bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Chronicles 25
1 Chronicles 25
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 24
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 26 →
1
Дауда а, эскаран хьаькамаша а, дечиг-пондаршца а, мерз-пондаршца а, цӀастанан негӀаршца а мукъамаш а балош, Делера болу хаамаш кхайкхоран гӀуллакхна схьакъастийра Асайпан а, ХӀайманан а, Ядутунан а тӀаьхьенах берш. Шайн-шайн гӀуллакхе хьаьжжина, иштта болх бан дӀакъастийначу нехан цӀераш хӀорш ю:
2
Асайпан кӀентех бара: Закхур, Юсуп, Натан-ЯхӀу, Асар-Эла. Асайпан кӀенташа цуьнан куьйгаллехь гӀуллакх дора, ткъа Асайпа — паччахьан куьйгаллехь Делера болу хаамаш бора.
3
Ядутунан кӀентех вара: Гадал-ЯхӀу, Зари, ЯшаӀ-ЯхӀу, ШамаӀи, Хьашби-ЯхӀу, Маттит-ЯхӀу. Уьш ялх кӀант вара. Царна тӀехь куьйгалла а деш, церан дас Ядутуна Делера хаамаш бора, дечиг-пондар лакхарца Везачу Элана баркаллаш а олуш, Цунна хастамаш а беш.
4
ХӀайманан кӀентех вара: Букъи-ЯхӀу, Матан-ЯхӀу, Ӏузиал, Шубиал, Еримати, Хьанан-ЯхӀу, Хьанани, Эли-Ата, Гидалти, Румамти-Ӏезар, Йошбикхаша, Малути, ХӀутир, Махьзиут.
5
Хиндерг гуш волчу а, Делера хаамаш нуьцкъала беш волчу а паччахьан пайхамаран ХӀайманан кӀентий бара уьш берриш а. Вейтта кӀант а, кхо йоӀ а еллера Дала ХӀайманна.
6
Цара массара а, шайн дайша куьйгалла а деш, Везачу Элан цӀийнан кертахь цӀастанан негӀаршца а, мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а иллеш аларца Далла гӀуллакх дора. Ткъа Асайп а, Ядутун а, ХӀайман а паччахьан куьйгаллехь вара.
7
Шайн гергарчаьрца цхьаьна, Везачу Элана хьалха иллеш ала Ӏемина а, говза волу а ши бӀе везткъе бархӀ стаг вара уьш верриг а (288).
8
Цара массара а, жима а, воккха а доцуш, хьехархоша дешархошца цхьабосса кхаж тосура, шаьш гӀуллакх дан деза рагӀ билгалйоккхуш.
9
Хьалхара кхаж Асайпан тӀаьхьенах волчу Юсупан белира. ШолгӀаниг — Гадал-ЯхӀун а, цуьнан вежарийн а, кӀентийн а белира. Уьш шийтта вара.
10
КхоалгӀаниг — Закхуран а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
11
БоьалгӀа кхаж — Изрин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
12
ПхоьалгӀа кхаж — Натан-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
13
ЙолхалгӀа кхаж — Букъи-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
14
ВорхӀалгӀаниг — Ясар-Элан а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
15
БорхӀалгӀаниг — ЯшаӀ-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
16
УьссалгӀаниг — Матан-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
17
УьтталгӀаниг — ШамаӀин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
18
ЦхьайтталгӀаниг — Ӏазариалан а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
19
ШуьйтталгӀаниг — Хьашби-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
20
КхойтталгӀаниг — Шубиалан а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
21
БейтталгӀаниг — Маттит-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
22
ПхуьйтталгӀаниг — Ериматин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
23
ЯлхитталгӀаниг — Хьанан-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
24
ВуьрхӀитталгӀаниг — Йошбикхашан а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
25
БерхӀитталгӀаниг — Хьананин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
26
ТкъайоьсналгӀаниг — Малутин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
27
ТкъолгӀаниг — Эли-Атин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
28
Ткъе цхьалгӀаниг ХӀутиран а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
29
Ткъе шолгӀаниг — Гидалтин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
30
Ткъе кхоалгӀаниг — Махьзиутан а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
31
Ткъе боьалгӀаниг — Румамти-Ӏезаран а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
← Chapter 24
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 26 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29