bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Chronicles 7
1 Chronicles 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 8 →
1
Иссарханан виъ кӀант вара: ТовлаӀ, Пува, Яшаб, Шимрон.
2
ТовлаӀан кӀентий хӀорш бара: Ӏузи, Рапи-ЯхӀу, Яриал, Яхьмай, Ибсам, Шамуал. Уьш шайн доьзалийн баьччанаш бара. Шайн тӀаьхьенашна юкъахь ницкъболу тӀемалой хилла и нах. Даудан заманахь царна юкъахь тӀамана кийча волу ткъе ши эзар ялх бӀе стаг хилла (22600).
3
Ӏузин кӀант вара Израхь-ЯхӀу. Ткъа Израхь-ЯхӀун кӀентий бара: Микаал, Ӏабди-ЯхӀу, Юал, Йоши-ЯхӀу. И пхиъ шайн доьзалийн баьчча вара.
4
Оцу нехан дуккха а зударий а, бераш а хилла дела, церан тӀаьхьенашка а, доьзалшка а хьаьжжина, царах схьаваьллера тӀамана кийча волу ткъе ялхитта эзар стаг (36000).
5
Ткъа Иссарханан массо а тӀаьхьенийн доьзалш дӀаязбечу тептарш тӀехь дӀаязвинера дика тӀемало волу везткъе ворхӀ эзар стаг (87000).
6
Бен-Яманан кхо кӀант вара: БулаӀ, Бахри, ЕдиӀаал.
7
БулаӀан пхи кӀант вара: Эцбон, Ӏузи, Ӏузиал, Еримати, Ӏири. Уьш, шайн доьзалийн баьччанаш а болуш, дика тӀемалой бара. ТӀаьхьенийн доьзалш дӀаязбечу тептарш тӀехь царах дӀаязвина вара ткъе ши эзар ткъе вейтта тӀемало (22034).
8
Бахрин кӀентий хӀорш бара: Замари, Юаш, ЭлиӀазар, ЭлъюӀинай, Ӏумари, Еримати, Аби-ЯхӀу, Ӏанатот, Ӏаламат. Уьш берриш а Бахрин кӀентий бара.
9
ТӀаьхьенийн доьзалш дӀаязбечу тептарш тӀехь царах дӀаязбина бара церан доьзалийн баьччанаш а, ткъа эзар ши бӀе тӀемало а (20200).
10
ЕдиӀаалан кӀант вара БилхӀан. Цуьнан кӀентий хӀорш бара: ЕӀуш, Бен-Яман, АхӀуд, КинаӀан, Зитани, Таршаш, Ахьи-Шахьар.
11
ЕдиӀаалан массо а кӀентий шайн доьзалийн баьччанаш бара. Церан тӀаьхьенашна юкъахь тӀамана кийча волу вуьрхӀитта эзар ши бӀе дика тӀемало вара (17200).
12
Шупайм а, Хьупим а бара Ӏирин кӀентий. Ткъа Хьушим Ахьеран кӀант вара.
13
Балхьатан кӀант волчу Напталан кӀентий бара: Яхьциал, Гуни, Йицар, Шалум.
14
Маннашан кӀентий бара: арамхо йолчу гӀарбаш-зудчо вина волу Асриал а, иштта ГалӀадан да Макир а.
15
Макира Хьупиме а, Шупайме а зударий балабайтира. Цуьнан йишин цӀе МаӀха яра. ШолгӀачу кӀентан цӀе яра Цалпихьад. Цалпихьадан йоӀарий бен ца хилла.
16
Макиран зудчо МаӀхас, кӀант а вина, цуьнан цӀе Параш тиллира. Парашан ваша Шераш вара, ткъа Парашан кӀентий бара: Улам, Рекхам.
17
Уламан кӀант вара Бедан. Иштта бара Маннашан кӀентан Макиран кӀант волчу ГалӀадан кӀентий.
18
Цуьнан йишас Мулката а бира кӀентий: ИшхӀуд, Абу-Ӏезар, Махьила.
19
ШамидаӀан кӀентий хӀорш бара: Ахьъян, Шехем, Ликхахьи, АнӀами.
20
Эпрайман тӀаьхье иштта яра: цуьнан кӀант вара Шутлахьи. Шутлахьин кӀант вара Баред. Баредан кӀант вара Тахьат. Ткъа Тахьатан кӀант вара Эли-Ӏада. Эли-Ӏадин а кӀант хилира Тахьат.
21
Цу Тахьатан кӀант вара Забад. Забадан кӀант вара Шутлахьи. Эпрайман кхин а ши кӀант вара: Ӏезар, ЭлиӀад. Гати-гӀалара схьабевллачу цхьаболчу бахархоша Ӏезар а, ЭлиӀад а вийна хилла, жа схьадаккха дагахь, шаьш долчу уьш баьхкича.
22
Церан дас Эпрайма, шен кӀенташна воьлхуш, гӀайгӀанехь дикка хан яьккхира. Эпрайман вежарша, цунна тӀе а богӀий, тевеш хилла иза.
23
ТӀаккха, Эпрайм кхин а цкъа шен зудчух кхеттачул тӀаьхьа, зудчо цунна кӀант вира. Эпрайма цунна, БериӀ аьлла, цӀе тиллира (Ӏебархойн маттахь и цӀе «бохам» бохучух тера ю), шен цӀенна бохам тӀебеана хилла дела.
24
Шаират цӀе йолуш, йоӀ а яра Эпрайман. Шаирата дӀахӀоттийра Лахара а, Лакхара а Байт-Хьорон гӀаланаш а, иштта Узан-Шаира цӀе йолу гӀала а.
25
Эпрайман кӀант вара Репахь. Решап Репахьан кӀант вара. Тилхьа вара Решапан кӀант. Тилхьин кӀант вара Тахьан.
26
Тахьанан кӀант вара ЛаӀдан. ЛаӀданан кӀант вара ӀамихӀуд. Эли-ШамаӀ вара ӀамихӀудан кӀант.
27
ЭлишамаӀан кӀант вара Нуна. Ткъа Нунин кӀант вара ЮшаӀ.
28
Уьш баьхна йолу церан долахь хилла меттигаш хӀорш яра: Бетал-гӀала а, цуьнца йоьзна йолу кхин ярташ а, малхбалехьа йолу НаӀран-гӀала а, малхбузехьа йолу ГӀазар-гӀала а, цуьнца йоьзна йолу ярташ а, иштта Шехем-гӀала а, цуьнца йоьзна йолу ярташ а, шеца йоьзначу ярташца йолчу Ӏайи-гӀалина тӀекхаччалц.
29
Ткъа Маннашан тӀаьхьенах болчийн долахь яра хӀара гӀаланаш: Байт-Шеан, ТаӀнак, МагӀидда, Дор, цаьрца йоьзна йолу ярташ. Цу гӀаланашкахь ехаш яра Исраилан кӀентан Юсупан тӀаьхье.
30
Ашаран кӀентий хӀорш бара: Имани, Ишва, Ишви, БериӀ. Церан йиша яра Серахь.
31
БериӀан кӀентий хӀорш бара: Хьебар, Малкиал. (Малкиала дӀахӀоттийра Бирзайт-гӀала.)
32
Хьебаран кӀентий хӀорш бара: Яплати, Шумар, Хьотам. Ткъа церан йиша ШуӀа яра.
33
Яплатин кӀентий хӀорш бара: Пасак, БимхӀали, Ӏашвати. Уьш бара Яплатин кӀентий.
34
Яплатин вешин Шумаран кӀентий хӀорш бара: РухӀаги, Хьуба, Арам.
35
Яплатин вешин ХӀалиман кӀентий хӀорш бара: Цупахьи, ИмнаӀ, Шелша, Ӏамла.
36
Цупахьин кӀентий хӀорш бара: Сухьа, Хьарнипар, ШуӀал, Бирай, Имари,
37
Бацар, ХӀуда, Шама, Шилша, Итран, Баира.
38
ИтӀаран кӀентий хӀорш бара: Епуни, Писапи, Ари.
39
Ӏулин кӀентий хӀорш бара: Арахьи, Хьаниал, Рица-ЯхӀу.
40
Ашаран тӀаьхьенах болу и нах шайн доьзалийн баьччанаш бара. Уьш, коьрта хьаькамаш а болуш, исбаьхьа а, доьналла долу а тӀемалой бара. Эскархойн цӀераш дӀаязъечу тептар тӀехь оцу тӀаьхьенах тӀамана кийча дӀаязвинарг вара ткъе ялх эзар стаг (26000).
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29