bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Chronicles 4
1 Chronicles 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 5 →
1
ЯхӀудан хилира хӀара кӀентий: Парас, Хьацрани, Карма, Хьор, Шубали.
2
Шубалин кӀант хилира Раи-ЯхӀу. Иза Яхьатан да хилира. Яхьатан кӀентий хилира: Ахьумай а, ЛахӀда а. Ахьумайн а, ЛахӀдин а тӀаьхьенех цорӀахойн тукхамаш схьадевлира.
3
3-4 Эпратин дуьххьарлера доьзалхо волчу а, Байтлахам-гӀала дӀахӀоттийна волчу а Хьоран кӀентий хӀорш бара: ӀайтӀам, Пенуал, Ӏезар. ӀайтӀаман кӀентий хӀорш бара: ИзраӀал, Ишма, Идбаш. Церан йишин цӀе ХӀацилалпуни яра. Пенуал Гадур-гӀала дӀахӀоттийнарг вара. Ӏезар Хьушат-гӀала дӀахӀоттийнарг вара.
4
***
5
Ашихьур ТакхоӀ-гӀала дӀахӀоттийнарг вара. Ашихьуран ши зуда хилла: Хьалиа, НаӀран.
6
НаӀрана бина кӀентий хӀорш бара: Ахьузам, Хьепар, Тимани, Ахьаштарай. Уьш НаӀранан кӀентий бара.
7
Хьалиан хӀара кӀентий хилира: Царати, ЦӀохьар, Этнани,
8
Къоца. Къоцин хилира кӀентий: Ӏануб, Цубиба. Къоцин тӀаьхьенах схьадевлира ХӀаруман кӀант волчу Ахьархьилан тукхамаш.
9
Ткъа ЯӀабац шен вежарел лоруш стаг вара. Цуьнан нанас: «Аса чӀогӀачу лазаршца дуьнен чу ваьккхина хӀара», — аьлла, ЯӀабац цӀе тиллина хилла цунна.
10
ЯӀабаца, исраилхойн Деле доӀа а деш, дийхира: «Ахьа со декъал а вахьара, сан латта шор а дахьара, со зуламех лар а веш, Хьо суна уллохь а хилахьара, со лазарш доцуш хилийтархьама!» — аьлла. ТӀаккха цо деххнарг делира цунна Дала.
11
Ткъа Халуб Шухьин ваша вара. Халубан кӀант вара Махьир. Ткъа Махьир Эштунан да вара.
12
Эштунан кӀентий бара: Байт-Рапа, Писухьа, Тахьина. Тахьинас Нахьаш-гӀала дӀахӀоттийра. Уьш Реха-гӀалин бахархой бара.
13
Кхеназан кӀентий хӀорш бара: Ӏотниал, Сари-ЯхӀу. Ӏотниалан кӀентий хӀорш бара: Хьатати, МаӀунутай.
14
МаӀунутай Ӏапрун да вара. Сари-ЯхӀу Йоабан да вара. Йоаб Пхьерийн тогӀи дӀахӀоттийнарг вара. Шаьш пхьераш болу дела тиллина хиллера цара и цӀе.
15
Епунин кӀант волчу Килабан кӀентий хӀорш бара: Ӏиру, Эли, НаӀам. Элан кӀант вара Кхеназ.
16
ЯхӀалал-Элан кӀентий хӀорш бара: Зип, Зипа, Тиръя, Асариал.
17
17-18 Ӏезаран кӀентий хилла: ИтӀар, Мерад, Ӏайпар, Ялун. Ткъа Мерада пирӀунан йоӀ йолу Бит-ЯхӀу шена ялийра. Цо Мерадана дина бераш хӀорш дара: Марем, Шамай, Ишбахь. Ишбахьа ЭштамуӀа-гӀала дӀахӀоттийра. ЯхӀудхо йолчу Мерадан зудчо дина бераш хӀорш дара: Ярад, Хьебар, Якхутиал. Ярада Гадур-гӀала дӀахӀоттийра, Хьебара — Соха-гӀала, Якхутиала — Занухь-гӀала.
18
***
19
Нахьаман йиша йолчу ХӀуди-ЯхӀун зудчун кӀентий хӀорш бара: гармихо волчу КъаӀилан да а, маӀхахо волу ЭштамуӀ а.
20
ШимӀунан хӀара кӀентий хилира: Амнан, Рина, Бен-Хьанани, Тилун. Ишхьин хӀара кӀентий хилира: Зухьати, Бен-Зухьати.
21
ЯхӀудан кӀант волчу Шейлин кӀентий хӀорш бара: Лека-гӀала дӀахӀоттийна волу Ӏаьр, Мареша-гӀала дӀахӀоттийна волу ЛаӀда, Байт-АшбаӀ-гӀалара ветанан кӀади деш хилла долу тукхамаш,
22
иштта цуьнан тӀаьхьенах бара хӀорш: Йокхам а, Хузба-гӀалара бахархой а, кхин а Юаш а, Сарап а. Цушиммо Муаби-махкахь а, Яшуби-Лехьамахь а олалла дора. (Царах лаьцна яздина хилларг ширачу тептарш тӀера ду.)
23
Шейлин кӀенташа кхийра пхьегӀаш йора. Уьш НатиӀам-гӀалахь а, Гадира-гӀалахь а Ӏаш бара, паччахьна гӀуллакх а деш.
24
ШимӀин хӀара кӀентий хилира: Намуал, Ямин, Ярби, Зерахь, Шаул.
25
Шаулан хилира кӀант Шалум. Шалуман хилира кӀант Мибасам. Мибасаман хилира кӀант МишмаӀ.
26
МишмаӀан тӀаьхье иштта яра: цуьнан хилира кӀант Хьамуал. Закхур хилира Хьамуалан кӀант. Закхуран кӀант хилира ШамаӀи.
27
ШамаӀин ялхитта кӀант а, ялх йоӀ а хилира. Ткъа ШамаӀин вежарийн бераш дукха ца хилира. ЯхӀудан тайпа санна доккха ца хилла ШамаӀин тӀаьхьенан долу дерриг а тукхам.
28
Уьш бехаш бара Беар-ШабаӀ а, Мулада а, Хьацар-ШуӀал а гӀаланашкахь.
29
Иштта Балхьат а, Ӏацам а, Тулад а,
30
Бетаал а, Хьорма а, ЦакхелагӀ а,
31
Байт-Маркабут а, Хьацар-Сусам а, Байт-Бари а, ШаӀрайм а гӀаланашкахь а бехира уьш. И гӀаланаш церан долахь хилла Дауда паччахьалла даллалц.
32
Церан пхи гӀала хилла шайн ярташца: ӀайтӀам, Ӏейн, Римун, Тухан, Ӏашун.
33
Иштта оцу гӀаланашна гонах хилла йолу ярташ а БаӀалт-гӀалина тӀекхаччалц церан долахь яра. Иштта яра уьш баха охьахевшина меттигаш а, церан схьабовлар а цу тайпана дара.
34
Машубаб, Ямлекха, Амци-ЯхӀун кӀант Юша,
35
Юал, Ӏасиалан кӀентан Сари-ЯхӀун кӀант Йошби-ЯхӀун кӀант ЯхӀу,
36
ЭлъюӀинай, ЯӀакхуба, Яшухь-ЯхӀу, Ӏаси-ЯхӀу, Ӏадиал, Яшмиал, БенъяхӀу,
37
ШамӀа-ЯхӀун кӀентан Шимрин кӀант волчу а, Яди-ЯхӀун кӀентан Ӏалунан кӀант волчу ШипаӀан кӀант волу Зиза а —
38
уьш шайн тукхамийн баьччанаш бара. Церан тӀаьхье чӀогӀа дебнера.
39
Шайн хьайбанашна дежийла лоьхуш, Гадур-махкана а, цунна малхбалехьа йолчу тогӀина а тӀекхаччалц дӀабаханера уьш.
40
Шаьш баханчохь царна токх йолу а, дика а дежийла карийна. Иштта боккха а, тийна а, шайна кхерам боцу а мохк карийна хилла царна. Уьш цига кхачале, цигахь кӀеззиг болу хьамахой бен бехаш ца хиллера.
41
ЯхӀудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхӀун заманахь, и цӀераш хилларш, схьа а баьхкина, хьамахойн четаршна а, цигахь бехаш болчу маӀунхошна а тӀелеттера. Цара уьш берриш а хӀаллакбина. Таханлерчу денна тӀекхаччалц а иза иштта ду. Церан метта уьш цигахь баха охьахевшина, хӀунда аьлча жа дажо меттигаш хилла царна цигахь.
42
Ткъа царна юкъара ШимӀин тӀаьхьенах хилла волу пхи бӀе стаг СеӀир-лаьмнашка ваханера. Церан коьртехь хилла Палти-ЯхӀу, НаӀар-ЯхӀу, Рапи-ЯхӀу, Ӏузиал. Уьш Ишхьин тӀаьхьенах хилла.
43
Цигахь дийна бисина болу Ӏамалекхахой байа а байина, баха охьахевшина уьш. Таханлерчу денна тӀекхаччалц уьш цигахь бехаш бу.
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29