bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Chronicles 15
1 Chronicles 15
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 14
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 16 →
1
«Даудан гӀалахь» шена цӀенош дайтира Дауда. ТӀаккха цо, Делан тӀорказ дӀахӀотто меттиг кеч а йина, цунна лерина четар дӀахӀоттийра.
2
Цул тӀаьхьа Дауда элира: «Левихой боцучу кхечара цхьаммо а лелор дац Делан тӀорказ, хӀунда аьлча Везачу Эло уьш хаьржина Шен тӀорказ лело а, цаьрга абаденналц Шена гӀуллакх дайта а».
3
Везачу Элан тӀорказ ша кечйинчу метте дӀадахьийтархьама, берриг а исраилхой Ярушалайме схьагулбира Дауда.
4
АхӀаронан тӀаьхье а, левихой а шена тӀекхайкхира цо. Уьш хӀорш бара:
5
кхахӀатхойн тӀаьхьенан баьчча волу Уриал а, цуьнца царах волу цхьа бӀе ткъа стаг а (120);
6
мерарихойн тӀаьхьенан баьчча хилла волу Ӏаси-ЯхӀу а, цуьнца царах волу ши бӀе ткъа стаг а (220);
7
гӀиршанхойн тӀаьхьенах баьчча хилла волу Юал а, цуьнца царах волу цхьа бӀе ткъе итт стаг а (130);
8
эли-цапанхойн тӀаьхьенан баьчча хилла волу ШамӀа-ЯхӀу а, цуьнца царах волу ши бӀе стаг а (200);
9
хьевронхойн тӀаьхьенан баьчча хилла волу Элиал а, цуьнца царах везткъа стаг а (80);
10
Ӏузиалхойн тӀаьхьенан баьчча хилла волу Ӏамминадаб а, цуьнца царах цхьа бӀе шийтта стаг а (112).
11
Иштта Дауда шена тӀе кхайкхира динан дай ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀари а, ткъа левихойх — Уриал, Ӏаси-ЯхӀу, Юал, ШамӀа-ЯхӀу, Элиал, Ӏамминадаб.
12
Дауда цаьрга элира: «Шу левихойн доьзалийн баьччанаш ду. Шу шаьш а, шун вежарий а Далла хьалха цӀан а ло, аша Исраилан халкъан Везачу Делан тӀорказ схьа а да. Аса дӀахӀотто кечйинчу метте дӀахӀоттаде иза.
13
Левихой долчу аша дуьххьара Делан тӀорказ шаьш ца лелийна дела, вайн Веза Дела чӀогӀа оьгӀазвахара. И гӀуллакх муха дан деза аьлла, вай дага ма ца девллера Цунах».
14
ТӀаккха Исраилан халкъан Везачу Делан тӀорказ схьадархьама, динан дай а, левихой а Далла хьалха цӀанбелира.
15
Везачу Эло Мусагахула тӀе-ма-диллара, левихоша Делан тӀорказ шайн белшашна тӀедехкинчу хьокхашца дӀадаьхьира.
16
Дауда левихойн баьччанашка омра дира, левихойн тайпанах илланчаш дӀахӀиттабе аьлла, мукъам балочу гӀирсашца — мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а, вовшахдеттачу негӀаршца а — иштта айдинчу озаца а цаьрга иллеш алийтархьама.
17
Левихоша дӀахӀоттийра Юалан кӀант ХӀайман а, цуьнан гергарчарах волчу Берех-ЯхӀун кӀант Асайп а. Ткъа мерарихойн тукхамах — Кхуша-ЯхӀун кӀант волу Этан дӀахӀоттийра.
18
Иштта церан кхиболу гергарнаш а дӀахӀиттийра: Закри-ЯхӀу, Бени, ЯӀзиал, Шамирамути, Яхьиал, Ӏуни, Элиаб, БенъяхӀу, МаӀсей-ЯхӀу, Маттит-ЯхӀу, Эли-ПалехӀу, Макхни-ЯхӀу, Ӏабади-Эдом, ЯӀиал. Уьш кевнехь гӀаролхой бара.
19
ХӀаймана а, Асайпа а, Этана а цӀестан негӀаршца чӀоггӀа мукъам бало дезара.
20
Ткъа Закри-ЯхӀус, Ӏазиала, Шамирамутис, Яхьиала, Ӏунис, Элиаба, МаӀсей-ЯхӀус, БенъяхӀус лекхачу озаца мерз-пондарш лакха дезара.
21
Иштта, лохачу озаца а локхуш, дечиг-пондаршца мукъам бало безара Маттит-ЯхӀус, Эли-ПалехӀус, Макхни-ЯхӀус, Ӏабади-Эдома, ЯӀиала, Азаз-ЯхӀус.
22
ТӀаккха левихойн баьчча волу Ханан-ЯхӀу, цуьнан корматалла йолу дела, илланчашна тӀехь куьйгалхо дӀахӀоттийра.
23
Берех-ЯхӀу а, Элкхан а бара бертан тӀорказ дӀахӀоттийначу цӀа чохь неӀарехь гӀарол деш.
24
Динан дайша Шабан-ЯхӀус, Яшпатис, Натунаила, Ӏамсайс, Закри-ЯхӀус, БенъяхӀус, ЭлиӀазара Делан тӀорказна хьалха турбанаш локхура. Ткъа Ӏабади-Эдом а, Яхьи-ЯхӀу а тӀорказ долчохь гӀарол деш вара.
25
Иштта, Дауд а, исраилхойн къаной а, тӀеман коьрта хьаькамаш а баккхийберца бахара Ӏабади-Эдоман цӀа чуьра Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ дӀадахьа.
26
Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ дӀахьош болчу левихошна Дала гӀо дарна, ворхӀ сту а, ворхӀ ка а сагӀина бейтира.
27
Даудана тӀехь а, иштта тӀорказ дӀахьош болчу массо а левихошна а, илланчашна а, илланчийн куьйгалхочунна Ханан-ЯхӀуна а тӀехь дуткъачу кӀадих йина бедарш яра. Ткъа Дауда тӀекхоьллина кхин втанан ийпад а яра.
28
Мерзпондаршца а, дечиг-пондаршца а мукъамаш а далош, маӀаш а, турбанаш а, цӀестан пондарш а лоькхуш, баккхийберца маьхьарий а детташ, Исраилан дерриг а халкъо Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ гӀали чу доккхура.
29
Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ Даудан гӀали чу доккхучу хенахь, Шаулан йоӀ Михула корах арахьоьжуш яра. Ирх а лелхаш, воккхаверца хелхавуьйлуш волу Дауд-паччахь шена гича, шен даг чохь иза цунах ца ешира.
← Chapter 14
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 16 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29