bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Samuel 9
2 Samuel 9
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 10 →
1
Дауда хаьттира: «Шаулан цӀийнах цхьа а дийна висний те? Аса цунна дика гӀуллакх дийр дара ЯхӀунатин дуьхьа».
2
Шаулан цӀа чохь цхьа ялхо хиллера, Цуба цӀе а йолуш. Иза Дауд волчу кхайкхина схьавалийра. Дауда цуьнга хаьттира: «Хьо вуй Цуба?» Цо жоп делира: «Ву, хьан лай волу со».
3
Паччахьо элира: «Шаулан цӀийнах волу кхин цхьа а вуй дийна висна? Аса цунна дика гӀуллакх дийр дара, Далла хьалха айса чӀагӀо ма-ярра». Цубас паччахье элира: «ЯхӀунатин кӀант ву, когашна астагӀа а волуш».
4
Паччахьо хаьттира: «Мичахь ву иза?» Цубас паччахьна жоп делира: «Ладебарахь, Ӏамиалан кӀант волчу Макиран цӀа чохь ву».
5
Дауда, Ладебаре шен нах а бахийтина, Ӏамиалан кӀант Макир волчуьра иза схьавалавайтира.
6
Шаулан кӀентан ЯхӀунатин кӀант волчу Мапи-Бошата, Дауд волчу схьа а веана, цунна хьалха лаьтта кхаччалц шен корта охьатаӀийра. Дауда цуьнга элира: «Мапи-Бошат!» Вукхо элира: «Кхузахь ву хьан лай».
7
Дауда цуьнга элира: «Кхера ма лолахь. Хьан ден ЯхӀунатин дуьхьа аса дика гӀуллакх дийр ду хьуна: Хьан деден Шаулан тӀаьхьенан массо а латтанаш хьуна юхадерзор ду, ткъа хьо массо а хенахь сан шуьн чуьра кхача баа йиш йолуш а хир ву».
8
Мапи-Бошата, корта а тухуш, элира: «Хьан лай волу со, деллачу жӀаьлел а оьшуш велахь а, ахьа хьайна тӀеуьйзи».
9
Шаулан ялхо хилла волу Цуба шена тӀе а кхайкхина, Дауда элира: «Шаулан а, цуьнан массо а цӀийнан а долахь хилла долу хӀума аса хьан элан кӀентан кӀантана дӀало.
10
Ахьа а, хьан бераша а, хьан ялхоша а цуьнан латта лело деза, цу лаьтта тӀера схьадаьлла долу напха иза волчу схьадан а деза, цуьнан кертахь массо а хенахь яа а, мала а хӀума хилийта. Ткъа хьан элан кӀентан кӀант Мапи-Бошат со волчохь яа хӀума юуш хир ву». (Цубин пхийтта кӀант а, ткъа ялхо а вара.)
11
Цубас паччахье элира: «Хьан лай волчо шен паччахьо мел аьлларг кхочушдийр ду». Ткъа Мапи-Бошат Даудан цӀахь яа хӀума юуш вара, ша цуьнан кӀант волуш санна.
12
Мапи-Бошатан жима кӀант хилла, Мика цӀе а йолуш. Цубин цӀахь Ӏаш мел верг Мапи-Бошатан лай хилла.
13
Мапи-Бошат Ярушалаймехь Ӏаш хилла, хӀунда аьлча иза массо а хенахь паччахь волчохь яа хӀума юуш хилла. Иза шинна а когана астагӀа хилла.
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 10 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24