bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Samuel 8
2 Samuel 8
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 9 →
1
Цул тӀаьхьа Дауда пӀелаштамхошна тӀехь толам баьккхира. Иштта, цо пӀелаштамхойн карара цу лаьтта тӀехь хилла олалла схьадаьккхира.
2
Дауда иштта муабахой а эшийра. Уьш лаьтта тӀе охьа а бахкийтина, цхьана муьшаца церан барам билгалбаккхийтира цо. Шина муьшан барамехь берш байина дӀабехира, ткъа кхозлагӀчу муьшан барамехь берш дийна битира. Иштта, муабахой Даудан лай хилла дӀахӀиттира, кхунна ял а луш.
3
Рахьубан кӀант ХӀадад-Ӏезар Цобехь паччахь хилла. Иза, Эпрат-хина йистехула Ӏохкуш долчу латтанаш тӀехь шен паччахьалла дӀахӀотто воьдучу хенахь, Дауда эшийра.
4
Цо цуьнгара цхьа эзар ворхӀ бӀе бере а, ткъа эзар тӀемало а схьаваьккхира. Шен гӀудалкхашна хьалха дӀайожа бӀе говр бен ца юьтуш, массо а говрийн когийн пхенаш хедийра цо.
5
Цоба-мехкан паччахь волчу ХӀадад-Ӏезарна гӀоьнна Дамасакхера арамхой баьхкира, амма Дауда ткъе шиъ эзар арамхо хӀаллаквира.
6
Дауда арамхой Ӏаш болчу Дамасакхехь шен эскаран цхьайолу тобанаш дӀахӀиттийра. Иштта, арамхой а Даудан лай хилла дӀахӀиттира, цунна ял а луш. Везачу Эло Дауд иза араволучу массо а меттера толамца цӀа воьрзуьйтура.
7
ХӀадад-Ӏезаран баьччанех дисина долу дашо турсаш схьа а эцна, Дауда Ярушалайме схьадеара.
8
ХӀадад-Ӏезаран олаллехь хиллачу Тебахьара а, Бератай-гӀалара а цо дукха ез схьадаьккхира.
9
Хьамат-гӀалахь паччахь волчу ТоӀина хезира, ХӀадад-Ӏезаран эскар Дауда эшийна аьлла.
10
ТӀаккха ТоӀас шен кӀант Йорам вахийтира Даудан сий дан а, цунна ХӀадад-Ӏезар эшаварна баркалла ала а, ХӀадад-Ӏезар шеца кест-кеста тӀом беш схьавеана дела. Ша Дауд волчу вогӀуш, Йорама дашо а, дато а, цӀестан а пхьегӀаш еара.
11
Уьш а Дауда Везачу Элана лерина дечу гӀуллакхна йитира, ша эшийначу къаьмнашкара схьа мел даьккхина долу хӀума санна,
12
эдомхошкара а, муабахошкара а, Ӏамминхошкара а, пӀелаштамхошкара а, Ӏамалекхахошкара а, иштта Цобин паччахь волчу Рахьубан кӀантера ХӀадад-Ӏезарера ша схьадаьккхинарг санна.
13
Дуьрачу тогӀи чуьра, берхӀитта эзар эдомхо а эшийна, Дауд юхавирзича, цуьнан чӀогӀа сий деш цӀе яккха йолийра.
14
Дауда Эдомехь шен эскаран тобанаш дӀахӀиттийра, ткъа массо а эдомхо цуьнан лай хилла дӀахӀоьттира. Везачу Эло Дауд ша араволучу массо а меттигера толамца цӀа воьрзуьйтура.
15
Дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахьалла а деш, шен халкъаца бакъо а, нийсо а лелош вара Дауд.
16
Царуятан кӀант Йоаб цуьнан эскаран хьаькам вара, ткъа Ахьлудан кӀант ЯхӀушапти пачхьалкхан гӀуллакхаш яздархо вара.
17
Ахьтубин кӀант ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀарин кӀант Ахьи-Малик а динан дай бара, ткъа Сари-ЯхӀу йозанчин болх беш вара.
18
ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу кератхошний, палетхошний тӀехь хьаькам вара, ткъа Даудан кӀентий паччахьан хьехамчаш бара.
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 9 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24