bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Chronicles 23
1 Chronicles 23
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 24 →
1
Дауд, дикка дуьне а диъна, къанвелира. Шен кӀант Сулим, Исраил-мехкан паччахь а вина, дӀахӀотто лиира цунна.
2
Исраил-мехкан массо а баьччанаш схьагулбира Дауд-паччахьо. Иштта схьагулбира цо массо а динан коьрта дай а, левихой а.
3
Дауд-паччахьо гулбеллачарна юккъера берриг а ткъе итт шо я цул сов хан йолу левихой багарбайтира. Уьш верриг а ткъе берхӀитта эзар стаг вара.
4
Дауд-паччахьо элира: «Царах ткъе виъ эзар левихочо Везачу Элан ЦӀенна тӀехь бечу белхийн куьйгалла дийр ду. Ткъа йозанца болу белхаш бийраш а, кхелахой а ялх эзар левихо хир ву.
5
Виъ эзар левихо ха деш хир ву, ткъа важа виъ эзар левихо зурманаш лоькхучу гӀирсаш тӀехь гӀуллакх деш хир ву. И зурманаш локху гӀирс леррина Веза Эла хасто бина бу».
6
И левихой кхаа тобане бийкъира Дауд-паччахьо. Уьш Левин кхаа кӀентан тӀаьхьенах бара: ГӀиршанах, КхахӀатах, Мерарих.
7
ГӀиршанан тӀаьхьенах царна юкъахь бара: ЛаӀдан, ШамаӀи.
8
ЛаӀданан кхо кӀант вара: воккхаха верг — Яхьиал, важа шиъ — Зетам а, Юал а.
9
ШамаӀин кӀентий бара: Шалумати, Хьазиал, ХӀарон. И кхо кӀант ЛаӀданан тӀаьхьенан баьчча вара.
10
Кхин а виъ кӀант вара ШамаӀин. Уьш бара: Яхьат, Зиза, ЕӀуш, БериӀ.
11
Яхьат царах воккханиг вара, ткъа Зиза шолгӀаниг вара. Ткъа ЕӀушан а, БериӀан а бераш кӀеззиг дара, цундела уьш цхьа доьзал санна лорура.
12
КхахӀатан виъ кӀант вара: Ӏамрам, Ицхьар, Хьеврон, Ӏузиал.
13
Ткъа Ӏамраман ши кӀант вара: АхӀарон а, Муса а. АхӀарон а, цуьнан тӀаьхье а гуттаренна а къастийнера Дала, цаьрга уггар деза гӀуллакхаш кхочушдайтархьама. Царна тӀедиллина гӀуллакхаш хӀорш дара: Везачу Элана хьалха хаза хьожа йогӀу кӀур баккхар а, Цунна Ӏамал яр а, Цуьнан цӀарах адамаш декъалдар а.
14
Ткъа Муса Делан стаг вара. Цуьнан кӀентий Левин тӀаьхьенах лоруш бара.
15
Мусан кӀентий бара: ГӀиршам, ЭлиӀазар.
16
ГӀиршаман воккхаха волу кӀант вара Шубиал.
17
ЭлиӀазаран дуьххьарлера доьзалхо вара Рехьаб-ЯхӀу. Кхин кӀентий бацара ЭлиӀазаран. Амма Рехьаб-ЯхӀун дуккха а кӀентий бара.
18
Ицхьаран воккхаха волу кӀант вара Шалумати.
19
Хьевронан воккхаха волу кӀант вара Яри-ЯхӀу. ШолгӀа кӀант Ӏамар-ЯхӀу вара. КхоалгӀаниг Яхьазиал вара. Ткъа ЕкхамӀам Хьевронан воьалгӀа кӀант вара.
20
Ӏузиалан воккхаха волу кӀант вара Мика. Йоши-ЯхӀу цуьнан шолгӀа кӀант вара.
21
Мерарин кӀентий бара: Махьли, Мушхьи. Махьлин кӀентий бара: ЭлиӀазар, Къуша.
22
ЭлиӀазаран кӀентий бацара, цуьнан йоӀарий бара. ЭлиӀазаран йоӀарий шайн гергара болчу Къушин кӀенташка маре бахара.
23
Мушхьин кхо кӀант вара: Махьли, Ӏедар, Еримати.
24
Иштта яра шайн тайпанашца а, доьзалшца а йолу Левин тӀаьхьенаш. И тӀаьхьенаш шайн цӀерашца хӀокху йозанна тӀехь дӀаязйина ю. Ткъа шо я цул сов хан йолчу левихошна бен ца магадора Везачу Элан ЦӀа чохь гӀуллакхаш дан.
25
Дауда олура: «Исраилан халкъан Везачу Дала Шен халкъана машар белла. Веза Эла гуттаренна а Ярушалаймехь вуьсу.
26
ХӀинца дуьйна Делан деза четар а, цунна чохь гӀуллакх деш лелош йолу хӀуманаш а лело езар яц шайца левихоша».
27
Даудан тӀаьххьара долчу омранашна тӀе а доьгӀна, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчу массо а левихоша
28
Везачу Элан ЦӀа чохь гӀуллакх деш болчу АхӀаронан тӀаьхьенах болчарна гӀо дан дезаш дара. Левихоша цӀано латто езаш яра цу ЦӀийнан керташкахь а, цуьнан агӀонаш тӀехь йолчу чоьнашкахь а. Цара Везачу Элан ЦӀа чохь а, кертахь а мел йолу хӀума цӀанйора. Левихойн болх бара Везачу Элан ЦӀа чохь а, кертахь а гӀуллакх дар.
29
Левихоша тергам бора Везачу Элан ЦӀа чохь дӀахӀотточу, Далла лерина долчу баьпкан а, цара дола дора ялтин сагӀанашна лерина долчу деман а, иштта совсаза болчу бедах динчу хьокхамийн а, доттучу баьпкан а, бод кечбаран а тергам бора цара. Цара массо а хӀуманан барам лелабора.
30
ХӀора Ӏуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана баркалла а кхайкхош, хастамаш бан а безара левихоша.
31
Цара изза дан дезара къастийначу дезачу деношкахь а, керла бутт болалуш долчу дезачу деношкахь а, дезачу шоьтан деношкахь а, хӀоразза а Везачу Элана дийнаташ дагоран сагӀанаш даьхча а. Яздина билгалдаьккхина ма-хиллара, Везачу Элана хьалха гӀуллакх дан дезара левихоша массо а хенахь.
32
Иштта, левихоша гуламан четарна уллохь ха а дора, еза хӀуманаш лар а йора. Цара гӀо дора АхӀаронан тӀаьхьенах болчу шайн гергарчу нахана Везачу Элан ЦӀийнан кертахь Далла гӀуллакх дан.
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 24 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29