bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Chronicles 13
1 Chronicles 13
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 14 →
1
Массо а баьччанех — эзарна тӀехь болчу хьаькамех а, бӀенна тӀехь болчу хьаькамех а — дагавелира Дауд.
2
Исраилхойн массо а гуламе Дауда элира: «Нагахь шуна иза дика а хетахь, нагахь иза вайн Везачу Делан лаамехь а делахь, Исраилан махкарчу массо а меттера кхиболчу вайн гергарчарна а, шайн дежийлашна уллохь йолчу гӀаланашкахь болчу динан дайшна а, левихошна а тӀе нах бохуьйтур бу вай, халкъ схьагулде аьлла.
3
Вай вешан Делан тӀорказ схьадахьар ду, хӀунда аьлча Шаулан заманчохь вай цуьнгахула Делах дага ца довлура».
4
Массо а гуламо элира: «Хуьлийла иза иштта!» ХӀунда аьлча массо а халкъана и гӀуллакх нийса хийтира.
5
Иштта Дауда схьагулбира массо а исраилхой, Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тӀера къилбаседехьа йолчу Хьамат-Ӏинна тӀе кхаччалц, Кхиръят-ЯӀаримера Делан тӀорказ схьадархьама.
6
Дауд а, цуьнца долу дерриг а Исраилан халкъ а ЯхӀуд-махкарчу БаӀала-гӀала (и ю Кхиръят-ЯӀарим-гӀала) дахара, Делан тӀорказ цигара схьадан. (Цу тӀорказца йоьзна ю Везачу Элан цӀе. ТӀорказан негӀар тӀехь дина дӀахӀоттийна дашо ши каруб-малик ду. Царна тӀехула ю Везачу Элан меттиг.)
7
Иштта Делан тӀорказ, керлачу ворданна тӀе а диллина, Абинадабан цӀера дӀадаьхьира. Ӏузий, Ахьъюй и ворда лелош вара.
8
Ткъа Дауда а, массо а исраилхоша а Далла хьалха, шайн ницкъ мел бу эшарш а лоькхуш, тайп-тайпанчу дечиг-пондаршца а, жиргӀанашца а, негӀарш вовшахдеттарца а, турбанашца а мукъам балабора.
9
Уьш Кидунан хьаьтта дӀакхаьчча, Ӏузас, куьг дӀа а кховдийна, Делан тӀорказ схьалецира, стерчаша иза агӀордаьккхина дела.
10
Амма Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Ӏузина. Везачу Эло Ӏуза вийра, цо, куьг дӀа а кховдийна, Делан тӀорказ схьалацарна. Иза циггахь Далла хьалха велира.
11
ТӀаккха Дауд чӀогӀа оьгӀазвахара, Везачу Эло Ӏузина тохар бахьана долуш. И меттиг хӀинца а «Парас Ӏуза» олуш ю (иза «Ӏузина тохар» бохург ду).
12
Цу дийнахь Дауд кхеравелира Делах. Дауда элира: «Со волчу муха дӀахьур ду аса Делан тӀорказ?»
13
Иштта, и тӀорказ ша волчу, Даудан гӀала, дӀа ца даьхьира Дауда. Цо иза гатихо волчу Ӏабади-Эдоман цӀа дӀадаьхьира.
14
Кхаа баттахь лаьттира Делан тӀорказ Ӏабади-Эдоман цӀахь. Ӏабади-Эдоман цӀа а, цуьнан мел йолу хӀума а Везачу Эло декъалйира.
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 14 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29