо а ханна тешаме хир ву Ша къобалвинчунна, Даудана а, цуьнан тӀаьхьенна а».
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 23 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24