bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Samuel 14
2 Samuel 14
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 15 →
1
Царуятан кӀантана Йоабана хиира, Дауд-паччахь Абушаламах лаьцна ойланаш еш вуйла.
2
Цундела Йоаба ТакхоӀ олучу меттиге нах бахийтира, цигара цхьа хьекъале зуда шена тӀеялае аьлла. Цу зудчуьнга цо элира: «Хьо чӀогӀа гӀайгӀане ю моттийта, хьайна тӀе Ӏаьржа духар а духа, коьртах зайтдаьтта а ма хьакха. Хьо хьайн веллачу стагана йоьлху дикка хан йолуш санна лела.
3
Цул тӀаьхьа, паччахь волчу а гӀой, цуьнга хӀара дешнаш дӀаала». Йоаба цу зудчо паччахье ала дезаш долу дешнаш дӀахьийхира.
4
ТакхоӀ-гӀалара хьекъал долу зуда паччахь волчу чоьхьаелира. Цунна хьалха корта лаьтта кхаччалц охьатаьӀира иза. Зудчо элира: «ГӀо дехьа суна, паччахь!»
5
Паччахьо цуьнга хаьттира: «ХӀун сингаттам бу хьоьгахь?» ТӀаккха зудчо элира: «Со йисина Ӏаш ю, сан майра велла.
6
Хьан лай йолчу сан ши кӀант вара. Аренгахь волчу хенахь цу шиннан дов даьлла хилла. Цу шинна юккъе машар бан стаг а ца хилла, цхьаммо вукхунна тоха а тоьхна, царах цхьаъ вийна.
7
ХӀинца сан мел волу гергара стаг хьан ялхо йолчу суна дуьхьалваьлла. Цара соьга боху: „Схьало тхоьга шен ваша вийна волу хьайн кӀант. Цо ваша вер бахьана долуш, оха иза вуьйр ву, тӀаьхьенах диснарг кхочун дерг а хӀаллаквийр ву“. Цара шаьш бохург дахь, сан доьзалан хӀу довр ду, сан майрачун хӀокху дуьнен чохь цӀе а, тӀаьхье а юьсур яц».
8
ТӀаккха паччахьо элира: «ПаргӀат хьайн цӀа гӀо, хьан дуьхьа ас-айса гӀайгӀа бийр бу цу гӀуллакхан».
9
Амма ТакхоӀарчу зудчо элира: «Сан паччахь волу эла, и бехк суна а, сан доьзална а тӀехь бу, ткъа паччахь а, цуьнан пачхьалкх а цу хӀуманна бехке дац».
10
ТӀаккха паччахьо цу зудчуьнга элира: «Хьайна цхьаъ дуьхьалвалахь, со волчу схьавалаве иза. Цо кхин хьуна тӀе куьг хьор дац хьуна».
11
ТӀаккха зудчо элира: «Сан паччахь, хьайн Везачу Делан цӀарах дош лохьа суна, чӀир лоьхучара, сан кӀант вен а вийна, цӀий Ӏанор сов доккхур дац алий». Дауда элира: «Дийна волчу Везачу Элах дуй боу ас, хьан кӀентан коьртара цхьа чо а галбер бац аьлла».
12
Зудчо юха а элира: «Хьан лай йолчуьнга кхин цхьа хӀума а алийтахьара ахьа хьайга». Паччахьо элира: «Йистхила».
13
Зудчо элира: «Делахь, хьо цу тайпана Делан халкъана дуьхьал хӀунда ваьлла? Ахьа аьллачу дешнаша хьо-хьуо бехке во, хӀунда аьлча ахьа хьайн араваьккхина лелаш волу кӀант цӀа ца верзаво.
14
Тхо лийр ду, лаьтта Ӏанийна долу, юха схьагуллур доцу хи санна а хуьлуш. Амма Далла ца лаьа са хӀаллакдан, мелхо а, Цо ойланаш йо, наха дӀатеттинарг Шена уллора кхин дӀа ца таттийта.
15
Цундела со хьо волчу и дешнаш хьоьга дӀаала еана, хӀунда аьлча со наха кхерийна. Аса сайн дагахь элира: „Паччахье йистхила еза со, аса аьлларг дан мега цо.
16
Схьахетарехь, паччахьо, ла а доьгӀна, Дала суна а, сан кӀантана а делла долу доьзалан латта хӀаллакдан гӀерташ волчун карара шен лай йолу со кӀелхьарйоккхур ю“.
17
ТӀаккха суна дагадеара: „Сан элан дош суна синхьаам беш хуьлийла, хӀунда аьлча сан паччахь волу эла Делан малик санна ву. Цо дикачунна а, вочунна а юкъахь башхо ян тарло. Ткъа хьан Веза Дела массо а хенахь хьоьца хуьлийла“, — аьлла».
18
Паччахьо цу зудчуьнга элира: «Аса хӀинца хьайга динчу хаттарна соьга, хӀумма а къайла а ца доккхуш, ма-дарра дуьйцуш, жоп лолахь». Зудчо элира: «Де хьайн хаттар, сан паччахь волу эла».
19
Паччахьо элира: «Йоаб бахьана долуш-м ца до ахьа соьга и къамел?» Зудчо, жоп луш, элира: «Дийна волчу хьох чӀагӀо йо ас, ахьа бохучунна я аьтту, я аьрру агӀор таӀа йиш яц. Хьан лай волчу Йоаба тӀедиллира суна, аса хьоьга мел аьлларг паччахье дӀаала аьлла.
20
Хьан лай волчу Йоабан Ӏалашо и хӀума вукху агӀор гайтархьама яра, амма сан олахо хьекъалалла долуш ву, Делан малик хьекъалалла долуш ма-хиллара, кху лаьттахь долу массо а хӀума хаархьама».
21
ТӀаккха паччахьо Йоабе элира: «ХӀинца ахь бохург дийр ду ас. Ваха а гӀой, жима стаг Абушалам цӀа верзаве».
22
Йоаба паччахьна хьалха корта лаьтта кхаччалц охьатаӀийра. Паччахь декъал а веш, цо элира: «ХӀинца хьан лай волчунна хаьа, хьо суна реза вуйла, хӀунда аьлча ахь хьайн лай волчо бохучуьнга ладуьйгӀи».
23
Цигара хьала а гӀаьттина, Гешура а вахана, Абушалам Ярушалайме схьавалийра цо.
24
Паччахьо элира: «Шен цӀа вола ала цуьнга. Амма сан юьхь цунна гур яц». Абушалам цӀа веара, амма шен дена тӀекхача йиш йолуш вацара иза.
25
Берриг а Исраилан махкахь вацара Абушаламал хаза а, цул наха дика цӀе йоккхуш а стаг. Кога буьххьера дуьйна коьрта тӀе кхаччалц цхьа а айпе хӀума дацара цунна тӀехь.
26
Цо хӀора шарахь цкъа шен корта дӀабошура, хӀунда аьлча цунна хала хуьлура шен коьртара месаш лелаян. Корта дӀабаьшначул тӀаьхьа месаш оьзча, уьш ши бӀе шекхал гергга хуьлура, паччахьан шекхалан барамехь.
27
Цуьнан кхо кӀант а, Тамара бохуш цӀе а йолуш, цхьа йоӀ а яра. Тамара чӀогӀа хаза зуда яра.
28
Шен дена дуьхьал ца воьдуш, Абушалама Ярушалаймехь ши шо даьккхира.
29
Абушалама Йоабана тӀе стаг вахийтира, иза шен дена тӀе хабар эцна вахийта. Амма вукхунна ца лиира Абушаламна тӀе ван. Цо шолгӀа а стаг вахийтира, Йоабана тӀе, амма важа юха а тӀе ца веара.
30
ТӀаккха Абушалама шен ялхошка элира: «Шуна ма-хаьа, сан кхена уллохь Ӏуьллуш Йоабан кха дуйла. Цигахь тӀеболуш цуьнан мукх бу. Даха а гӀой, цунах цӀе таса». Ялхоша мекхах цӀе тесира.
31
ТӀаккха Йоаба, Абушалам волчу а веана, цуьнга хаьттира: «Хьан ялхоша сан кха тӀехь цӀе хӀунда тесна?»
32
Абушалама, цунна жоп луш, элира: «Аса хьоьга кхайкха бахийтира, паччахье хаттар дайта: „Гешурара со схьа хӀунда валийна? Суна цигахь Ӏийнехь атта хир дара“. Паччахьан юьхь ган лаьа суна. Нагахь санна со бехке велахь, со, вей, дӀаваккхийта цуьнга».
33
Йоаба, паччахь волчу а вахана, шен Абушаламца хилла долу къамел цуьнга дӀадийцира. ТӀаккха Дауда Абушалам шена тӀе кхайкхира. Иза, паччахь волчу а веана, цунна лаьтта кхаччалц, корта тухуш, охьатаьӀира. Паччахьо цунна барт баьккхира.
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 15 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24