bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Chronicles 20
1 Chronicles 20
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 21 →
1
Цхьа шо даьлча, паччахьаш тӀамана арабовлучу хенахь, Йоаба эскар арадаьккхира. Ӏамминхойн мохк боха а бина, схьа а веана, Рабба-гӀалина го бира цо. Ткъа Дауд Ярушалаймехь сецира. Йоаба Рабба-гӀала, схьа а яьккхина, йохийра.
2
Дауда церан паччахьан коьртара деших дина, дезачу жовхӀарех кхелина долу таж схьаийцира. И таж дешин шина пуьнтах динера. Иза Даудан коьрта тӀе диллира. Цо дуккха а хӀонс араяьккхира цу гӀалара.
3
Рабба-гӀалахь мел болу бахархой ара а баьхна, уьш херхашца, аьчка отургашца, дагаршца болх бан дӀахӀиттийра цо. Дауда массо а Ӏамминхойн гӀаланашкахь цу тайпана белхаш дӀаболийра. Цул тӀаьхьа Дауд а, дерриг а цуьнан эскар а Ярушалайме юхадирзира.
4
Цул тӀаьхьа ГӀазар-гӀалахь пӀелаштамхошца тӀом дӀаболабелира. Цигахь хьушатхо волчу Субахис турпалш болчу репахойн тӀаьхьенах волу Сипай вийра. ТӀаккха уьш муьтӀахь хилира исраилхошна.
5
ТӀаьхьо кхин а цхьа тӀом хилира пӀелаштамхошца. Цигахь ЯӀиран кӀанта Элхьанана гатихо волчу ГӀолиатан ваша Лахьми вийра. Цуьнан гоьмукъа тӀера гӀаж кӀадидархочо болх бечу хенахь лелош йолу еха гӀаж санна яра.
6
Гати-гӀалахь кхин а хилира тӀом. Цигахь цхьа инзаре лекха стаг вара. Цуьнан куьйгийн а, когийн а ялх-ялх пӀелг бара. Уьш берриш а ткъе биъ пӀелг бара. И стаг а турпалш болчу репахойх схьаваьлла вара.
7
Иза, исраилхойх лаьцна вон бага етташ, луьйш вара. И репахо Даудан вешин ШимӀин кӀанта ЯхӀунатас вийра.
8
И кхо стаг Гати-гӀаларчу турпалш болчу репахойн гаранах схьаваьлла вара. Уьш Даудан а, цуьнан эскархойн а карах белира.
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 21 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29