bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Chronicles 24
1 Chronicles 24
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 23
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 25 →
1
Иштта ю АхӀаронан тӀаьхьенах схьаевлла тобанаш. АхӀаронан кӀентий хилира Надаб, АбихӀу, ЭлиӀазар, Итамар.
2
Надаб а, АбихӀу а шайн дел хьалха дӀакхелхинера. Церан кӀентий ца хилира, цундела динан дай санна гӀуллакх деш ЭлиӀазар а, Итамар а вара.
3
Дауда а, ЭлиӀазаран тӀаьхьенах волчу ЦӀадукъас а, Итамаран тӀаьхьенах волчу Ахьи-Малика а тобанашкахь дӀасабийкъира уьш, царна тӀедехкинчу гӀуллакхашка хьаьжжина.
4
ЭлиӀазаран тӀаьхьенан юкъара болу баьччанаш Итамаран тӀаьхьенна юкъара болчарал совбевлира. Цундела уьш иштта дӀасабийкъира: ЭлиӀазаран тӀаьхьенах ялхитта доьзалийн баьчча, ткъа Итамаран тӀаьхьенах — бархӀ баьчча схьахаьржира.
5
Уьш кхаж тасарца тобанашкахь дӀасабийкъира, хӀунда аьлча Далла хьалхахь а, Цуьнан цӀа чохь а гӀуллакх дан дӀахӀиттийна баьччанаш ЭлиӀазаран а, Итамаран а тӀаьхьенех хилла.
6
Уьш дӀаязбеш вара Натунаилан кӀант ШамӀа-ЯхӀу. Иза левихойх схьаваьлла йозанча вара. Паччахьна а, баьччанашна а, динан дена ЦӀадукъина а, Абу-ЯтӀарин кӀантана Ахьи-Маликана а, динан дайн а, левихойн а доьзалийн баьччанашна а хьалха уьш дӀаязбеш вара ШамӀа-ЯхӀу. Кхаж тосучу хенахь, цкъа хьалха цхьа доьзал ЭлиӀазаран тӀаьхьенах, тӀаккха Итамаран тӀаьхьенах схьахоржура цара.
7
Хьалхара кхаж ЯхӀу-Ярибан белира, шолгӀаниг — ЯдаӀ-ЯхӀун,
8
кхоалгӀаниг — Хьармин, боьалгӀаниг — СаӀуриман,
9
пхоьалгӀаниг — Малки-ЯхӀун, йолхалгӀаниг — Мияманан,
10
ворхӀалгӀаниг — Къоцин, борхӀалгӀаниг — Аби-ЯхӀун,
11
уьссалгӀаниг — ЮшаӀан, уьтталгӀаниг — Шахан-ЯхӀун,
12
цхьайтталгӀаниг — Элишубан, шуьйтталгӀаниг — Якъиман,
13
кхойтталгӀаниг — Хьупайн, бейтталгӀаниг Яшаб-Абун,
14
пхуьйтталгӀаниг — Билгин, ялхитталгӀаниг — Амиран,
15
вуьрхӀитталгӀаниг — Хьецаран, берхӀитталгӀаниг — Хьапицацан,
16
ткъайоьсналгӀаниг — Патахь-ЯхӀун, ткъолгӀаниг — Яхьазкхиалан,
17
ткъе цхьалгӀаниг — Якинан, ткъе шолгӀаниг — Гамулан,
18
ткъе кхоалгӀаниг — Дали-ЯхӀун, ткъе боьалгӀаниг — МаӀаз-ЯхӀун.
19
Исраилан халкъан Везачу Дала, тӀе а дуьллуш, церан дегахула АхӀаронехула билгал-ма-даккхара, Везачу Элан цӀа чохь гӀуллакх дан уьш боьлхучу хенахь, иштта рагӀ яра церан.
20
Бисинчу левихойн тӀаьхьенах йолчу тобанийн баьччанаш хӀорш бара: Ӏамраман тӀаьхьенан баьчча хилира Шубиал; Шубиалан тӀаьхьенан — Яхьди-ЯхӀу;
21
Рехьаб-ЯхӀун тӀаьхьенан хьалхарниг вара Йоши-ЯхӀу;
22
Ицхьархойх баьчча хилира Шалумат; Шалуматин тӀаьхьенан — Яхьат;
23
Хьевронан тӀаьхьенах хьалхарниг хилира Яри-ЯхӀу, шолгӀаниг — Амар-ЯхӀу, кхоалгӀаниг — Яхьазиал, воьалгӀаниг — ЕкхамӀам;
24
Ӏузиалан тӀаьхьенах волчу Микин тӀаьхьенах — Шамир.
25
Микин ваша волчу Йоши-ЯхӀун тӀаьхьенах — Закри-ЯхӀу;
26
Мерарин кӀентий бара: Махьли, Мушхьи, ЯӀзи-ЯхӀу.
27
Мерарин кӀант волчу ЯӀзи-ЯхӀун тӀаьхьенан баьччанаш хилира: ШухӀам, Закхур, Ӏебар.
28
Махьлин тӀаьхьенан — ЭлиӀазар. ЭлиӀазаран кӀентий бацара.
29
Къушин тӀаьхьенан — Ярахьмиал.
30
Мушхьин кӀентий бара: Махьли, Ӏедар, Еримати. Иштта ю левихойн тӀаьхьенаш, шайн доьзалшка хьаьжжина.
31
Цара а, АхӀаронах схьабевллачу шайн вежарша санна, Дауд-паччахьна а, ЦӀадукъина а, Ахьи-Маликана а, динан дайн а, левихойн а доьзалийн баьччанашна а хьалха кхаж тосура. Доьзалан баьччано а, шен жимаха волчу вашас санна, кхаж тосура.
← Chapter 23
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 25 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29