bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Chronicles 16
1 Chronicles 16
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 17 →
1
Делан тӀорказ, схьа а деана, Дауда цунна кечдинчу четар чохь охьадиллира. ТӀаккха Далла хьалха дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дехира цара.
2
Ша дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш даьхна ваьллачул тӀаьхьа, Дауда Везачу Элан цӀарах халкъ декъалдира.
3
Массо а исраилхочунна, божаршна санна, зударшна а, цо цхьацца бепиг а, Ӏаьвдинчу хурманийн цхьацца курс а, Ӏаьвдинчу кишмашийн цхьацца курс а кховдийра.
4
ТӀаккха цхьаболу левихой Везачу Элан тӀорказна хьалха гӀуллакх дан дӀахӀиттийра цо, цаьрга Исраилан халкъан Везачу Далла доӀанаш дайтархьама а, баркалла алийтархьама а, хастам байтархьама а.
5
Царах коьртаниг Асайп вара, шолгӀаниг вара Закри-ЯхӀу, цул тӀаьхьа бара ЯӀиал, Шамирамути, Яхьиал, Маттит-ЯхӀу, Элиаб, БенъяхӀу, Ӏабади-Эдом, ЯӀиал. Уьш мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а карахь долуш дӀахӀиттийра. Асайп дӀахӀоттийнера цӀастанан жима негӀарш вовшехдетта.
6
Динан дай болу БенъяхӀу а, Яхьазиал а дӀахӀиттийнера Делаца бинчу бертан тӀорказна хьалха, цаьрга массо а хенахь турба лакхийтархьама.
7
Цу дийнахь Дауда дуьххьара делира Асайпан а, цуьнан гергарчеран а кара Везачу Элана баркаллин дешнаш алар.
8
Баркалла ала Везачу Элана! Цуьнан цӀарна хастамаш бе! Довзийта халкъашна Цуьнан гӀуллакхаш.
9
Иллеш ала Цунна, пондарш лакха Цунна. Дерриг а Цуьнан тамашийначу гӀуллакхех лаций дӀадийца.
10
Дозалла де Цуьнан езачу цӀарах! Веза Эла лоьхучийн дегнаш самукъадолуш хуьлийла!
11
Веза Эла а, Цуьнан ницкъ а лаха, гуттар Цунна уллохь хила гӀерта.
12
Дагахь латтаде Цо дина тамашийна гӀуллакхаш а, Цо гайтина билгалонаш а, Цо йина кхелаш а,
13
ва Цуьнан ялхо хиллачу ИбрахӀиман хӀух дерш, Цо хаьржина хиллачу Якъубан тӀаьхьенах дерш!
14
Веза Эла волу Иза вайн Дела ву. Цуьнан кхелаш массо а лаьттахула ю.
15
Цо даим дагахь латтор бу Шен барт, эзаран барамехь йолчу тӀаьхьенашна Ша делла дош,
16
ИбрахӀимца Ша бина болу барт, Исхьакхана, чӀагӀо а еш, Ша дина ваӀда.
17
Цо Якъубана иза чӀагӀдира парз санна, Исраилана — гуттаренна а болу барт санна.
18
Цо аьллера: «Хьуна лур ду Аса канаӀанхойн латта, и дакъа хьуна шерет санна кхочур ду».
19
Церан терахь цу хенахь дуккха а ца хилла, кӀезиг а болуш, уьш махкахь тӀебаьхкина Ӏаш хилла.
20
Уьш дӀаоьхура цхьа къам долчуьра важа къам долчу, цхьана пачхьалкхера кхечу халкъан пачхьалкх йолчу.
21
Дала цхьанна а бакъо ца лора уьш бацо, церан дуьхьа Цо паччахьашка дӀахьедар дора:
22
«Ас къобалбинчарах дӀа ма хьакхалолаш, Сан пайхамаршна зулам а ма делаш».
23
Лакха эшарш Везачу Элана массо а дуьнено. Де дийне мел дели Цуьнан кӀелхьардахар кхайкхаде.
24
Къаьмнашна юкъахь Цуьнан сийлалла дӀакхайкхае, массо а халкъашка Цуьнан тамашийна гӀуллакхаш дӀадийца.
25
Сийлахь ву Веза Эла, Цунна хастамаш бан хьакъ а ду. Массо а деланел а Шега болчу ларамах бузуьйтуш ву Иза.
26
Кхечу къаьмнийн массо а деланаш — цӀуш бу, ткъа Везачу Эло стигалш кхоьллина.
27
Цунна гонах паччахьан сий а, исбаьхьалла а ю. Цуьнан деза цӀа ницкъах а, хазахетарх а дуьзна ду.
28
Къаьмнийн доьзалш, Везачу Элана хастамаш бейша! Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша!
29
Везачу Элан цӀеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша! СагӀанаш а дахьаш, Цуьнан цӀийнан керта чу дуьйлийша! Цо Шен возалла гойтучу хенахь Везачу Элана суждане гӀойша.
30
Дерриг а дуьне, дегаде Цунна хьалха! Латта чӀогӀа лаьтташ ду, ткъа иза меттахдер а дац!
31
Стигалш сакъералойша, латта даккхийде! ДӀаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву!»
32
ХӀордо а, цунна чохь мел долчу хӀумано а гӀовгӀа е! Кхаш а, царна тӀехь мел дерг а даккхийдеш хила.
33
Хьуьнхахь мел долу дитташ а даккхийдеш хир ду, Везачу Элана хьалха, хӀунда аьлча Иза вогӀуш ву, дуьненна тӀехь куьйгалла дархьама.
34
Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
35
Алийша: «КӀелхьардахахьа тхо, КӀелхьардохург волу тхан Дела, схьа а гулдехьа, кӀелхьар а дахахьа тхо кхечу къаьмнашна юкъара, тхоьга Хьан цӀе хастаяйта а, Хьуна хастам барх тхоьга дозалла дайта а.
36
Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла, азалехь дуьйна абаденналц!» Дерриге а халкъо элира: «Амин! Хастам бу Везачу Элана!»
37
Асайп а, цуьнан гергарнаш а Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказна хьалха дӀахӀиттийна битира Дауда, цаьрга массо а хенахь, хӀора а дийнан эшаре хьаьжжина, гӀуллакх дайтархьама.
38
Цаьрца цхьаьна цо витира Ӏабади-Эдом а, цуьнан гергарчарах волу кхузткъе ворхӀ стаг а. Ткъа Ядутунан кӀант Ӏабади-Эдом а, иштта Хьоса а кевнехь гӀарол дийраш бара.
39
Ткъа динан да волу ЦӀадукъа а, динан дай болу цуьнан вежарий а Дауда битира ГавӀонан гу тӀехь долчу Везачу Элан цӀа чохь.
40
Уьш хӀиттийнера, цаьрга дагоран сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь массо а хенахь, Ӏуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана дагоран сагӀанаш дахийтархьама, Везачу Эло Исраилан халкъана дӀабеллачу товрат-хьехам тӀехь яздинчу массо а хӀумане хьаьжжина.
41
Цаьрца цхьаьна, Везачу Элана хастамаш байтархьама, цигахь битинера ХӀайман, Ядутун, кхиболу, хӀораннан а цӀе а йоккхуш, схьахаьржина болу нах а, хӀунда аьлча Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
42
ХӀайман а, Ядутун а хӀоттийнера турбанашца а, цӀастанан негӀаршца а, Далла иллеш аларна лерина болчу кхечу зурманийн гӀирсашца а мукъам балорна тӀехь. Ткъа Ядутунан кӀентий кевнехь дӀахӀиттийна бара.
43
Дерриге а халкъ шен-шен цӀа дирзира. Дауд а юхавирзира, шен цӀа декъалдархьама.
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 17 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29