bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Chronicles 22
1 Chronicles 22
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 23 →
1
ТӀаккха Дауда элира: «Кхузахь хир ду Везачу Делан цӀа, Исраилан халкъо дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч а хир бу кхузахь».
2
Дауда омра дира, исраилхойн махкахь тӀебаьхкина Ӏаш болу нах схьагулбе аьлла. Царна юкъара Делан цӀенна кечбеш болу тӀулг хьакха нах дӀахӀиттийра Дауда.
3
Цо дуккха а эчиг кечдира кевнийн неӀаршна оьшун долу хьостамий а, цу неӀарийн кӀажаш а дан. Иштта барам боцуш дукха цӀаста а кечдира.
4
Дагар ца даллал дукха баганан дечиг а охьадиллира Дауда, хӀунда аьлча цӀаданхоша а, цорахоша а вуно дукха баганан дечигаш еанера цунна.
5
Дауда элира: «Сан кӀант Сулим къона ву, иза говзалла йолуш а вац. Ткъа Везачу Элана лерина дан деза цӀа, массо а къаьмнашна хьалха сийлаллина а, хазаллина а долуш, чӀогӀа сийлахь хила дезаш ду. Цундела аса кечам бийр бу цунна». Иштта ша дӀакхалхале дукха хӀума кечдина хилла Дауда.
6
Шен кӀант Сулим тӀе а кхайкхина, Дауда цуьнга весет дира, Исраилан халкъан Везачу Далла цӀа де аьлла.
7
Дауда Сулиме элира: «Сан кӀант! Сайн Везачу Далла лерина цӀа дан дагадеанера суна.
8
Амма соьга Везачу Элан дош кхечира. Цо элира: „Ахьа адамийн дукха цӀий а Ӏанийра, баккхий тӀемаш а бира. Суна лерина цӀа ахьа дан ца деза, хӀунда аьлча Суна хьалха дукха цӀий Ӏанийна ахьа лаьтта тӀе.
9
Хьан кӀант хир ву. Иза машаре хир ву. Массо а гонах болчу мостагӀашкахьара синтем лур бу Аса цунна, цундела цуьнан цӀе Сулим хир ю. Цо паччахьалла дийр долчу заманчохь Исраил-махкана машар а, синтем а лур бу Аса.
10
Цо дийр ду Суна лерина цӀа. Со цуьнан Да хир ву, ткъа иза Сан кӀант хир ву. Исраилан халкъана тӀехь долу цуьнан а, цуьнан тӀаьхьенан а паччахьалла гуттаренна а чӀагӀдийр ду Аса“.
11
Ткъа хӀинца, сан кӀант! Хуьлийла Веза Эла хьоьца, Ша хьох лаьцна аьлла ма-хиллара, хьайн Везачу Далла ахь цӀа дарна тӀехь хьан аьтто боккхийла Цо.
12
Исраилан халкъана тӀехь паччахь хьо дӀа а хӀоттош, Везачу Эло хьуна хьекъал а, кхетам а лойла, хьайн Везачу Делан товрат-хьехам хьоьга ларбайтархьама.
13
Нагахь санна Везачу Эло Исраилан халкъана Мусагахула делла парзаш а, тӀедехкинарш а кхочушдан хьо гӀертахь, ахьа до гӀуллакхаш декъалдина хир ду. ЧӀагӀ а ло, доьналла долуш а хила, кхера а ма кхера, са а ма гатде.
14
Аса, къа а хьоьгуш, Везачу Элан цӀенна ши бӀе эзар пунт деши а, ши миллион пунт дети а кечдина, ткъа барам боцуш дукха цӀаста а, эчиг а кечдина. Иштта дечиг а, тӀулг а кечбина аса, ткъа ахьа тӀеоьшург кечъе.
15
15-16 Хьан дуккха а белхалой бу: тӀулг хьокхурш а, тӀулгпхьераш а, дечигпхьераш а, иштта дешица а, детица а, цӀастанца а, эчигца а муьлхха а гӀуллакх дан хуур долу нах а — церан барам бац. Хьайн гӀуллакх, дӀа а доладай, чекхдаккха. Веза Эла хьоьца хуьлийла».
16
***
17
Исраилхойн массо а баьччанашна Дауда тӀедиллира шен кӀантана Сулимана гӀо дар.
18
Цо элира: «Шун Веза Дела шуьца вац ткъа? Цо шуна массо а агӀор синтем ца белира ткъа? ХӀунда аьлча Цо беллера сан кара мехкан бахархой, ткъа и мохк Везачу Элана а, Цуьнан халкъана а муьтӀахь хилира.
19
Шайн дегнаш а, шайн синош а Делехьа дерзаде, шайн Веза Дела лахархьама. ДӀа а хӀиттий, Везачу Далла лерина деза цӀа де, цу чу Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ а, Далла леринчу гӀуллакхна лелош йолу язйина пхьегӀаш а охьаяхкархьама».
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 23 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29