bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Samuel 15
2 Samuel 15
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 14
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 16 →
1
Цул тӀаьхьа Абушалама шена гӀудалкхаш а, говраш а, шена хьалха сиха лелаш волу шовзткъе итт стаг а нисвира.
2
Иза, Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀоттий, гӀалина чувогӀучохь лаьтташ долчу кевнна уллохь дӀахӀуттура. Шена уллохула паччахьна тӀе цхьа гӀуллакх эцна воьдуш волу стаг гича, иза тӀе а кхойкхий, Абушалама хоттура: «Хьо муьлхачу гӀалара ву?» Нагахь санна стага «Исраилан халкъана юкъарчу ишттачу тайпанара хьан лай ву» аьлча,
3
цо олура: «Ахьа деана гӀуллакх дика а, нийса а ду, амма паччахьан цӀарах хьоьга ладогӀа стаг вац».
4
Цо кхин а тӀетухура: «Со мехкан кхелахо харжахьара, хӀора стагана гӀо дан аьтто хир бара сан. Цхьа гӀуллакх дахьаш сайна тӀевеъначу муьлххачу а стеган гӀуллакх нийса къастор дара аса».
5
Нагахь санна шена корта тоха цхьаъ тӀевеача, куьйгаш хьалха дӀа а дохуьйтий, цо иза мара вуллура, цунна барт а боккхура.
6
Иза паччахь волчу веанчу массо а исраилхочунна, цу тайпана тӀекара а волий, дуьхьалволура. Абушалама дуккха а болчу нехан дегнаш шена тӀедерзийра.
7
Диъ шо даьлча, Абушалама паччахье элира: «Со Хьевроне вахийтахьара ахьа. Везачу Элана дина долу нигат кхочушдан воллура со.
8
Арам-махкахь йолчу Гешурахь со Ӏаш волчу хенахь аса нигат дира: „Нагахь санна со Везачу Эло Ярушалайме юхаверзавахь, аса Цунна Хьевронехь Ӏамал йийр ю“», — аьлла.
9
Паччахьо цуьнга элира: «Маьрша гӀойла хьо». Абушалам, хьала а гӀаьттина, Хьевроне дӀавахара.
10
Исраилан халкъан массо а тайпанашка цо шен хьадалчаш дӀасабахийтира. Цо царна тӀедиллинера: «Нагахь санна шайна цхьанхьа коьман маӀа локхуш хазахь, аша ала деза: „Абушалам Хьевронехь паччахь хилла дӀахӀоьттина!“»
11
Абушаламца ши бӀе стаг вахара Ярушалаймера. Цо цаьрга, шеца дуьйла аьлла, кхайкхинера, ткъа цу нахана, шеко йоцуш, кечдинчу гӀуллакхех хӀумма а ца хаьара.
12
СагӀа доккхучу хенахь Абушалама шена тӀе гилохо волу Ахьи-Тупал Гило-гӀалара кхайкхира, Даудан хьехамча волу. Абушалама къайлаха беш болу барт чӀагӀлуш бара, цунна гонах дукха нах схьагуллуш бара.
13
Дауд волчу веанчу хаамчас цуьнга элира: «Исраилхойн дегнаш Абушаламна тӀедирзина».
14
Шеца Ярушалаймехь волчу шен массо а ялхочуьнга Дауда элира: «ХьалагӀовтта, девдда дӀагӀур ду вай. Вай иза ца дахь, Абушаламах кӀелхьардовлалур дац вай. Сихлой, девдда дӀадахийталаш вай. Иза схьа а кхаьчна, цо вай схьалацахь, вайна дукха зенаш хир ду, цо гӀала а хӀаллакйийр ю, адамаш а дойур ду».
15
Паччахьан ялхоша элира: «Оха ахьа мел бохург дийр ду, тхо хьан леш ду».
16
Паччахь, ара а ваьлла, шен цӀахь мел волчу стагаца гӀаш дӀавахара. Цо шен цӀахь итт гӀарбаш-зуда йитира, цаьрга шен цӀа Ӏалашдайтархьама.
17
Паччахь а, цуьнан халкъ а, гӀаш ара а даьлла, тӀаьхьарчу цӀенна уллохь сецира.
18
Даудан мел болу ялхой, цунна уллохула тӀех а буьйлуш, дӀаоьхуш бара. Массо а кератхой а, палетхой а, цуьнца Гати-гӀалара схьавеана волу ялх бӀе гатихо а, паччахьал хьалха а ваьлла, дӀавоьдуш вара.
19
ТӀаккха гатихо волчу Ите паччахьо элира: «Хьо хӀунда вогӀуш ву тхоьца? Юха а верзий, цу керлачу паччахьца саца. Хьо тӀевеана стаг ву, хьайн махкара араваьлла волу.
20
Селхана схьавеана волу хьо, аса тахана тхайца, дӀа а вигна, хьийзор ву моьтту хьуна? Суна со кхана мичахь хир ву ца хаьа, цундела, хьайн вежарий схьа а эций, дӀагӀо. Веза Эла хьоьца баккъалла тешаме хуьлда».
21
ТӀаккха Итас Дауде элира: «Дийна волчу Везачу Элах а, сан эла волчу паччахьах а дуй боу аса, сан эла волу паччахь я дуьнен чохь, я эхартахь хилахь, иза воллучохь хир ву-кх цуьнан лай верг а».
22
ТӀаккха Дауда Итига элира: «Схьавало соьца». Гатихо Ита а, шен берриг нахаца а, берашца а Даудана тӀаьхьахӀоьттира.
23
Дерриг а латта мохь тоьхна доьлхуш дара. Дерриг а халкъ а, паччахь а Кхидрун олучу хин Ӏоврел дехьаделира. Уьш яьсса аре йолчу агӀор дӀабахара.
24
ЦӀадукъа а, цуьнца хилла болу левихой а Делан деза тӀорказ схьадахьаш богӀуш бара. ТӀорказ охьахӀоттийча, Абу-ЯтӀари, берда тӀе а ваьлла, цигахь лаьтташ вара, нах гӀалара арабовллалц.
25
Паччахьо ЦӀадукъига элира: «Делан тӀорказ гӀала юха дӀахьо. Нагахь санна Веза Эла суна реза велахь, Цо со цига юха а верзийтина, суна Шен тӀорказ а, и лаьтта меттиг а кхин а гойтур ю.
26
Нагахь санна Иза суна реза воцуш хилахь, Шена луъург дойла Цо суна».
27
Цул тӀаьхьа динан да волчу ЦӀадукъига паччахьо элира: «Хьо Делера дерг гуш верг ма ву! Маьрша гӀала юхаверза. Хьан кӀант АхьимаӀац а, Абу-ЯтӀарин кӀант ЯхӀунатан а шуьца ву.
28
Ткъа со кхузахь хин дехьарачу яьссачу аренгахь соцур ву, шуьгара сайна хаам хиллалц».
29
ЦӀадукъассий, Абу-ЯтӀариссий Делан тӀорказ Ярушалайме юхадерзийра. И шиъ цигахь сецира.
30
Велха а воьлхуш, Дауд зайт-диттан лам тӀе хьалаволуш вара. Цуьнан коьрта тӀе тиллина хӀума яра, ткъа когаш берзина бара. Цуьнца хилларш а, шайн коьрта хӀума а тиллина, боьлхуш дӀаоьхуш бара.
31
Дауде хабар кхечира: «Ахьи-Тупал а ву Абушаламца къайлаха барт бинчаьрца». ТӀаккха Дауда элира: «Веза Эла! Ахьи-Тупала царна бина болу хьехам сонталле берзабелахь!»
32
Дауд Далла Ӏибадат дечу метте, лома буьххье, хьалаваьлча, цунна гира шена дуьхьалвогӀу Ӏаьркхихо волу шен доттагӀа Хьушай. Цунна тӀера бедарш этӀийна яра, коьрта тӀе тесна чан а яра.
33
Дауда цуьнга элира: «Хьо соьца вагӀахь, суна хьо новкъахир ву.
34
Амма хьо Ярушалайме юхаверзахь, хьоьга Ахьи-Тупала царна беш болу хьехам бохалур бу. Абушаламе ала: „Паччахь, со — хьан лай ву. Хьалха со хьан ден лай вара, ткъа хӀинца чул тӀаьхьа хьан лай хир ву“.
35
Хьоьца цхьаьна динан дай болу ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀари а хир ву. Хьайна паччахьан цӀа чохь мел хезнарг цаьрга дӀадийца.
36
ЦӀадукъин кӀант АхьимаӀац а, Абу-ЯтӀарин кӀант ЯхӀунатан а цигахь хир ву. Хьайна хезнарг дахьаш уьш со волчу бахкийта».
37
Даудан къастийна хьехамча волу Хьушай Ярушалайме юхавирзира, Абушалам а цигга чувогӀуш вара.
← Chapter 14
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 16 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24