bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Samuel 17
2 Samuel 17
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 18 →
1
Ахьи-Тупала Абушаламе элира: «Шийтта эзар стаг схьа а хаьржина, хьала а гӀаьттина, со кху буьйсанна Даудана тӀаьхьавер ву.
2
Иза гӀел а велла, цуьнан гӀора дӀадаьллачул тӀаьхьа, со цунна тӀелетар ву. Аса иза кхерор ву, ткъа цуьнца берш бевдда дӀагӀур бу. Аса паччахь бен вуьйр вац.
3
Аса массо а адам хьуна тӀедерзор ду. Ахьа лоьхуш долу и цхьа са делла дӀадалар бахьана долуш, дерриг а халкъ шайна юкъахь машар а болуш Ӏийр ду».
4
Абушаламна а, Исраилан массо а къаношна а и дешнаш чӀогӀа дезаделира.
5
Абушалама элира: «Ӏаьркхихо волчу Хьушайга схьакхайкха. Цо хӀун олу хьовсур ду вай».
6
Хьушай Абушалам волчу веара. Абушалама цуьнга элира: «Ахьи-Тупала дина долу хьехар иштта ду. Цо аьлларг дан дезий вай? Нагахь санна хьо реза вацахь, хьайна хетарг ала».
7
Хьушайс Абушаламе элира: «Ахьи-Тупала хӀинца дина долу хьехар дика дац.
8
Хьуна хьайн да а вевза, цуьнан нах а бевза. Уьш майра а бу, шен кӀорнех яьккхина йолу нана-ча санна, дера а бу. Хьан да майра стаг ву. Иза шеца болчу нахаца буьйса йоккхуш Ӏийр вац.
9
Иза хӀинца, цхьана хьеха чохь я кхечу меттехь къайлаваьлла Ӏаш хир ву. Нагахь санна хьан да хьоьца болчарна хьалха тӀелатахь, и хӀума хезна болчу нахана дагадогӀур ду: „Абушаламна тӀаьхьахӀиттинарш эшийна!“ — аьлла.
10
ТӀаккха, лом санна, майра берш а дог эшна дӀахӀуьттур бу, хӀунда аьлча дерриг а Исраилан халкъана хууш ду, хьан да чӀогӀа майра тӀемало вуйла а, цуьнца берш доьналла долуш буйла а.
11
Цундела аса хьехар до хьуна: дерриг а Исраилан халкъ Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц хьо волчу схьагулдалийта. Адам, хӀордан йистера гӀум санна, дукха хир ду. ТӀаккха ахьа, хьо хьалха а ваьлла, уьш тӀамтӀе бига беза.
12
Цул тӀаьхьа вай Даудана тӀелетар ду, иза миччахь велахь а. Вай цунна тӀелетар ду, Ӏуьйранлера тхи лаьтта тӀе ма-дожжара. Я иза а, я цуьнца волу цхьа а стаг а вуьсур вац дийна.
13
Нагахь санна иза цхьана гӀала дӀаводахь, массо а исраилхоша и гӀала йолчу метте машшаш схьадахьар ду. Вай оцу гӀалин пенаш тогӀи чу такхор ду, тӀаккха цу гӀалех цхьа а тӀулг буьсур бац».
14
Абушалама а, массо а исраилхоша а элира: «Ӏаьркхихо волчу Хьушайн хьехам диках бу Ахьи-Тупалан хьехамал». Цара иштта элира, хӀунда аьлча Везачу Эло сацам бинера Ахьи-Тупалан дика хьехар дохо, Абушаламна тӀе бохам баийтархьама.
15
Динан дай болчу ЦӀадукъе а, Абу-ЯтӀарига а Хьушайс элира: «Иштта хьехар дира Ахьи-Тупала Абушаламна а, Исраилан къаношна а, ткъа аса царна кхин тайпа хьехар дира.
16
Ткъа хӀинца, Дауд волчу нах а бахийтий, цуьнга алийта: „Тховса яьссачу аренгахь йолчу хил дехьа волийла йолчохь а ца Ӏаш, цу хил дехьа а валий, цигара дӀавала, хӀунда аьлча паччахь а, цуьнца болу нах а тховса хӀаллакбаран кхерам бу“».
17
Динан ден кӀентий ЯхӀуната а, АхьимаӀац а Ӏейн-РегӀал цӀе йолчу хьоста йистехь лаьтташ вара. ГӀалина чуволийла дацара цу шиннан, иза царна кхераме хиларна, цундела зуда-ялхочо, яха а яхана, цаьрга и шадерг а дӀадийцира, ткъа цу шиммо Дауде хаам бира.
18
Амма и шиъ гина волчу, цхьана кхиъна вогӀучу кӀанта Абушаламе хаам бира. Цигара сихха дӀа а вахана, и шиъ Бахьрумехь вехаш волу цхьа стаг волчу веара. Цу стеган кертахь яьккхина гӀу яра. И шиъ цу чу воьссира.
19
Цу кертарчу зудчо, шаршу схьа а эцна, и цу гӀуна тӀе тесира, ткъа шаршуна тӀе ялтин буьртигаш тийсира, цхьа а шек ца валийта.
20
Абушаламан тӀемалоша, цу зудчун цӀа а баьхкина, цуьнга хаьттира: «Мичахь ву ЯхӀунатий, АхьимаӀацций?» Зудчо цаьрга элира: «Уьш, хил дехьа а бевлла, дӀабахара». Лехначул тӀаьхьа, уьш шайна кара ца бича, ялхой Ярушалайме дӀабахара.
21
Уьш дӀабаханчул тӀаьхьа ЯхӀунатий, АхьимаӀацций, гӀуна чуьра ара а ваьлла, Дауде хаам бан вахара. Цара Дауде элира: «Сихха хил дехьа а довлий, дӀагӀо. Ахьи-Тупала хьуна дуьхьал иштта хьехар дина».
22
Дауд а, цуьнца хилла болу нах а Йордан-хил дехьабевлира. Сахуьллучу хенахь хил дехьа валаза цхьа а стаг ца висира.
23
Ахьи-Тупална хиира, ша дина долу хьехар кхочуш ца динийла. Шен вирана тӀе нуьйр а тиллина, иза ша Ӏийначу гӀала дӀавахара. Шен тӀаьхьенна весет а дитина, Ахьи-Тупал ирхъоллавелира, цул тӀаьхьа иза шен ден коша чу дӀавоьллира.
24
Дауд Махьанайме схьавеара, ткъа Абушалам, массо а исраилхо шеца цхьаьна а волуш, Йордан-хил дехьавелира.
25
Абушалама шен эскаран коьрте Йоабан метта Ӏамасаъ дӀахӀоттийнера. Ӏамасаъ Исраилара ИтӀар цӀе йолчу цхьана стеган кӀант вара. ИтӀаран нана АбигӀал яра. Иза Нахьашан йоӀ а, Царуятан йиша а яра. Ткъа Царуят Йоабан нана яра.
26
Абушалама, шеца дерриг а Исраилан халкъ цхьаьна а долуш, галӀадхойн лаьтта тӀехь шен меттамотт дӀахӀоттийра.
27
Дауд Махьанайме схьакхаьчча, Ӏамминхойн Рабба-гӀалара волчу вахархочун Нахьашан кӀанта Шобас а, Ладебарара вахархочун Ӏамиалан кӀанта Макира а, РогӀлаймарчу галӀадхочо Барзалайс а
28
цхьаболу мотт-гӀайба а беара, цхьадолу боганаш а деара, иштта кхийра пхьегӀаш а еара. Цара иштта кӀа а, мукх а, дама а, кхерзинчу ялтин буьртигаш а, кхоьш а, хьозийн кхоьш а,
29
моз а, даьтта а, уьстагӀий а, аттера яьккхинчу шуьрех йина йолу кӀалд а еара Даудана а, цуьнца хиллачарна а яа. Цара бохура: «Адам яьссачу аренгахь гӀел а делла, мац а делла, хьаг а делла».
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 18 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24