bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Chronicles 18
1 Chronicles 18
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 19 →
1
Цул тӀаьхьа Дауда, пӀелаштамхошна тӀехь толам а баьккхина, уьш муьтӀахь бира. Иштта, Гати-гӀала а, цунна гонах йолу меттигаш а цо пӀелаштамхойн карара схьаехира.
2
Иштта, муабахой а эшийра Дауда, ткъа уьш Даудан лай хилла дӀахӀиттира, кхунна ял а луш.
3
Цоба-мехкан паччахь волу ХӀадад-Ӏезар Эпрат-хина йистехула Ӏохкуш долчу латтанаш тӀехь шен паччахьалла дӀахӀотто воьдучу хенахь, Хьамат-гӀалахь Дауда эшийра.
4
Цуьнгара цхьа эзар гӀудалкх а, ворхӀ эзар бере а, ткъа эзар гӀашло а схьаваьккхира цо. Шен гӀудалкхашна хьалха дӀайожа бӀе говр бен ца юьтуш, массо а говрийн когийн хьорзамаш хедийра цо.
5
Цоба-мехкан паччахь волчу ХӀадад-Ӏезарна гӀоьнна Дамасакхера арамхой баьхкира, амма Дауда ткъе шиъ эзар арамхо хӀаллаквира.
6
Дауда арамхой Ӏаш болчу Дамасакхехь шен эскаран цхьайолу тобанаш дӀахӀиттийра. Иштта, арамхой а Даудан лай хилла дӀахӀиттира, цунна ял а луш. Везачу Эло араволучу массо а меттера толамца цӀа воьрзуьйтура Дауд.
7
ХӀадад-Ӏезаран баьччанех дисина долу дашо турсаш схьа а эцна, Ярушалайме схьадеара Дауда.
8
ХӀадад-Ӏезаран олаллехь хиллачу ТӀивхьат-гӀалара а, Кун-гӀалара а цо дукха ез схьадаьккхира. (ТӀаьхьо цунах Сулим-паччахьо боккха цӀестан яй а, бӀогӀамаш а, пхьегӀаш а Делан цӀенна яйтира.)
9
Хьамат-гӀалахь паччахь волчу ТоӀина хезира, цобахойн паччахьан ХӀадад-Ӏезаран эскар Дауда эшийна аьлла.
10
ТӀаккха ТоӀас шен кӀант ХӀайдарам вахийтира Даудан сий дан а, цунна ХӀадад-Ӏезар эшаварна баркалла ала а, ХӀадад-Ӏезар шеца кест-кеста тӀом беш схьавеана дела. Ша Дауд волчу вогӀуш, ХӀайдарама дашо а, дато а, цӀестан а пхьегӀаш еара.
11
Уьш а Дауд-паччахьо Везачу Элана лерина дечу гӀуллакхна йитира, ша эшийначу къаьмнашкара — эдомхошкара а, муабахошкара а, Ӏамминхошкара а, пӀелаштамхошкара а, Ӏамалекхахошкара а — схьа мел даьккхина долу дети а, деши а санна.
12
Дуьра тогӀи олучу меттигехь Царуятан кӀанта Абушайс берхӀитта эзар эдомхо эшийра.
13
Дауда Эдомехь шен эскаран тобанаш дӀахӀиттийра, ткъа массо а эдомхо цуьнан лай хилла дӀахӀоьттира. Везачу Эло Дауд араволучу массо а меттигера толамца цӀа воьрзуьйтура иза.
14
Дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахьалла а деш, шен халкъаца бакъо а, нийсо а лелош вара Дауд.
15
Царуятан кӀант Йоаб цуьнан эскаран хьаькам вара, ткъа Ахьлудан кӀант ЯхӀушапти пачхьалкхан гӀуллакхаш дӀаяздеш верг вара.
16
Ахьтубин кӀант ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀарин кӀант Ахьи-Малик а динан дай бара, ткъа Шавша йозанчин болх беш вара.
17
ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу кератхошний, палетхошний тӀехь хьаькам вара, ткъа Даудан кӀентий паччахьан хьехамчийн хьалхарнаш бара.
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 19 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29