bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Samuel 21
2 Samuel 21
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 22 →
1
Дауда паччахьалла дечу заманчохь махкахь тӀекӀел кхаа шарахь мацалла лаьттира. Дауда Везачу Эле шен доӀанна тӀехь дийхира. Везачу Эло цунна жоп делира: «Иза Шаул а, цуьнан къиза цӀа а бахьана долуш ду, цо гавӀонхой байина дела», — аьлла.
2
ТӀаккха паччахьо, гавӀонхой шена тӀе а кхайкхина, цаьрца къамел дира. (ГавӀонхой исраилхойх схьабевлла бацара, уьш эмархойх тӀаьхьадисинчу хӀух бара. Исраилхоша дуй биънера, царна зулам дийр дац шаьш аьлла, амма исраилхошна а, яхӀудхошна а тӀевирззина гӀайгӀа беш волу Шаул уьш хӀаллакбан гӀерташ хиллера.)
3
Дауда гавӀонхошка элира: «Аса шайн дуьхьа хӀун дича бакъахьара хета шуна? Шуна динчу харцдолчун метта хӀун дала деза, шуьга Везачу Элан халкъ декъалдайтархьама?»
4
ГавӀонхоша Дауде элира: «Шаулера а, цуьнан тӀаьхьенера а деши я дети ца оьшу тхуна. Исраилхошна юкъара, тхуна лиъча а, цхьа а вен бакъо яц тхан». Дауда хаьттира: «Аса хӀун дича бакъахь хетара шуна?»
5
Цара паччахьна жоп делира: «Тхо хӀаллакдан а, тхан къам дерриг а Исраилан лаьтта тӀера дӀадаккха а гӀертара Шаул.
6
Схьало тхан кара Шаулан тӀаьхьенах волу ворхӀ стаг. Оха уьш Везачу Элана хьалха Цо къобалвина волу Шаул схьаваьлла йолчу ГебаӀ-гӀалахь ирхъухкур бу». Паччахьо элира: «Аса уьш шуьга дӀалур бу».
7
Шаулан кӀентан ЯхӀунатин кӀант волчу Мапи-Бошатах къинхетам бира паччахьо, хӀунда аьлча Дауданий, ЯхӀунатиний юкъахь Везачу Элана хьалхахь йина чӀагӀо хилла.
8
Дауда цаьрга Армунний, Мапи-Бошаттий дӀавелира. Уьш бара Шаулна АяхӀун йоӀа Рицпата бина болу кӀентий. Цо иштта Шаулан йоӀа Мирабас вина волу пхи кӀант а дӀавелира. Уьш бара Шаулан йоӀа Махьуларчу Барзалайн кӀантана Ӏадриалана бина.
9
Цо уьш гавӀонхойн кара дӀабелира, ткъа цара уьш Везачу Элана хьалха гу тӀехь ирхъоьхкира. Уьш ворххӀе а цхьаьна велира. Ялта чудерзочу хьалхарчу деношкахь белла дӀабевлира уьш.
10
АяхӀун йоӀа Рицпата, Ӏаьржа шаршу схьа а эцна, иза тӀулга тӀе дӀаяржийра. Ялта чуоьцучу хенахь дуьйна, чӀогӀа догӀанаш декъашна тӀе доладаллалц, дийнахь а, буса а цигахь Ӏийра иза. Цо я стигалахь лелаш долу олхазарш а, я лаьттахь лелаш йолу акхарой а церан декъашна тӀе ца кховдуьйтура.
11
Шаулан гӀарбаш-зуда хилла йолчу АяхӀун йоӀа Рицпата динарг Дауде дӀадийцича,
12
Дауда, ваха а вахана, ГалӀадан Явешера бахархошкара Шаулан а, цуьнан кӀентан ЯхӀунатин а даьӀахкаш схьаийцира. (Цара уьш Байт-Шанарчу майданара къайлаха схьаэцна хилла, Шаул а, цуьнан кӀант ЯхӀуната а, пӀелаштамхоша ГилбаӀахь вен а вийна, ирхъоьхкинчуьра.)
13
Цигара Шаулан а, цуьнан кӀентан ЯхӀунатин а даьӀахкаш, схьа а гулйина, схьаяийтира Дауда. Иштта ирхъоьллина хиллачу ворххӀе а стеган даьӀахкаш а схьагулъяйтира цо.
14
Шаулан а, цуьнан кӀентан ЯхӀунатин а даьӀахкаш дӀайоьхкира бен-яманхойн лаьтта тӀехь йолчу ЦелаӀ-гӀаларчу Шаулан ден Къушин къуббан чохь. Паччахьо тӀе мел диллинарг деш дӀахӀоьттира халкъ. Цул тӀаьхьа наха махкана тӀера динчу доӀанаша Делан дог дашийра.
15
ПӀелаштамхошний, исраилхошний юкъахь юха а тӀом дӀаболабелира. Дауд, шен эскархошца ара а ваьлла, тӀом бан волавелира, амма иза сихха кӀадвелира.
16
Турпалш болчу репахойн гаранах волчу Ишби-Банубан гоьмукъ хилла, цӀестан йолу юьхьиг кхо бӀе шекхалал еза а йолуш. Цуьнан керла тур а хилла. Ишби-Бануб Дауд вен гӀерташ хилла.
17
Амма Царуятан кӀанта Абушайс кӀелхьарваьккхира Дауд. Цо пӀелаштамхо, тоьхна, вийра. Даудаца хиллачу наха чӀагӀо йира. Цара элира: «Кхин цкъа а тхоьца тӀаме аравер вац хьо, Исраилан махкахь богуш болу чиркх дӀа ца байтархьама».
18
Гоба-гӀалахь кхин а тӀом хилира пӀелаштамхошца. Цигахь хьушатхо волчу Субахис турпалш болчу репахойн гаранах волу Сапа вийра.
19
Кхин а цхьа тӀом хилира пӀелаштамхошца Гобахь. Цигахь Байтлахамарчу ЯӀар-Орагайман кӀанта Элхьанана гатихо волу ГӀолиат вийра. Гатихочун гоьмукъа тӀера гӀаж кӀадидархочо болх бечу хенахь лелош йолу еха гӀаж санна яра.
20
Гати-гӀалахь кхин а хилира тӀом. Цигахь цхьа инзаре лекха стаг вара. Цуьнан куьйгийн а, когийн а ялх-ялх пӀелг бара. Уьш берриш а ткъе биъ пӀелг бара. И стаг а турпалш болчу репахойх схьаваьлла вара.
21
Иза, исраилхойх лаьцна вон бага етташ, луьйш вара. И репахо Даудан вешин ШамаӀин кӀанта ЯхӀунатас вийра.
22
И виъ стаг Гати-гӀаларчу турпалхойн гаранах вара. Уьш Даудан а, цуьнан эскархойн а карах белира.
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 22 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24