bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Samuel 4
2 Samuel 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 5 →
1
Шаулан кӀант Иш-Бошат, шена Хьевронехь Абунар веллийла дӀахиъча, чӀогӀа воьхна хьаьвзира. Иштта доьхна дара массо а халкъ а.
2
Шаулан кӀентан эскаран шиъ куьйгалхо хилла — БаӀний, Рахбий. И шиъ бен-яманхойн цӀийнах волчу баировтхочун Римунан ши кӀант вара. (Ткъа Баировт Бен-Яманна чуйогӀуш хилла.
3
Баировтхой бевдда ГӀитайме дӀабахана. Уьш хӀинца а цигахь тӀебаьхкина нах санна Ӏаш бу.)
4
Шаулан кӀентан ЯхӀунатин астагӀа а волуш кӀант хилла. Иза пхи шо долуш хилла, ИзраӀалара Шаулаххий, ЯхӀунатаххий лаьцна ирча кхаъ беанчу хенахь. Церан бераш лелош йолу зуда, катоьхна кӀант схьа а эцна, иза кӀелхьарваккхархьама едда йоьдуш хилла. Иза едда йоьдучу хенахь, кӀант цуьнан карара охьавоьжна. ХӀетахь дуьйна схьа иза астагӀваьлла лелаш хилла. Цу кӀентан цӀе Мапи-Бошат яра.
5
Баировтхо волчу Римунан ши кӀант Рахбий, БаӀний Иш-Бошатан цӀа вахана. Уьш де дохделлачу хенахь цига дӀакхечира. Иш-Бошат цу хенахь, садоӀуш, шен меттахь вижина Ӏуьллуш вара.
6
Ткъа кевнера кӀа цӀандеш йолчу ялхочунна наб кхеттера. Рахбий, БаӀний Иш-Бошатан цӀа чу велира. Цуьнан гайх тур а Ӏоьттина, уьш бевдда дӀабахара.
7
И шиъ Иш-Бошатан дӀавуьжучу цӀа чу ваьлча, иза шен меттахь наб еш вара. Шаьш иза вийначул тӀаьхьа, цара цуьнан корта, тӀера а баьккхина, шайца дӀабаьхьира. Буьйса дӀаяллалц, Йордан-хин тогӀехула дӀаихира и шиъ.
8
Иш-Бошатан корта Хьевронехь Ӏаш волу Дауд волчу схьабеара цара. Паччахье вежарша элира: «ХӀара, хьо вен гӀерташ, хьуна тӀаьхьаваьлла леллачу хьан мостагӀчун Шаулан кӀентан Иш-Бошатан корта бу. ХӀинца Везачу Эло бекхам бина Шаулна а, цуьнан тӀаьхьенна а сан паччахь волу олахо бахьана долуш».
9
Дауда баировтхо волчу Римунан кӀенташка элира: «Массо а халонех со кӀелхьарваьккхинчу, дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас.
10
Цхьана стага соьга, ша беанарг хаза кхаъ бу моьттуш, элира: „Шаул велла дӀаваьлла“. Амма, цунна совгӀат дан дезачохь, аса иза ЦакхелагӀахь, схьа а лаьцна, вийра.
11
Ткъа хӀинца пайда боцучу наха шен меттахь вижина Ӏуьллуш волу цхьа а бехк боцу стаг вийча, аса шуна бекхам бан ца беза, шу дайа а дайина?»
12
Дауда шен эскархошка омра дира, уьш байа аьлла. Цара уьш байира, церан куьйгаш а, когаш а схьа а даьхна, догӀмаш Хьевронехь Ӏома йистехь хьалаоьхкира. Ткъа Иш-Бошатан корта, схьа а эцна, Хьевронехь Абунаран коша чохь дӀабоьллира.
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24