bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Samuel 19
2 Samuel 19
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 20 →
1
Йоабе хабар кхечира: «Паччахь Абушалам бахьана долуш, воьлхуш, гӀайгӀане ву», — аьлла.
2
Цундела толам баьккхина долу де дерриг а эскарна гӀайгӀане де хилла дӀахӀоьттира, хӀунда аьлча массарна а хиира паччахь шен кӀант бахьана долуш гӀайгӀане вуйла.
3
Шаьш гӀали чу богӀучу хенахь, тӀемалой тебна богӀуш бара, тӀам тӀера, юьхьӀаьржачу а хӀиттина, бевдда богӀуш санна.
4
Ткъа паччахь, шен юьхь тӀе ши куьг а диллина, мохь бетташ тийжаш вара: «Сан кӀант Абушалам! Ва-а, сан кӀант Абушалам!» — бохуш.
5
Паччахь волчу цӀа а веана, Йоаба цуьнга элира: «Тахана бойучуьра хьо а, хьан кӀентий а, зудабераш а, хьан зударий а, гӀарбаш-зударий а кӀелхьарбаьхна волчу хьан массо а тӀемалочунна а эхь хетийти ахьа.
6
Хьо цавезарш беза хьуна, ткъа хьо везачаьрца цабезам кхоллало хьан. Цундела тахана массарна а гайти ахьа, хьан тӀеман хьаькамаш а, церан тӀемалой а хьайна хӀумма а ца хетийла. Тахана суна хиъна, тхо массо а хӀаллак а хилла, Абушалам дийна висина хиллехь, хьо цу балхана реза хирг хилар.
7
Ара а валий, вистхила хьайн тӀемалошка. Церан дог эца! Аса Везачу Элах чӀагӀо йо хьуна, хьо царна дуьхьал ца хӀоттахь, хӀара буьйса дӀаялале, хьуна уллохь цхьа стаг вуьсур ма вац аьлла. Иза хьо бер долчу дийнахь дуьйна хьуна гиначарел уггаре а боккха бохам хир ма бу хьуна».
8
Паччахь, хьала а гӀаьттина, кевнна хьалха охьахиира. Эскаре и хаам дӀакхаьчначул тӀаьхьа, дерриг а эскар шайн паччахь волчу схьагулделира. Ткъа исраилхой шайн-шайн цӀа дӀабевддера.
9
Массо а Исраилан тайпанашкахь халкъ вовшашца къийсалуш дара. Цара бохура: «Паччахьо вайн мостагӀий болчу пӀелаштамхойх кӀелхьардаьхна вай, ткъа хӀинца иза Абушаламах ведда, шен пачхьалкхера араваьлла.
10
Амма вай паччахь ван къобалвина волу Абушалам тӀамехь вийна. Ткъа хӀинца аша, паччахь юха ца верзош, хан хӀунда йолуьйту?»
11
Дауда динан дай болчу ЦӀадукъиний, Абу-ЯтӀариний тӀе стаг вахийтира хабар эцна: «ЯхӀудан къаношка дӀаала: „Паччахь юха валавеш болчарна юккъехь тӀаьххьара хила хӀунда лаьа шуна, массо а исраилхойн лаам паччахь вехаш волчу цӀен тӀе дӀакхаьчна хилча?
12
Шу сан вежарий ду, сан даьӀахкаш а, сан дилха а — шу ду. ХӀунда гӀерта шу паччахь юха цӀа валочу хенахь тӀаьххьарнаш хила?“
13
Ӏамасаига а дӀаала: „Хьо сан гергара вуй те? Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла суна, аса хьо, дерриг а эскарна тӀехь хьаькам а вина, сайна улло, Йоабан метта, гуттаренна а дӀа ца хӀоттавахь!“»
14
Цо берриг а яхӀудхойн дегнаш шегахьа дерзийра. Цара паччахь волчу хабар дахьийтира: «Юхаверза хьо а, хьан массо ялхой а», — аьлла.
15
Паччахь юхавирзира. Иза Йордан-хи долчу схьавеара. Массо а яхӀудхой Галгал-гӀала схьабаьхкира, паччахьна дуьхьал а бахана, иза Йордан-хил сехьаваккха.
16
Бахьрумара бен-яманхо волу Герин кӀант ШамаӀи а сихвелира яхӀудхошца цхьаьна Дауд-паччахьна дуьхьалваха.
17
Цуьнца цхьаьна вара цхьа эзар бен-яманхо а, иштта Шаулан цӀийнах волу ялхо Цуба а, шен пхийтта кӀант а, ткъа лай а. Паччахь схьакхачале, уьш Йордан-хи долчу схьабаьхкира.
18
Уьш хил дехьа буьйлура, паччахьан доьзал дехьабаккхархьама а, паччахьна мел лууш дерг дархьама а. Йордан-хил дехьа ваьллачул тӀаьхьа, Герин кӀант ШамаӀи паччахьна хьалха охьавуьйжира.
19
Цо Дауде элира: «Хьо Ярушалаймера араволучу хенахь соьгара даьллачунна гечдехьа суна, сан паччахь волу эла! И хӀума хьайн даг чохь ма латтадахьара ахьа.
20
Хьан лай волчунна хаьа, ша къа латийнийла. Цундела тахана Юсупан цӀийнах болчарна юкъара со уггар хьалха веана сайн паччахь волчу элана дуьхьал».
21
Царуятан кӀанта Абушайс элира: «Везачу Эло къобалвинчунна неӀалташ кхайкхийна волу ШамаӀи вуьйр вац ткъа?»
22
ТӀаккха Дауда элира: «ХӀун дан деза аса шуна, Царуятан кӀентий? Суна дуьхьалбевлла болу нах санна хилла шу хӀинца. Муха воккхур ву тахана, милла а иза велахь а, цуьнан дахарх? Тахана суна гуш ма ду, со Исраилан халкъан паччахь хилар».
23
Паччахьо ШамаӀига элира: «Хьо лийр вац!» Дауда цу тӀехь чӀагӀо йира.
24
Шаулан кӀентан кӀант Мапи-Бошат паччахьна дуьхьал аравелира. Мапи-Бошата шен когаш а ца буьлура, маж а ца йошура, тӀера хӀума а ца цӀанйора, паччахь, Ярушалаймера ара а ваьлла, иза машарца юхавирзина де тӀекхаччалц.
25
Мапи-Бошат, Ярушалаймера ара а ваьлла, шена дуьхьалвогӀуш гича, паччахьо цуьнга хаьттира: «Мапи-Бошат, хьо соьца хӀунда ца веара?»
26
Мапи-Бошата жоп делира: «Сан паччахь волу эла, сан ялхочо со левина. Аса цуьнга элира: „Сан вирана тӀе нуьйр тилла. Цунна тӀе а хиъна, паччахьца ваха воллу со“, хьан лай волу со астагӀа волу дела.
27
Ткъа хьан лай волчух лаьцна харцдерг дийцира цо сан паччахь волчу эле. Амма сан паччахь волу эла Делан малик санна ву. Хьайна нийса хеттарг де.
28
Хьайна лиънехь, ахьа сан ден доьзал хӀаллакбина хир бара, амма ахьа хьан лай волу со хьайца яа хӀума юуш болчаьрца охьахаийра. Сан бакъо яц паччахье цхьа а хӀума бахьана долуш гӀо доьхуш кхайкха».
29
Паччахьо цуьнга элира: «Ма дийца соьга иза кхин! Суна лаьа ахьий, Цубассий шаьшшинна юкъахь латта доькъийла».
30
Амма Мапи-Бошата паччахьна жоп делира: «Сан паччахь волу эла паргӀат цӀа вирзичхьана, дерриге а латта Цубас шена дӀаэцахьара».
31
ГалӀадхо волу Барзалай РогӀлаймара схьавеанера, паччахьца Йордан-хил дехьа а ваьлла, иза цигара новкъа ваккхархьама.
32
Барзалай чӀогӀа къена вара. Цуьнан дезткъа шо хан яра. Дауд Махьанаймехь волчу хенахь цо массо а хӀума латтадора цунна, ша вехаш стаг хиларе терра.
33
Паччахьо Барзалайга элира: «Вало соьца. Ярушалаймехь аса массо а хьуна оьшуш долу хӀума латтор ду».
34
Амма Барзалайс паччахье элира: «Сан паччахьца Ярушалайме ваха йиш яц, кӀезиг хан ю суна йиснарг.
35
Сан хӀинца дезткъа шо ду. Дахарехь кхин хӀумма а дац сан самукъадала? Хьан лай волчу соьга юучу хӀуманан чам къасталур буй? Хезар дуй ткъа суна эшарш локхуш болчеран аьзнаш? Со муха гӀертар ву сан паччахь волчу элана новкъа?
36
Со кхин а жимма сайн паччахьца цхьаьна Йорданал дехьа дӀавогӀур ву. Паччахьо суна хӀунда кхачийтина те оццул йоккха ял?
37
Хьан лай волчунна ша винчу гӀалахь, шен ден-ненан къуббан уллохь вала луур дара, цундела юхаверза пурба доьху аса. Сан кӀант волу хьан лай КӀамхӀам вогӀур ву сан элаца цо боххучу дӀа. Хьайна луъург де ахьа цуьнца».
38
ТӀаккха паччахьо элира: «КӀамхӀам соьца схьаваийта. Аса цуьнан дуьхьа хьуна луъург дийр ду. Хьан дуьхьа а дийр ду аса хьан даго боххург».
39
Дерриг а халкъ шайн паччахьца Йордан-хил дехьа делира. Барзалайна оба а яьккхина, цо иза декъалвира. Ткъа Барзалай шен цӀа юхавирзира.
40
Паччахь Галгал-гӀала дӀавахара. Цуьнца цхьаьна КӀамхӀам а вахара. ЯхӀудан массо а халкъ а, Исраилан халкъан ахдакъа а арадаьллера паччахьна тӀаьхьа.
41
Дукха хан ялале, исраилхоша, паччахь волчу а баьхкина, цуьнга элира: «Тхан вежарий болчу ЯхӀудан халкъан божарша, хьо лачкъа а вина, хьо а, хьоьца болу нах а Йордан-хил дехьа хӀунда баьхна?»
42
ЯхӀудан халкъан божарша исраилхошка жоп делира: «Оха иза дина паччахь тхан гергара стаг волу дела. И хӀума бахьана долуш шу тхуна оьгӀаза стенна оьху? Оха цхьа а хӀума диъний паччахьан? Я цуьнгара совгӀаташ схьаэцна?»
43
Исраилхоша, яхӀудхошна жоп луш, элира: «Тхан паччахьца йозуш йолу бакъо шун чул уьттазза дукха ю. Аша тхо юьхьӀаьржачу хӀиттийна. Паччахь юхаверзарх лаьцна долу дош хьалххе оха дийцина дацара ткъа?» Амма яхӀудхойн дош исраилхоша бохучу дешнел чӀогӀа дара.
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 20 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24