bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Chronicles 21
1 Chronicles 21
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 22 →
1
Иблис Исраилан халкъана дуьхьалделира. Цо Даудана исраилхой багарбан дагадаийтира.
2
Йоабе а, эскаран хьаькамашка а Дауда элира: «Даха а гӀой, Беар-ШабаӀ-гӀалара дуьйна Дан-гӀалина тӀекхаччалц йолчу меттигашкара исраилхой, багарбай, соьга хаам бе, уьш мел бу суна хаийта».
3
ТӀаккха Йоаба паччахье элира: «Шен халкъ кхин а бӀозза алсамдоккхийла Везачу Эло. Сан олахо волу паччахь, и халкъ дерриг а сан олахо волчу хьан дац ткъа? Ткъа сан олахочунна хӀунда оьшу иза? ХӀунда дуьллу те ахь Исраилан халкъана тӀе и декхар?»
4
Амма паччахьо аьллачу дешнаша къера хилийтира Йоаб. Иштта Йоаб, массо а Исраил-махкахула чекх а ваьлла, Ярушалайме юхавеара.
5
Нах багарбаран жамӀ Дауде дӀаделира Йоаба: берриге а Исраил-махкахь кара тур а лаьцна, тӀом балур болуш волу цхьа миллион цхьа бӀе эзар стаг вара. Ткъа, кара тур а лаьцна, тӀом балур болуш волу яхӀудхо виъ бӀе кхузткъе итт эзар стаг вара.
6
Паччахьо тӀедиллина гӀуллакх шена ца тайна дела, левихой а, бен-яманхой а багар ца бинера Йоаба.
7
И гӀуллакх Далла хьалха там боцуш хилла дела, Цо Исраилан халкъана таӀзар дира.
8
Дауда Деле элира: «И гӀуллакх дар бахьана долуш, аса сайх доккха къа латийна. Веза Эла, Хьан лай волчу суна гечдар доьху аса Хьоьга. ЧӀогӀа хьекъале доцу хӀума дина аса».
9
ТӀаккха Даудах Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаре Везачу Эло элира:
10
«Ваха а гӀой, Дауде дӀаала: „Везачу Эло боху: ‘Хьуна лерина кхо таӀзар ду Сан. Царах хьайна цхьаъ схьахаржа, иза Соьга кхочушдайтархьама’“».
11
Гадас, Дауд волчу а веана, цуьнга элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Кхаа таӀзарх цхьаъ къастаде:
12
Кхаа шарахь мацалла лаьттийла лаьа хьуна, я кхаа баттахь, церан тур хьайна тӀе а кхочуьйтуш, хьайн мостагӀех ведда лела лаьа хьуна, я кхаа дийнахь Везачу Элан тур шайна тӀехь хила лаьа хьуна? Оцу деношкахь махкахь Ӏожаллин ун хӀуттур ду, Везачу Элан Малико берриге а Исраил-махкахула нах хӀаллак а беш. Ойла а яй, соьга хаам бе, хӀун ала аса со Ваийтинчуьнга?“»
13
Дауда Гадига элира: «Соьгахь боккха бала бу! Везачу Элан кара дӀадалийтахьара Ахь тхо, Цуьнан къинхетам чӀогӀа боккха болу дела. Ткъа адамийн кара тхо дӀа ма далийтахьара».
14
ТӀаккха Везачу Эло исраилхошна ун тӀехийцира. Царна юкъахь кхузткъе итт эзар стаг велира, и ун бахьана долуш.
15
Дала Ярушалайме малик дахийтира, иза хӀаллакьяйтархьама. Малик шега аьлларг дан доладелча, хуьлуш болу бохам а гина, дохковаьллачу Везачу Эло адам хӀаллакдеш долчу малике элира: «Тоьар ду! ХӀинца охьадахийта хьайн куьг». Цу хенахь Везачу Элан малик явсайхо волчу Аравнин хьаьттарна юххехь дара.
16
Шен бӀаьргаш хьалахьажийча, Даудана гира лаьттана а, стигална а юкъахь Ярушалаймана тӀехула баттара даьккхина тур карахь долу Везачу Элан малик. ТӀаккха Дауд а, къаной а, тӀехь сингаттаман духар а долуш, шайн яххьаш тӀе лаьтта охьаийгира.
17
Дауда Деле элира: «Халкъ дагардайтинарг со вацара ткъа? Аса латийна и къа, Аса дина и зулам. Ткъа хӀокху наха цхьа а вониг ца дина. Уьш, уьстагӀий санна, суна тӀаьхьахӀиттина лелла. Ва сан Веза Дела, Хьан таӀзар суна а, сан ден доьзална а тӀе доьрзийла, амма Хьан халкъана тӀехь и ун ма дуьсийла!»
18
Везачу Элан малико Гаде элира, Дауде дӀаалийтархьама: «Ваха а гӀой, Везачу Элана сагӀа доккхуш йолу меттиг кечъе явсайхо волчу Аравнин хьаьттарехь».
19
Везачу Эло Гадехула шега аьлларг Дауда кхочушдира.
20
Ша кӀа оруш волчу хенахь, Аравнина юхахьаьжча, малик гира. Цуьнан виъ кӀант цу маликах дӀахьулвелира.
21
Юха Дауд и волчу веара. ДӀахьаьжча, Дауд а гина, хьаьттара схьа а ваьлла, Аравна цунна хьалха лаьтта кхаччалц суждана вахара.
22
Дауда Аравнига элира: «Суна хьайн хьаьтт лохьа, Везачу Элана сагӀа доккхуш йолу меттиг кхузахь соьга кечъяйтархьама, халкъана тӀедаийтина ун сацадайтархьама. Цуьнан билггал шен болчу мехах йохкахьа иза суна».
23
Аравнис Дауде жоп делира: «ДӀаэца хьайна хьаьтт, сан олахо волчу паччахьо шена луъург дойла цунах. Аса хӀара стерчий а дӀало дийнаташ дагоран сагӀина, мекха а дӀало ас дечиган метта, кӀа а дӀало кӀен сагӀина. И дерриг а аса маьхза дӀало хьуна».
24
Ткъа Дауд-паччахьо Аравнига элира: «ХӀан-хӀа, и хьаьтт, шен билггал болчу мехах эца лаьа суна хьоьгара. ХӀунда аьлча хьан долахь йолу хӀума Везачу Элана сайгара сагӀина лур яц аса. Маьхза еллачу хӀуманах дагоран сагӀа а доккхур дац аса».
25
Дауда ялх бӀе шекхал деши делира Аравнина цу меттигах.
26
Цигахь Дауда Везачу Элана лерина долу сагӀа доккху меттиг кечйира. Цо цигахь дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш а дехира. ТӀаккха Везачу Эле кхайкхира иза. Везачу Эло цуьнан доӀанна жоп делира, дийнаташ дагоран сагӀа доккхучу меттигна тӀе стигалара цӀе а йоссош.
27
ТӀаккха Везачу Эло малике, шен тур батта дилла элира.
28
Цу хенахь явсайхочун Аравнин хьаьттахь волчу Дауда, ша Везачу Элана дӀахезна хилар а гина, циггахь сагӀанаш дехира.
29
Ткъа яьссачу аренгахь Мусас дина долу Везачу Элан четар а, дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч а цу хенахь ГавӀон-ломан сагӀа доккхучу гу тӀехь лаьтташ бара.
30
Дауд ца ваьхьира Делах дагавала цига ваха, хӀунда аьлча Везачу Элан маликан туьрах кхеравеллера иза.
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 22 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29