bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Samuel 20
2 Samuel 20
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 21 →
1
Дагахь а доцуш, цигахь цхьа Ӏеса стаг нисвелла хилла. Иза бен-яманхо волчу Бихрин кӀант ШебаӀ хилла. Цо, коьман маӀа а лекхна, элира: «Даудаца болчаьрца вайн нах бац, Юшайн кӀант волчохь вайн дакъа а дац. Ва Исраилан халкъ, вешан цӀа дӀасадовлий вай!»
2
Массо а исраилхо, Даудах дӀа а къаьстина, Бихрин кӀантана ШебаӀана тӀаьхьахӀоьттира. Ткъа Йорданна тӀера Ярушалайме кхаччалц яхӀудхой шайн паччахьна уллохь севцира.
3
Дауд Ярушалаймехь долчу шен цӀа веара. Цо, шен цӀа Ӏалашдеш йитина йолу итт гӀарбаш-зуда схьа а ялийна, цхьана цӀа чохь охьахаийра, цӀенна гӀарол а дойтуш. Дауда цу зударийн дола дойтура, амма ша царах кхин ца кхийтира. Цу зударша шаьш дуьнен чохь йоккхуш йолу хан бисина Ӏаш болчу зударша санна яьккхира.
4
Дауда Ӏамасаига элира: «Кхо де далале, схьакхайкха со волчу яхӀудхошка. Хьо а цигахь хила».
5
Ӏамасаъ яхӀудхошка кхайкха вахара, амма паччахьо шена билгалъяьккхина йолу хан тӀехъялийтира цо.
6
ТӀаккха Дауда Абушайга элира: «ХӀинца Бихрин кӀанта ШебаӀа Абушалама чул а чӀогӀа зен дийр ду. Сан тӀемалой схьа а эций, цунна тӀаьхьавала, чӀагӀйина йолу гӀаланаш а карийна, иза вайн бӀаьргашна хьалхара къайлавалале».
7
Йоабаца хилла болу нах а, кератхой а, палетхой а, кхиболу майра тӀемалой а Ярушалаймера арабевлира, Бихрин кӀант ШебаӀ схьалацархьама цунна тӀаьхьабаха.
8
Уьш ГавӀонна уллорачу боккхачу тӀулга тӀе кхаьчча, царна дуьхьал Ӏамасаъ кхийтира. Йоабана тӀехь тӀемалочун духар дара, гӀодаюккъехь батта чохь кхозуш тур а дара. И дуьхьалвогӀучу хенахь тур батта чуьра араделира.
9
Йоаба Ӏамасаига элира: «Хьо могуш вуй те, сан ваша?» Йоаба аьтту куьйгаца Ӏамасаан маж схьалецира, цунна оба яккха дагахь.
10
Ӏамасаа тидам ца бира Йоабан вукху куьйгахь доллучу туьран. Йоаба, Ӏамасаан гайх тур чекх а даьккхина, цуьнан чоко лаьтта арахийцира. Йоаба цунна кхин куьг тӀе ца даьхьира, хӀунда аьлча Ӏамасаъ велла Ӏуьллуш вара. Цул тӀаьхьа Йоаб а, цуьнан ваша Абушай а Бихрин кӀантана ШебаӀана юха а тӀаьхьавелира.
11
Йоабан цхьана бӀаьхочо, Ӏамасаан докъа тӀе а хӀоьттина, элира: «Йоабана тешаме а, Даудана тӀаьхьахӀоьттина а мел верг хӀинца Йоабана тӀаьхьахӀотта веза!»
12
Ткъа Ӏамасаан дакъа некъа юккъехь цӀийлахь Ӏуьллуш дара. ТӀаккха бӀаьхочо, тӀех мел волу стаг а, цу докъан уллохь соьцуш шена гича, Ӏамасаъ некъа тӀера аренга дӀа а такхийна, цунна тӀе цхьа бедар тесира.
13
Дакъа некъа тӀера дӀадаьккхинчул тӀаьхьа, дерриг а халкъ Йоабаца цхьаьна Бихрин кӀантана ШебаӀана тӀаьхьаделира.
14
Цул тӀаьхьа ШебаӀ массо а Исраилан тайпанашна юккъехула а, массо а берихойн лаьттахула а чекхвелира, ша Абал-Байт-МаӀака кхаччалц дӀавоьдуш. Цу гӀаланашкара бахархой, вовшах а кхетий, цунна тӀаьхьахӀуьттура.
15
Йоаба, шеца долчу эскарца схьа а веана, Абал-Байт-МаӀакана го бира. ГӀалина гонах боьттинчу тӀулгийн пена хьалха латта доьхкира цара, цу лаьттан баьрзнашна тӀехула гӀалин керта тӀе довла шайн аьтто хилийта. Йоабаца мел хилла волу стаг, гӀалин пена тӀе хӀума а етташ, иза бохо хӀоьттира.
16
Цу гӀалахь ехаш йолчу цхьана хьекъал долчу зудчо, пена тӀе а яьлла, мохь туьйхира: «ЛадогӀа! ЛадогӀа соьга! Йоабе кхуза схьавола ала! Суна цуьнца къамел дан лаьа».
17
Йоаб цо аьллачу метте схьавеара. Зудчо цуьнга хаьттира: «Хьо вуй Йоаб?» Цо жоп делира: «Ву». ТӀаккха зудчо элира: «Хьайн лай йолчуьнга ладогӀахьара ахьа». Йоаба элира: «Со ладугӀуш ву».
18
Зудчо элира: «Хьалха олуш хилла: „Шена цхьа хӀума хатта луучо Абал-гӀалахь хатта“. Иштта гӀуллакхан сацам беш хилла.
19
Тхо Исраилан халкъана юкъара машаре а, тешаме а болчу бахархойх ду. Ткъа хьо Исраилан махкахь нана санна йолу гӀала хӀаллакьян араваьлла ву. ХӀунда гӀерта хьо Везачу Элан тӀаьхье хӀаллакьян?»
20
Йоаба жоп делира: «Соьгара и хӀума дер дац шуна! Аса шун гӀала хӀаллак а йийр яц, я йохор а яц!
21
Иза иштта дац. Амма шун гӀала Эпрайм-лаьмнашкахь лаьттачу махкара Бихрин кӀант ШебаӀ кхаьчна. Цо шен паччахь волчу Даудана тӀе куьг даьхьна. Иза аша, схьа а лаций, соьга схьало. ТӀаккха со шун гӀалина го бинчуьра дӀавер ву шуна». Зудчо Йоабе элира: «Дика ду. Цуьнан корта гӀалин керта тӀера хьо волчу охьакхуссур бу».
22
Цул тӀаьхьа и зуда дерриг а халкъе йистхилира, царна шен хьекъале дешнаш дӀахазош. ГӀалин бахархоша, Бихрин кӀентан ШебаӀан корта схьа а баьккхина, Йоабана дӀакхоьссира. ТӀаккха Йоаба шен коьман маӀа лекхира. ГӀалина го бина болу эскархой шайн-шайн цӀенош чу дӀасабевлира. Йоаб шен паччахь волчу Ярушалайме юхавирзира.
23
Йоаб дерриг а Исраилан эскаран хьаькам вара. Ткъа ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу кератхошний, палетхошний тӀехь куьйгалла дан хӀоттийра.
24
Адунурам беза белхаш бойтучу нахана тӀехь куьйгалхо дӀахӀоттийра. Ахьлудан кӀант ЯхӀушапти пачхьалкхан гӀуллакхаш яздархо дӀахӀоттийра.
25
Шива йозанча вара. ЦӀадуккъий, Абу-ЯтӀаррий динан дай бара.
26
Иштта Дауд волчохь динан да вара яирхо волу Ӏира а.
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 21 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24