bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Samuel 7
2 Samuel 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 8 →
1
Паччахь шен цӀахь Ӏаш вара. Везачу Эло иза шена гонах болчу мостагӀех мукъа витинера.
2
ТӀаккха паччахьо Ната-пайхамаре элира: «Хьажал, со баганан дечигах дина долчу цӀенна чохь Ӏаш ву, ткъа Делан тӀорказ четар бухахь лаьтташ ду».
3
Натас паччахье элира: «Хьайна дан дагадеанарг, ваха а гӀой, де, Веза Эла хьоьца ву».
4
Амма цу буссехь Натига Везачу Элан дош кхечира:
5
«Ваха а гӀой, Сан лай волчу Дауде дӀаала, Везачу Эло иштта боху алий: „Хьо вуй те Суна чохь Ӏан цӀа ден верг?
6
Исраилхой Мисар-махкара Аса арабаьхначу хенахь дуьйна схьа, таханлера де тӀекхаччалц, Со цӀа чохь Ӏийна вац. Ерриг а цу хенахь Со четар чохь Ӏийра, цхьана меттера вукху метте а вуьйлуш.
7
Исраилан халкъаца Со миччахьахула а лелачу хенахь халкъан тайпанашкара цхьаьнгге а, Сайн Исраилан къомана тӀехь Ӏуналла дан Айса къобалвинчуьнга хаьттиний ткъа Аса: ‘Аша Суна баганан дечигах цӀа хӀунда ца до?’“
8
Ткъа хӀинца, ваха а гӀой, Сан лай волчу Дауде дӀаала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло хьоьга боху: ‘Аса хьо, уьстагӀий дажош волчуьра схьа а валийна, Сайн Исраилан халкъана тӀехь баьчча хӀоттийна.
9
Хьо мичча вахча а, Со массо а хенахь хьоьца хилла. Массо а хьан мостагӀий Аса хӀаллакбина. Аса дуьнен тӀехь сийлахь болчарна юкъахь а къаьсттина хьан сий хьаладоккхур ду.
10
Аса Сайн Исраилан халкъана меттиг билгалйоккхур ю, иза цигахь паргӀат охьахаийта а, цуьнга кхин са ца гатдайта а. Зуламечу наха уьш кхин хьийзор бац, юьхьанца,
11
мехкан куьйгалхой Сан къомана тӀехь Аса къобалбинчу хенахь дуьйна иза ма-хиллара. Аса хьан мостагӀех хьо кӀелхьарвоккхур ву. Аса хаам бо хьоьга, Веза Эла волчу Айса хьуна хьан тӀаьхьенах цӀа дийр ду аьлла.
12
Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дӀакхелхинчул тӀаьхьа, Аса хьан тӀаьхьенах цхьаъ паччахь вина дӀахӀоттор ву, цуьнан паччахьалла чӀагӀ а дийр ду.
13
Цо Суна лерина цӀа дийр ду, ткъа Аса иза даим шен паччахьан даржехь чӀагӀвийр ву.
14
Со цуьнан да хир ву, иза Сан кӀант хир ву. Нагахь санна цо къа латадахь, Аса цунна таӀзар дийр ду. Нехан шедаца а, адамаша еттарца а таӀзар дийр ду Ас цунна.
15
Амма Аса иза Сайн безамах воккхур вац, хьан бӀаьргашна хьалхара ваьккхина волу Шаул Аса Сайн безамах ваьккхинехь а.
16
Хьан цӀа а, паччахьалла а Суна хьалха даим хир ду, хьан паччахьан гӀант ерриге а хенахь лаьттар ду!’“»
17
Дерриг и дешнаш а, шена хӀоьттина сурт а Натас ма-дарра дӀадийцира Дауде.
18
ТӀаккха Дауд-паччахьо, ваха а вахана, Везачу Элана хьалхахь дӀа а хӀоьттина, элира: «Со а мила вара, ва сан Хьалдолу Эла, сан цӀа а хӀун яра, Ахьа цу тайпана со даржехь лакхаваккхал?
19
Хьуна-м иза а кӀезиг хетта, сан Хьалдолу Эла! Ахьа Хьайн лай волчун цӀийнах хиндерг а схьадийци. Адамашна лерина иштта Ӏедал Хьан ду техьа, сан Хьалдолу Эла?
20
ХӀун эр ду Хьоьга Дауда? Хьуна Хьайн лай ма вевза, сан Хьалдолу Эла.
21
Айхьа аьллачун дуьхьа а, Хьайн деган лаамца а и даккхий хӀуманаш дина Ахьа, и шадерг Хьайн лайна дӀа а довзуьйтуш.
22
Хьо воккха ву, сан Хьалдолу Эла. Хьоьца нисван цхьа а стаг а вац, Хьо воцург Дела а вац, тхайн лергашна тхуна схьа-ма-хаззара.
23
Мичахь ду Хьан санна долу къам? Мичахь ду Исраилан санна долу халкъ? Шен дуьхьа Дела араваьлла къам дуьнен чохь цхьаъ бен дац. Дела аравелира, Шена и къам мехах схьаэцархьама а, Шен цӀе айархьама а, уьш бахьана долуш даккхий а, инзаре а гӀуллакхаш дархьама а. Айхьа Мисар-махкара мехах паргӀатдаьккхина долчу Хьайн къомана хьалхара важа къаьмнаш а, церан деланаш а дӀалохкура Ахь.
24
Ахьа Исраилан къам, Хьайн къам а дина, массо а ханна хаьржина, ткъа Хьо, Веза Эла, цуьнан Дела хилла дӀахӀоьттина.
25
Ткъа хӀинца, Веза Дела, Айхьа Хьайн лай волчу сох а, сан цӀийнах а лаьцна аьлла долу дош массо а тӀейогӀун йолчу ханна чӀагӀдехьа. Айхьа аьлларг кхочуш а дехьа,
26
массо а тӀейогӀун йолчу ханна Хьан цӀе язъяйтархьама. ТӀаккха наха эр ду: „Массо а ницкъийн Веза Эла — Иза Исраилан халкъан Дела ву!“ Иштта Хьан лай волчу Даудан цӀа Хьуна хьалха чӀагӀделла лаьттар ду!
27
Ткъа Ахьа, массо а ницкъийн Веза Эла, Исраилан халкъан Дела, Хьайн лай волчуьнга элира: „Аса хьуна цӀа дийр ду“. Цундела Хьан лай волу со Хьоьга хӀара доӀа дан Хьох хӀоьттира.
28
Сан Хьалдолу Эла! Хьо — Дела ву! Ахьа мел олуш дерг тешаме ду, ткъа хӀинца Хьайн лай волчунна иштта дика дан ваӀда дина Ахь!
29
Хьан лай волчун тӀаьхье декъалъехьа, иза массо а ханна а Хьайна хьалха хилийтархьама. Иза Ахьа соьга аьлларг ма ду, сан Хьалдолу Эла! Ахьа декъалдар бахьана долуш, Хьан лай волчун цӀа массо а хенахь декъал хир ду».
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24