bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Chronicles 6
1 Chronicles 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 7 →
1
Левин кӀентий хӀорш бара: ГӀиршан, КхахӀат, Мерари.
2
КхахӀатан кӀентий хӀорш бара: Ӏамрам, Ицхьар, Хьеврон, Ӏузиал.
3
Ӏамраман бераш хӀорш дара: АхӀарон, Муса, Марем. АхӀаронан кӀентий хӀорш бара: Надаб, АбихӀу, ЭлиӀазар, Итамар.
4
ЭлиӀазаран хилира кӀант Пайнехьас. АбишуӀ Пайнехьасан кӀант вара.
5
АбишуӀан кӀант вара Букхай. Букхайн кӀант вара Ӏузи.
6
Ӏузин кӀант вара Зарахь-ЯхӀу. Зарахь-ЯхӀун кӀант вара Маръюти.
7
Маръютин вара кӀант Амар-ЯхӀу. Амар-ЯхӀун кӀант вара Ахьтуби.
8
Ахьтубин кӀант вара ЦӀадукъа. ЦӀадукъин кӀант вара АхьимаӀац.
9
АхьимаӀацан кӀант вара Ӏазар-ЯхӀу, ткъа Ӏазар-ЯхӀун кӀант вара Йохьан.
10
Йохьанан кӀант вара Ӏазар-ЯхӀу. Иза вара Ярушалаймехь Сулим-паччахьо дӀахӀоттийначу Делан цӀа чохь динан да.
11
Ӏазар-ЯхӀун кӀант вара Амар-ЯхӀу, ткъа Амар-ЯхӀун кӀант вара Ахьтуби.
12
Ахьтубин кӀант вара ЦӀадукъа, ткъа ЦӀадукъин кӀант вара Шалум.
13
Шалуман кӀант вара Хьалкхи-ЯхӀу, ткъа Хьалкхи-ЯхӀун кӀант вара Ӏазар-ЯхӀу.
14
Ӏазар-ЯхӀун кӀант вара Сари-ЯхӀу, ткъа Сари-ЯхӀун кӀант вара ЯхӀу-ЦӀадакъа.
15
Везачу Эло Набухди-Нецаран куьйгахула ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а бахархой йийсаре дӀабигийтинчу хенахь, ЯхӀу-ЦӀадакъа цаьрца цхьаьна йийсаре вахара.
16
Иштта Левин кӀентий хӀорш бара: ГӀиршан, КхахӀат, Мерари.
17
ХӀорш ю ГӀиршанан кӀентийн цӀераш: Ливани, ШамаӀи.
18
КхахӀатан кӀентий хӀорш бара: Ӏамрам, Ицхьар, Хьеврон, Ӏузиал.
19
Мерарин кӀентий хӀорш бара: Махьли, Мушхьи. Левин тӀаьхьенах схьадевлла тукхамаш, церан доьзалшка хьаьжжина, хӀорш ду:
20
ГӀиршанан тӀаьхье иштта яра: цуьнан кӀант вара Ливани. Ливанин кӀант вара Яхьат. Зами вара Яхьатан кӀант.
21
Замин кӀант вара Юахьи. Ткъа Юахьин кӀант вара Ида. Зерахь Ӏидун кӀант вара. Зерахьан кӀант вара Яатрай.
22
КхахӀатан тӀаьхье иштта яра: Ӏамминадаб цуьнан кӀант вара. Кхорахь Ӏамминадабан кӀант вара. Асар Кхорахьан кӀант вара.
23
Асаран кӀант вара Элкхан. Элкханан кӀант Аби-Аса хилира. Аби-Асин кӀант вара Асар.
24
Асаран кӀант вара Тахьат. Тахьатан кӀант вара Уриал. Ӏузи-ЯхӀу Уриалан кӀант вара. Ӏузи-ЯхӀун кӀант Шаул хилла.
25
Элкханан кӀентий бара Ӏамсай а, Ахьимут а.
26
Ахьимутан кӀант вара Элкхана. Элкханан кӀант вара Цупай. Цупайн кӀант вара Нахьати.
27
Нахьатин кӀант вара Элиаб. Элиабан кӀант вара Ярохьам. Ярохьаман кӀант вара Элкхана. Ткъа Элкханан кӀант вара Шамъал.
28
Шамъалан кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлерниг — Юал, шолгӀаниг — Аби-ЯхӀу.
29
Мерарин тӀаьхье иштта яра: цуьнан кӀант вара Махьли. Махьлин кӀант вара Ливани. Ливанин кӀант вара ШамаӀи. ШамаӀин кӀант вара Ӏуза.
30
Ӏузин кӀант вара ШимӀа. ШимӀин кӀант вара Хьаги-ЯхӀу. Хьаги-ЯхӀун кӀант вара Ӏаси-ЯхӀу.
31
Делан тӀорказ дӀахӀоттийначу хенахь дуьйна, Везачу Элан цӀийнан кертахь Дауда илланчашна тӀехь хьаькамаш хӀиттийнера.
32
Ярушалаймехь Сулима Везачу Элан цӀа дӀахӀоттадаллалц, Делан гуламан четарна хьалха илланчаш санна гӀуллакх деш бара уьш. Шайна тӀедехкинчу парзашка хьаьжжина, шайн белхаш кхочушбора цара.
33
Цигахь шайн тӀаьхьенашца гӀуллакх динарш хӀорш бара: кхахӀатхойн тӀаьхьенах зурманча вара ХӀайман. Иза Юалан кӀант вара, ткъа Шамъалан кӀант вара Юал.
34
Элкханан кӀант вара Шамъал. Ярохьаман кӀант вара Элкхан. Элиалан кӀант вара Ярохьам. Товхьин кӀант вара Элиал.
35
Цупин кӀант вара Товхьа. Элкханан кӀант вара Цупа. Махьатан кӀант вара Элкхан. Ӏамсайн кӀант вара Махьат.
36
Элкханан кӀант вара Ӏамсай. Юалан кӀант вара Элкхан. Юал Ӏазар-ЯхӀун кӀант вара. Ӏазар-ЯхӀу вара Цапни-ЯхӀун кӀант.
37
Цапни-ЯхӀу Тахьатан кӀант вара. Тахьат Асаран кӀант вара. Асар вара Аби-Асин кӀант. Аби-Аса вара Кхорахьан кӀант.
38
Кхорахь Ицхьаран кӀант вара. Ицхьар вара КхахӀатан кӀант. КхахӀат Левин кӀант вара. Леви Исраилан кӀант вара.
39
ХӀайманна аьтту агӀор лаьттачу цуьнан гергара волчу Асайпа зурманчин гӀуллакх дора. Асайп вара Берех-ЯхӀун кӀант. Берех-ЯхӀу ШимӀин кӀант вара.
40
ШимӀа Микаалан кӀант вара. Микаал БаӀас-ЯхӀун кӀант вара. БаӀас-ЯхӀу вара Малки-ЯхӀун кӀант.
41
Малки-ЯхӀу вара Этанин кӀант. Этани вара Зерахьан кӀант. Зерахь вара Ӏади-ЯхӀун кӀант.
42
Ӏади-ЯхӀу вара Этанан кӀант. Этан вара Замин кӀант. Зами вара ШамаӀин кӀант.
43
ШимӀа вара Яхьатан кӀант. Яхьат вара ГӀиршанан кӀант. ГӀиршан вара Левин кӀант.
44
ХӀайманна аьрру агӀор а лаьтташ, зурманчин гӀуллакх дора церан гергара йолчу мерарихойн тӀаьхьенах волчу Кхишин кӀанта Этана. Кхиши Ӏабдин кӀант вара. Ӏабди вара Малукан кӀант.
45
Малук Хьашби-ЯхӀун кӀант вара. Хьашби-ЯхӀу вара Амци-ЯхӀун кӀант. Амци-ЯхӀу вара Хьалкхи-ЯхӀун кӀант.
46
Хьалкхи-ЯхӀу вара Амцин кӀант. Амци вара Банин кӀант. Бани Шемаран кӀант вара.
47
Шемар вара Махьлин кӀант. Махьли Мушхьин кӀант вара. Мушхьи Мерарин кӀант вара. Ткъа Мерари Левин кӀант вара.
48
Церан вежарий болу левихой дӀахӀиттийнера Делан цӀа долчу четарца доьзна долу цхьацца гӀуллакхаш дан.
49
АхӀарон а, цуьнан тӀаьхье а дийнаташ дагоран а, хаза хьожа йоуьйту хӀуманаш ягоран а кхерчашна тӀехь сагӀа доккхурш бара. Иштта, царна тӀедехкина дара Везачу Элан цӀийнан уггар езачу чоьнна чохь бан мел безаш болу белхаш бар а, Исраилан халкъан дуьхьа къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдар а, Делан ялхо хиллачу Мусас шайна тӀедиллина ма-хиллара.
50
АхӀаронан тӀаьхье иштта яра: цуьнан кӀант вара ЭлиӀазар. ЭлиӀазаран кӀант вара Пайнехьас. АбишуӀ вара Пайнехьасан кӀант.
51
АбишуӀан кӀант Букхай вара. Ӏузи Букхайн кӀант вара. Зарахь-ЯхӀу Ӏузин кӀант вара.
52
Зарахь-ЯхӀун кӀант вара Маръюти. Маръютин кӀант вара Амар-ЯхӀу. Ахьтуби вара Амар-ЯхӀун кӀант.
53
ЦӀадукъа Ахьтубин кӀант вара. ЦӀадукъин кӀант вара АхьимаӀац.
54
Шайн меттаметташкахь левихой Ӏаш хилла меттигаш хӀорш ю: шайна дуьххьара кхаж баьлла дела, кхахӀатхойн тукхамах схьаяьллачу АхӀаронан тӀаьхьенна
55
еллера ЯхӀуд-махкара Хьеврон-гӀала а, цунна гонах долу дежийлаш а.
56
Ткъа оцу гӀалина чудогӀуш долу кхаш а, ярташ а Епунин кӀантана Килабана дӀаеллера.
57
Иштта, АхӀаронан тӀаьхьенна еллера: Хьеврон (иза лурбоьлла нах ловчкъу гӀала яра), Либна а, цунна гонах долу дежийлаш а, Итар-гӀала а, ЭштамуӀ-гӀала а, цунна гонах долу дежийлаш а,
58
Хьилаз-гӀала а, Дибар-гӀала а, царна гонах долу дежийлаш а,
59
Ӏашун, Байт-Шамаш гӀаланаш а, царна гонах долу дежийлаш а.
60
Ткъа Бен-Яманан тайпанан махкахь кхахӀатхошна еллера: ГибаӀ-гӀала, Ӏаламат-гӀала, Ӏанатот-гӀала, царна гонах долу дежийлаш. Церан тукхамана елла хилла йолу гӀаланаш ерриг а кхойтта хилла.
61
КхахӀатхойн оцу гаранах йолчу кхечу тӀаьхьенна, кхаж а баьлла, Маннашан ахтайпанан долахь хиллачу декъах итт гӀала еллера.
62
ГӀиршанан тӀаьхьенах долчу тукхамашна, кхаж а баьлла, Иссарханан а, Ашаран а, Напталан а тайпанийн а, Башанерачу Маннашан ахтайпанан а латтанаш тӀера кхойтта гӀала еллера.
63
Мерарин тӀаьхьенах долчу тукхамашна, кхаж а баьлла, Раабанан а, Гадин а, Забулан а тайпанийн латтанаш тӀера шийтта гӀала еллера.
64
Иштта гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш долу латта а деллера левихошна исраилхоша.
65
Кхаж а баьлла, ЯхӀудан а, ШимӀин а, Бен-Яманан а тайпанийн латтанаш тӀера массо а цӀераш техкина йолу гӀаланаш еллера цара.
66
Ткъа кхахӀатхойн тӀаьхьенах долчу цхьадолчу тукхамашна Эпрайман тайпанах болчийн гӀаланаш еллера.
67
Царна еллера Эпрайман лам тӀехь йолу Шехем-гӀала а (иза лурбоьлла нах ловчкъу гӀала яра), ГӀазар-гӀала а, церан дежийлаш а.
68
Иштта ЯкхмаӀам-гӀала а, цунна гонахара дежийлаш а, Байт-Хьорон а, цунна гонахара дежийлаш а,
69
Айлон а, Гати-Римун а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.
70
Маннашхойн ахтайпанан лаьттара кхахӀатхойн йисинчу тукхамашна еллера Ӏанури-гӀала а, БалиӀам-гӀала а, царна гонахара дежийлаш а.
71
ГӀиршанан тӀаьхьенна еллера: маннашхойн ахтайпанан лаьтта тӀера Башанехь йолу Голан-гӀала а, Ӏаштарат-гӀала а, царна гонахара дежийлаш а.
72
Иссарханан тайпанан лаьттара царна еллера Кхедаш а, Дубрат а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а,
73
иштта Рамат а, Ӏанейм а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.
74
Ашаран тайпанан лаьтта тӀера царна еллера Машал а, Ӏабдани а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а,
75
иштта Хьукхакх а, Рахьуб а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.
76
Напталан тайпанан лаьттара царна еллера Галилай-махкара Кхедаш-гӀала а, Хьамун-гӀала а, Кхиръятим-гӀала а, царна гонахара дежийлаш а.
77
Левихойх йисина йолчу Мерарин тӀаьхьенна еллера Забулан тайпанан лаьтта тӀера Римун а, Табур а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.
78
Йордан-хина малхбузехьа лаьтташ йолчу Ерихон-гӀалина дуьхьал агӀор малхбалехьа болчу махкара раабанхойн тайпанан лаьтта тӀера еллера яьссачу аренгара Бацар-гӀала а, ЯхӀац-гӀала а, царна гонахара дежийлаш а,
79
Кхадимут а, МейпаӀат а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.
80
Гадин тайпанан лаьтта тӀера еллера ГалӀад-махкара Рамат а, Махьанайм а, царна гонахара дежийлаш а,
81
иштта Хьешбон а, ЯӀзир а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 7 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29