bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Samuel 23
2 Samuel 23
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 24 →
1
ХӀорш ду Даудан тӀаьххьара дешнаш: «Иштта олу Юшайн кӀант волчу Дауда, иштта олу Дала вазвина волчу стага. Якъубан Дала паччахь хила къобалвинарг а, Исраилан халкъан хаза назманаш олург а ву иза.
2
Везачу Элан са а ду суна чохь, Цуьнан дош а ду сан метта тӀехь.
3
Исраилан халкъан Дала дийцинера, Исраилан халкъан Тархо соьга аьллера: „Нийсонца нахана тӀехь олалла дийриг, Делах а кхоьруш, олалла дийриг,
4
малх хьалаболучу Ӏуьйренан нур санна, марха йоцучу Ӏуьйренан нур санна, лаьттара сийна буц хьалайолуьйтуш йолу догӀа сецча хуьлу серло санна ю“.
5
Сан тӀаьхьенца вац ткъа Дела? Дала соьца массо а ханна болу барт бина, цуьнан чӀагӀо йохор а яц, хийцалур а яц. Суна мел гӀо деш дерг а, суна мел лууш дерг а, хуьлуьйтур дац ткъа Цо?
6
Ткъа Ӏеса нах хир бу, дӀакхуссуш долу кӀохцалш санна, цхьаммо а куьйгаца схьаоьцуш доцу.
7
Царах дӀахьакхавала лууш волчо, шен кара эчиг я гоьмукъан дечиг схьаоьцу. И кӀохцалш шаьш долччохь цо дагадо».
8
ХӀорш ю Даудан майрачу тӀемалойн цӀерш: тахьикманхо волу Яшуб-Бушбат, иза майрачу кхаанна юкъахь коьртаниг хилла. Цо, шен гоьмукъ бархӀ бӀе стагана дуьхьал а баьккхина, уьш цхьана тӀамехь эшийна.
9
Оцу кхаанна юкъара шолгӀаниг ахьохьахо волчу Додин кӀант ЭлиӀазар хилла. ПӀелаштамхойх бийла а буьйлуш, цаьрга тӀаме тӀекхойкхучу хенахь Даудаца цхьаьна хиллачарах цхьаъ вара иза. ПӀелаштамхой цигахь тӀом бан дагахь арабевлла хилла, амма исраилхой юхабевлла.
10
ЭлиӀазар хилла цигахь, пӀелаштамхошна дуьхьал а ваьлла, тӀом беш. Цо, шен куьг, кӀад а делла, туьрана тӀелатталц, уьш байина. Везачу Эло боккха толам белла исраилхошна цу дийнахь. ЭлиӀазар толам баьккхина ваьллачул тӀаьхьа, тӀемалой тӀегулбелла цунна. Царна беллачу нахана тӀера бедарш схьагулъяр бен кхин дан хӀума ца диснера.
11
КхоалгӀаниг хилла ХӀарар-гӀалара волу АгӀин кӀант Шама. Лахьи цӀе йолчу меттигехь, хьозийн кхоьш дӀайийначу кха тӀехь, тӀом бан схьагулбелла пӀелаштамхой. Цигара исраилхойн эскар пӀелаштамхойх дедда дӀадахана.
12
Амма Шамас, цу кха юккъехь дӀа а хӀоьттина, пӀелаштамхой эша а бина, и меттиг кӀелхьаръяьккхина. Везачу Эло цу дийнахь Исраилан халкъана боккха толам белла.
13
Ялта схьагулдечу цхьана дийнахь, пӀелаштамхой шайн меттаматтаца репахойн тогӀи чохь лаьтташ а болуш, ткъе итт баьччанех волу кхо стаг Дауд волчу веана Ӏадулам олучу хьеха чу.
14
Дауд цу хенахь чӀагӀйинчу меттехь вара, ткъа пӀелаштамхойх цхьа эскаран тоба Байтлахам-гӀалахь хилла.
15
Хьагвелла волчу Дауда аьлла: «Байтлахам-гӀалин кевнера гӀу чуьра мала хи хьан дахьар дара те суна?»
16
ТӀаккха майра кхо тӀемало, пӀелаштамхойн меттаматтехула чекх а ваьлла, Байтлахаман кевнехь йолчу гӀу чуьра хи а эцна, иза Даудана а дахьаш, схьавеара. Амма Даудана и хи мала ца лиира. Цо и хи, сагӀина а лерина, Везачу Элана хьалха лаьтта охьадоьттира.
17
Дауда элира: «Веза Эла, ца малало-кх соьга и хи. И хи дан бахана болчу, шайн синош ца кхоийначу кху къонахийн цӀий санна дац иза?» Цундела ца лиира Даудана и хи мала. Иштта хьуьнаре гӀуллакхаш дора цу майрачу кхаа тӀемалочо.
18
Йоабан ваша, Царуятан кӀант волу Абушай, цу ткъе итт тӀемалочун коьртехь вара. Цо шен гоьмукъца кхо бӀе стаг вийнера, цундела цу кхааммо лоруш вара иза.
19
Цу кхаа турпалхочун чул а чӀогӀа цӀе яхана вара иза, церан хьаькам хилла дӀахӀоьттина а вара, амма иза церан могӀаре вогӀуш вацара.
20
ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу а майра стаг хилла. Иза ша Къабциал-юьртара вара. Цо шегара даккхий хьуьнарш гайтинера. Цуьнан карах валар хиллера муабахойн гӀараваьллачу шина баьччанан. Иштта ло догӀучу дийнахь, ор чу а ваьлла, лом дийнера цо.
21
Кхин а цхьа чӀогӀа лекха волу мисархо хилла цо вийна. Мисархочун карахь гоьмукъ хилла, ткъа хӀара карахь гӀаж а йолуш, дуьхьалваьлла цунна. БенъяхӀус, мисархочуьнгара гоьмукъ схьа а баьккхина, цуьнан шен гоьмукъ а тоьхна, иза вийна.
22
И тайпа хьуьнаре гӀуллакхаш дина хилла ЯхӀу-ЯдаӀан кӀанта БенъяхӀус. Цундела иза, важа кхо турпалхо санна, гӀараваьлла вевзаш вара.
23
Иза ткъе иттаннал чӀогӀа цӀе яххана вара, амма вукху кхаанца нислуш вацара. Дауда шен хана юкъахь коьртаниг вина дӀахӀоттийра БенъяхӀу.
24
Коьрта ткъе итт тӀемалочунна юкъабогӀуш бара: Йоабан ваша ӀасахӀал, Байтлахам-гӀалара Додин кӀант Элхьанан,
25
хьародхой болу Шама а, Эликха а,
26
палтихо волу Хьелац, такхоӀхо волчу Ӏакхешан кӀант Ӏира,
27
Ӏанатотхо Абу-Ӏезар, хьушатхо Мубани,
28
ахьохьахо Цалмун, натӀупатхо Махьран,
29
натӀупатхо волчу БаӀнин кӀант Хьалид, бен-яманхойн ГебаӀ-гӀалара Ребин кӀант Ита,
30
пӀарӀатунхо БенъяхӀу, ГаӀашан тогӀешкара ХӀиди,
31
Ӏарбатхо волу Абу-Ӏалбан, бархьумхо волу Ӏазмават,
32
шаӀалбанхо Элияхьба, Яшанан кӀентий, ЯхӀуната,
33
хӀарархо ШамаӀ, хӀарархо волчу Шараран кӀант Ахьиам,
34
маӀхахочун Ахьасбин кӀант Эли-Пулат, гилохо волчу Ахьи-Тупалан кӀант ЭлиӀам,
35
кармалхо Хьецари, арбахо волу ПаӀра,
36
Цобарчу Натин кӀант ИгӀал, гадахо волу Бани,
37
Ӏамминхо волу Цалакх, Царуятан кӀентан Йоабан герзлелорхо волу бератхо Нахьрай,
38
итархо волу Ӏира, итархо волу ГӀараб,
39
хьетахо волу УръяхӀу. Уьш массо а ткъе вуьрхӀитта стаг вара.
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 24 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24