bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Samuel 18
2 Samuel 18
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 19 →
1
Дауд шен эскаре хьожуш чекхвелира. Цо шен эскарна тӀехь цхьа бӀе а, цхьа эзар а стаг карахь волуш хьаькамаш дӀахӀиттийра.
2
Шен эскар Дауда кхаа декъе дийкъира. Цхьа тоба, Йоаб коьртехь а волуш, дӀахьажийра цо. ШолгӀа тоба — Йоабан ваша волчу Царуятан кӀант Абушай коьртехь волуш. Ткъа кхоалгӀа тоба гатихо волчу Итица дӀаяхийтира. Паччахьо гулбеллачаьрга элира: «Со а вогӀур ву шуьца».
3
Амма наха цуьнга элира: «Хьо тхоьца ма вола. Тхо дӀадовдуш хилахь а, цхьаммо а тидам бийр бац тхан. Тхох нийсса ах хӀаллакьхилахь а, иштта тидаме оьцур дац. Ткъа хьо цхьаъ — итт эзар стеган метта ву. Цундела, хьо гӀалахь а сецна, цигара тхо долчу ахьа гӀо даийтича гӀолехь ду».
4
Паччахьо цаьрга элира: «Аша боххург дийр ду аса». Иза ков долчохь дӀахӀоьттира. Адам гӀалара бӀе а, эзар а стаг юкъахь йолчу тобанашца арадолуш дара.
5
Паччахьо Йоабигий, Абушайгий, Итигий омра дира: «Жима стаг волу Абушалам кхоаве суна!» — аьлла. Массарна а дӀахезира паччахьо Абушаламах лаьцна шен эскаран хьаькамашка аьлларг.
6
Даудан эскар аренгахь Исраилан эскарна дуьхьалделира. Уьш Эпрайман хьуьнхахь вовшахлетира.
7
Даудан эскаро исраилхой эшийра. Боккха толам баьккхира цара цу дийнахь: ткъа эзар стаг вара вийна Ӏуьллуш.
8
Гонах, массо а меттехула, дӀабаьржира тӀом. Адам хьун бахьана долуш дукха хӀаллакьхилира, тур бахьана долчул.
9
Шена дагахь а доцуш, Абушалам Даудан тӀемалошна дуьхьалкхийтира. Иза шен вирбӀарзанна тӀехь дӀавоьдуш вара. ВирбӀарза доккхачу ножан диттан генашна кӀелхула дӀайоьдучу хенахь, Абушаламан месаш гаьннех дӀатасаелира. Иза лаьттаний, стигалний юккъехь кхозуш висира, ткъа цуьнгахь хилла йолу вирбӀарза едда дӀаяхара.
10
И сурт гина волчу цхьана тӀемалочо Йоабе хаам бира: «Абушалам ножан дитта тӀехь кхозуш ву» — аьлла.
11
Йоаба шега и хаам бина волчу стаге элира: «Хьайна иза гина хилча, иза, тоьхна, лаьтта охьа хӀунда ца виллира ахьа? Аса итт шекхал детий, доьхкий лур ма дара хьуна».
12
Цо Йоабе жоп делира: «Сайна кара цхьа эзар шекхал дети схьаделча а, аса паччахьан кӀантана тӀе куьг хьур дацара, хӀунда аьлча тхуна массарна а хезира хьоьгий, Абушайгий, Итигий паччахьо аьлларг: „Жима стаг Абушалам кхоаве суна!“
13
Нагахь санна аса, ахьа бохург а дина, Абушалам вийна хиллехь, иза паччахьна ца хууш дуьсур дацара. ТӀаккха хьо, суна генна а ваьлла, дӀахӀуттур вара».
14
Йоаба элира: «Сан йиш яц хьоьца хан яйа!» Кхо жима гоьмукъ схьа а эцна, цо уьш ножан дитта тӀехь валаза кхозуш волчу Абушаламан дагах чекхдехира.
15
Йоабан герз лелош волчу итт къона тӀемалочо Абушаламна го бира. Цара иза вийна дӀаваьккхира.
16
Йоаба коьман маӀа лекхира. Цуьнан эскар исраилхошна тӀаьхьадаьллачуьра юхадирзира. Уьш Йоаба кхоийра.
17
Цара Абушаламан дакъа, дитт тӀера схьа а даьккхина, хьуьнхарчу доккхачу ор чу а кхоьссина, тӀе тӀулгаш кхиссира. Цу хенахь массо а исраилхо ведда, шен-шен цӀа чу а вахана, дӀасаваьллера.
18
Ша дийна волчу хенахь паччахьан тогӀи чохь Абушалама ша-шена хӀоллам хӀоттийнера. ХӀеттахь цо аьлла хилла: «ЦӀе йиц ца яйта цхьа а кӀант вац сан». Цу хӀолламна цо шен цӀе тиллина хилла. Тахана а, «Абушаламан хӀоллам» аьлла, цӀе йоккху цуьнан.
19
ЦӀадукъин кӀанта АхьимаӀаца Йоабе элира: «Аса ведда хаам бийр бу паччахье, Везачу Эло, Шен кхел а йина, иза мостагӀех кӀелхьарваьккхина аьлла».
20
Амма Йоаба цуьнга элира: «Тахана Даудана дика кхаъ бахьаш веанарг хир вац хьо. Муьлххачу а кхечу дийнахь гӀур ву хьо цига, тахана а ца воьдуш, хӀунда аьлча велларг цуьнан кӀант ву».
21
Цул тӀаьхьа Йоаба цхьана хушахочуьнга элира: «Ваха а гӀой, паччахье хьайна гинарг ма-дарра дӀадийца». И хушахо, Йоабана хьалха корта охьа а таӀийна, сихха Дауд волчу вахара.
22
Амма ЦӀадукъин кӀанта АхьимаӀаца, ша аьллачунна тӀера ца волуш, юха а Йоабе элира: «ХӀуъа а хилахь, со а воьду хушахочуьнца». Йоаба цуьнга элира: «ХӀунда воьду хьо цуьнца, сан кӀант? Ахьа дӀабахьа кечбинарг дика кхаъ ма бац».
23
АхьимаӀаца элира: «Иза иштта делахь а, со воьду цига». ТӀаккха Йоаба элира: «Вада, гӀо». АхьимаӀац Йордан-тогӀи чохь болчу новкъахула ведда дӀавахара. Иза хушахочул хьалха дӀакхечира цига.
24
Дауд шина кевнна юккъехь Ӏаш вара. Кевнан тхов тӀе ваьллачу гӀаролхочун ша цхьаъ волуш ведда вогӀучу стагах бӀаьрг кхийтира.
25
Цо, мохь а тоьхна, паччахье хаам бира. Дауда элира: «Нагахь санна и стаг ша цхьаъ вогӀуш велахь, иза хаамча ву». Ткъа важа улло кхаьчна вогӀуш вара.
26
ГӀаролхочунна кхин а цхьа стаг гира, ведда вогӀуш. Цо ков лардархочуьнга мохь туьйхира: «Кхин а цхьа стаг ву ведда вогӀуш». Паччахьо элира: «Иза а хаамча ву».
27
ГӀаролхочо элира: «Суна хьалха вогӀуш волчун болар го. Иза ЦӀадукъин кӀентан АхьимаӀацан боларх тера ду». ТӀаккха паччахьо элира: «И стаг дика стаг ву. Иза дика кхаъ бахьаш вогӀуш ву».
28
АхьимаӀаца, мохь а тоьхна, паччахье элира: «Машар!» Цо, лаьтта кхаччалц паччахьна хьалха шен корта охьа а таӀийна, элира: «Декъала ву хьан Веза Дела. Цо сан эла волчу паччахьна дуьхьал куьг даьхьна болу мостагӀий хӀаллакбина».
29
Паччахьо хаьттира: «Дийна вуй къона Абушалам?» АхьимаӀаца элира: «Йоаба со кхуза воуьйтучу хенахь цигахь хилла болу нах чӀогӀа боьхна хьийзаш гира суна. Амма цигахь хилларг суна ца хаьа».
30
Паччахьо элира: «Юьстах а валий, кхузахь саца». Иза, дехьа а ваьлла, сецира.
31
Эццахь веана хушахо а схьакхечира. Цо элира: «Дика хаам бу сан эла волчу паччахье! Тахана Везачу Эло хьуна дуьхьалбевлла болу мостагӀий эшийна».
32
Паччахьо хушахочуьнга хаьттира: «Могуш-паргӀат вуй къона Абушалам?» Хушахочо элира: «Сан эла волчу паччахьан мостагӀашна а, цунна дуьхьал мел ваьллачунна а хуьлийла Абушаламна хилларг!»
33
Паччахь воьхна хьаьвзира. Кевнна тӀехула дина долчу цӀа чу а вахана, вилхира иза. Цу тӀе хьалаваьллачу хенахь цо бохура: «Сан кӀант Абушалам! Сан кӀант, сан кӀант Абушалам! Хьан метта со велла велара, сан кӀант Абушалам!»
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 19 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24