bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Chronicles 10
1 Chronicles 10
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 11 →
1
ПӀелаштамхой Исраилан халкъана дуьхьал тӀом беш бара. ТӀаккха и тӀом бечу хенахь исраилхой пӀелаштамхойх бевдира. Дукха исраилхой хӀаллакьхилира цу тӀамехь. Иза дара ГилбаӀ олучу лам тӀехь.
2
ТӀаккха пӀелаштамхой Шаул-паччахьна а, цуьнан кӀенташна а тӀаьхьабевлира. Цу тӀамехь цара вийра Шаулан кӀентех кхо кӀант: ЯхӀуната, Абинадаб, МалкишаӀ.
3
Шаулна гонах болу тӀом чӀагӀбелира. СекхаӀад кхоссархоша, Шаул волчу агӀор пхерчий а кхиссина, къиза чевнаш йира цунна.
4
ТӀаккха шен герз лелош волчуьнга Шаула элира: «Хьайн тур баттара а даккхий, иза суна а Ӏоттий, вехьа со, оцу сунтбаза болчу пӀелаштамхошка со сийсазвоккхуьйтучул». Амма герзлелориг, ша дукха кхераваларна, ца хӀоьттира иза дан. ТӀаккха, шен тур схьа а даьккхина, цу туьрана тӀе вогӀавелира Шаул.
5
Ткъа герзлелориг, Шаул-паччахь велла хилар шена гича, ша а, шен туьра тӀе а вогӀавелла, велира.
6
Иштта велира Шаул-паччахь. Цуьнан кӀентех кхо кӀант а, цуьнан цӀийнах мел верг а цуьнца цхьаьна велира.
7
ТӀаккха, Шаул-паччахь а, цуьнан кӀентий а беллий а хиъна, иштта берриг тӀемалой дӀабовдуш а гина, тогӀи чохь болу исраилхой, шайн ярташ а йитина, дӀасабевдира. Ткъа пӀелаштамхой, церан ярташка а баьхкина, баха охьахевшира.
8
ШолгӀачу дийнахь пӀелаштамхой беллачарна тӀера мехала йолу хӀуманаш схьаяха бахара. ГилбаӀ-лам тӀе баьхкинчу царна Шаул-паччахьан а, цуьнан кӀентийн а декъий карийра Ӏохкуш.
9
ПӀелаштамхоша Шаулан докъана тӀера ерриг а хӀума схьаяьккхира. ТӀаккха докъана тӀера корта а баьккхина, цуьнан герз схьа а эцна, шайн мохк мел бу шайн цӀушна а, халкъана а хьалха шаьш динчух лаьцна дӀасадаржадайтира цара.
10
Цул тӀаьхьа пӀелаштамхоша Шаулан герз шайн цӀуш лаьттачу цӀенна чу диллира, ткъа цуьнан корта шайн дела ву бохучу ДагӀонан цӀийнан чохь ирхъоьллира.
11
ГалӀад-махкара Явеш олучу гӀалара массо адамна хезира пӀелаштамхоша Шаулна динчух лаьцна.
12
ТӀаккха цигахь бехаш болчу майрачу наха Шаулан а, цуьнан кӀентийн а декъий, дӀа а эцна, ГалӀадера Явеш-гӀала деара. Цигахь оцу майрачу наха, и декъий ножан дитта кӀел дӀа а доьхкина, ворхӀ дийнахь марханаш кхебира.
13
Иштта, Везачу Эло бохург а ца деш, Цунна муьтӀахь ца хиларна, хӀаллакьхиллера Шаул-паччахь. Везачу Эло аьлларг а ца деш, жинашца тайна йолчу зудчух дагавала ваханера Шаул.
14
Шаула Веза Эла ца лоьхура дагавала. Цундела и бахьана долуш Шаул валийтира Везачу Эло. Ткъа цуьнан пачхьалкхана тӀехь деш долу олалла Юшайн кӀентан Даудан кара дӀаделира Цо.
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 11 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29