bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Chronicles 19
1 Chronicles 19
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 20 →
1
Цхьа хан яьлча, Ӏамминхойн паччахь волу Нахьаш велира. Нахьашан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Хьануни.
2
Дауда элира: «Нахьаш соьца дика хилла дела, со а цуьнан кӀантаца дика хир ву». Цо шен ялхой бахийтира Хьанунига кадам бан, цуьнан велла да бахьана долуш. Даудан ялхой Ӏамминхойн махка Хьануни волчу баьхкира, кадам бархьама.
3
Амма Ӏамминхойн элаша шайн олахочуьнга элира: «Хьуна баккъалла-м ца моьтту, Дауда хьан дега шен хилла болу ларам бахьана долуш бахкийтина хьуна тӀе хӀара догъоьцурш? ХӀан-хӀан, уьш баьхкина, хьан махкахь дерг дикка талла а теллина, цул тӀаьхьа иза бохо дагахь».
4
Хьанунис, Даудан ялхой схьа а лецна, хӀораннан а месаш дӀаешира, цул тӀаьхьа, царна тӀера бедарш вареш тӀе кхаччалц дӀа а хедийна, уьш дӀахийцира.
5
Цхьаболчу геланчаша, дӀа а бахана, оцу нахах лаьцна хабар Даудана тӀедаьхьча, шен ялхошна дуьхьал нах бахийтира Дауда, уьш чӀогӀа юьхьӀаьржачу хӀиттийна хилла дела. Паччахьо цаьрга хабар дахьийтира: «Шайн мажош яхъяллалц Ерихонехь совца. Цул тӀаьхьа цӀа догӀур ду шу», — аьлла.
6
Шаьш Даудана, лаьхьанна тоьхна гӀаж санна, боьха хетийла хиъча, Ӏамминхоша а, Хьанунис а ши эзар пунт дети дахьийтира Арам-НахӀарайма а, Арам-МаӀха а, Цоба-махка а, цигара гӀудалкхаш а, дошлой а шайна лацархьама.
7
Иштта, ткъе шийтта эзар гӀудалкх а, МаӀхин паччахь а цуьнан эскарца мехах лецира шайна Ӏамминхоша. ХӀорш схьабаьхкича, Мейдеба-гӀалина уллохь меттамотт дӀахӀоттийра. Ӏамминхой, шайн гӀаланашкара схьа а гулбелла, тӀом бан арабевлира.
8
Шена иза дӀахезча, Дауда Йоаб вахийтира цига, цуьнца доьналла долу берриг а тӀемалой а болуш.
9
Ӏамминхой, гӀалин кертара ара а бевлла, тӀамана кечбелла кевнехь дӀахӀиттира. Ткъа схьабаьхкина болу паччахьаш шерачу аренгахь юьстахбевлла лаьтташ бара.
10
МостагӀчун эскарийн могӀарш шена тӀехьа а, хьалха а дӀахӀиттина гича, Йоаба исраилхошна юкъара уггар тоьлла болу тӀемалой арамхошна дуьхьалбехира.
11
Кхиболу эскархой цо шен вешин Абушайн кара дӀабелира, ткъа цо уьш Ӏамминхошна дуьхьалбехира.
12
Йоаба Абушайга элира: «Арамхоша со эшочу далахь, ахьа суна гӀо дийр ду, нагахь санна Ӏамминхоша хьо эшош хилахь, аса хьоьгахьа гӀо доккхур ду.
13
Доьналла долуш хила. Майра лаьттар ду вай, Исраилан халкъ а, вайн Делан гӀаланаш а ларъеш. Ткъа Везачу Эло Шен лаам берг дийр ду».
14
Йоаб шен эскарца арамхошна тӀелетира, ткъа вуьш цунах бевдда дӀабахара.
15
Шайна арамхой дӀауьдуш гича, Йоабан веших Абушайх бевдда, гӀала дӀабахара Ӏамминхой. Юха а вирзина, Йоаб Ярушалайме схьавеара.
16
Шаьш исраилхоша эшийна хилар гича, арамхоша геланчаш а бахийтина, Эпрат-хил дехьа агӀор Ӏаш болу арамхой арабехира. Царна куьйгалла дира ХӀадад-Ӏезаран тӀеман хьаькам волчу Шупака.
17
И хаам шега кхаьчча, Дауд, массо а исраилхо вовшах а тоьхна, Йордан-хих дехьавелира. ТӀаккха, арамхой болчу а веана, царна дуьхьал дӀахӀоьттира Дауд. Уьш вовшахлетира.
18
Амма арамхой исраилхойх бевдда дӀабахара. Церан гӀудалкхех Дауда ворхӀ эзар йохийра, ткъа гӀашлойх шовзткъа эзар стаг а вийра. Дауда иштта арамхойн тӀеман хьаькам волу Шупак а вийра.
19
Шаьш исраилхоша эшош хилар гича, ХӀадад-Ӏезаран куьйга кӀел хиллачара Даудаца барт бира, уьш цунна къера а хилира. Ткъа арамхой кхин цкъа а ца хӀуттура Ӏамминхошна гӀо дан.
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 20 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29