bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Chronicles 2
1 Chronicles 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 3 →
1
Исраилан кӀентий бара: Раабан, ШимӀа, Леви, ЯхӀуд, Иссархан, Забул,
2
Дан, Юсуп, Бен-Яман, Наптал, Гада, Ашар.
3
ЯхӀудан кӀентий бара: Ӏаьр, Онан, Шейла. Цунна и кхо кӀант вина хилла канаӀанхо йолчу ШуӀин йоӀа. ЯхӀудан дуьххьарлера доьзалхо волу Ӏаьр Делан бӀаьргашна хьалха вон вара, цундела иза Дала валийтира.
4
ЯхӀудан несо Тамарас ЯхӀудана ши кӀант винера: Парас, Зерахь. Верриг а пхи кӀант вара ЯхӀудан.
5
Парасан кӀентий бара: Хьацрани, Хьамал.
6
Зерахьан кӀентий бара: Зимари, Этан, ХӀайман, Калкал, ДарӀа. Уьш верриг пхи кӀант вара.
7
Далла лерина йохо дӀакъастийна хӀуманаш схьа а эцна, Исраилан халкъана бала тӀебаийтина волу Ахари хилла Кармин кӀант.
8
Этанан кӀант вара Ӏазар-ЯхӀу.
9
Хьацранина бина кӀентий бара: Ярахьмиал, Рам, Килаб.
10
Рамин хилира кӀант Ӏамминадаб. Ӏамминадабан хилира кӀант Нахьшон, ЯхӀудан тайпанан баьчча хилла волу.
11
Нахьшонан хилира кӀант Салма. Салмин хилира кӀант БоӀаз.
12
БоӀазан кӀант хилира Ӏабади. Ӏабадин кӀант хилира Юшай.
13
Юшайн хилира кӀентий: дуьххьарлерниг Элиаб, шолгӀаниг Абинадаб, кхозлагӀниг ШимӀа,
14
воьалгӀаниг Натунаил, пхоьалгӀаниг Радай,
15
йолхалгӀаниг Оцам, ворхӀалгӀаниг Дауд.
16
Церан йижарий бара: Царуят, АбигӀал. Царуятан кхо кӀант хилира: Абушай, Йоаб, ӀасахӀал.
17
АбигӀала вира кӀант Ӏамасаъ. Ӏамасаан да вара исмаьӀалхо волу ИтӀар.
18
Хьацранин кӀентан Килабан зудчо Ӏазубата йира йоӀ Яриат. Цо бина кӀентий бара: Ешар, Шубаб, Ардун.
19
Ӏазубат елча, Килаба шена Эпрати ялийра. Цо вира кӀант Хьор.
20
Хьоран кӀант хилира Ури. Урин кӀант хилира Бацалиал.
21
ТӀаккха Хьацранис, шен кхузткъа шо долуш, ГалӀадан да волчу Макиран йоӀ ялийра шена. Цо Хьацранина вира кӀант Чагуб.
22
Чагубан кӀант хилира Яир. ГалӀад-махкахь ткъе кхоъ гӀала яра цуьнан долахь.
23
Амма гешурхоша а, арамхоша а Яиран махкара эвлаш а, Кхинат-гӀала а, цуьнца йоьзна хилла йолу кхузткъа юрт а цаьргара схьаяьккхира. Цигахь Ӏаш болу берриш а ГалӀадан дех Макирах схьабевллера.
24
Килаб-Эпратин махкахь Хьацрани веллачул тӀаьхьа Хьацранин зудчо Аби-ЯхӀус вира кӀант Ашихьур. Цо ТакхоӀ-гӀала дӀахӀоттийра.
25
Хьацранин дуьххьарлера доьзалхо волчу Ярахьмиалан кӀентий бара: хьалхарниг Рам, цул тӀаьхьа Буна, Оран, Оцам, АхьъяхӀу.
26
Ярахьмиалан кхин а зуда яра. Цуьнан цӀе Ӏатрат яра. Иза Онаман нана яра.
27
Ярахьмиалан дуьххьарлера доьзалхо волчу Рамин кӀентий бара: МаӀац, Ямин, Ӏекхар.
28
Онаман кӀентий бара: Шамай, ЯдаӀ. Шамайн кӀентий бара: Надаб, Абишур.
29
Абишуран зудчун цӀе яра Абу-ХӀаил. Цо Абишурана бина кӀентий бара: Ахьбан, Мовлид.
30
Надабан кӀентий бара: Селад, Апайм. Селад, цхьа а бер доцуш, велла.
31
Апайман кӀант хилира Ишхьи. Ишхьин кӀант хилира Шишан. Шишанан — Ахьлай.
32
Шамайн вешин ЯдаӀан кӀентий бара: ИтӀар, ЯхӀуната. ИтӀар, цхьа а бер доцуш, велла.
33
ЯхӀунатин кӀентий бара: ПелатӀа, Заза. Иштта яра Ярахьмиалан тӀаьхье.
34
Шишанан, йоӀарий бен, кӀентий ца хилира. Цуьнан, ЯрхьаӀ цӀе а йолуш, мисархо волу лай вара.
35
Шишана шен йоӀ оцу ЯрхьаӀе маре яхийтира, ткъа цо вира кӀант Атай.
36
Атайн хилира кӀант Ната, ткъа Натин хилира кӀант Забад.
37
Забадан хилира кӀант: Эплал. Эплалан хилира кӀант Ӏабади.
38
Ӏабадин хилира кӀант ЯхӀу, ткъа ЯхӀун хилира кӀант Ӏазар-ЯхӀу.
39
Ӏазар-ЯхӀун хилира кӀант Хьелац. Хьелацан хилира кӀант ЭлиӀаса.
40
ЭлиӀасан хилира кӀант Сисмай. Сисмайн хилира кӀант Шалум.
41
Шалуман хилира кӀант Якхам-ЯхӀу. Якхам-ЯхӀун хилира кӀант Эли-ШамаӀ.
42
Ярахьмиалан вешин Килабан масех кӀант хилира. Цуьнан дуьххьарлера доьзалхо хилира МешаӀ. Иза Зипан да хилира. Килабан кхин а цхьа кӀант Мареша хилира, иза Хьевронан да хилира.
43
Хьевронан хӀара кӀентий хилира: Кхорахь а, Тапухьа а, Рекхам а, ШемаӀ а.
44
ШемаӀан хилира кӀант Рахьам, иза ЙоркхиӀаман да хилира. Ткъа Рекхаман хилира кӀант Шамай.
45
Шамайн хилира кӀант МаӀун, ткъа МаӀун Байт-Цуран да хилла.
46
Килабан гӀарбаш-зудчун цӀе Ӏейпа яра. Иза ХӀаранан а, Муцин а, Газизан а нана яра. Ткъа ХӀаранан хилира кӀант Газиз.
47
ЯхӀдайн кӀентий бара: РегӀам, Йовтам, Гишан, Пелат, Ӏейпа, ШаӀапа.
48
Килабан кхин гӀарбаш-зуда а яра. Цуьнан цӀе МаӀха яра. МаӀха яра Шебаран а, Тирхьанан а нана.
49
Иштта ШаӀапан а, Шивин а нана а яра иза. ШаӀапа Мадманан да вара. Шива вара Махбенан а, ГибаӀан а да. Килабан йоӀ Ӏахисат яра.
50
Килабан тӀаьхьенан цӀераш хӀорш яра: Хьор вара Эпратин дуьххьарлера кӀант. Хьоран кӀентий хилира: Кхиръят-ЯӀарим-гӀала дӀахӀоттийна волу Шубали,
51
Байтлахам-гӀала дӀахӀоттийна волу Салма, Байт-Гадер-гӀала дӀахӀоттийна волу Хьарпа.
52
Кхиръят-ЯӀарим-гӀала дӀахӀоттийначу Шубалих схьабевлира хӀаруахой а, манухьутхойн ахтукхам а.
53
Кхиръят-ЯӀаримера тукхамаш хӀорш дара: итархой, путахой, шуматхой, мишраӀхой. Царах схьабевлира цорӀахой а, эштаулхой а.
54
Салмин тӀаьхьенах схьабевлира: байтлахамхой, натӀупатхой, Ӏатрут-Байт-Йоабан бахархой, манахьтихойн ахтукхам, цорӀахой,
55
иштта ЯӀабац-гӀалахь бехаш болу тептарш яздеш болчийн тукхамаш: тирӀатхой, шимӀатхой, сухахой. И тептарш яздинарш хилла Хьаматан тӀаьхьенах болу кхенахой. Хьамат вара рахбихойн тукхаман да.
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29