bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Chronicles 5
1 Chronicles 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 6 →
1
Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан кӀентий хӀорш бара. (Иза дуьххьарлера доьзалхо вара, амма цо шен да дӀавуьжу мотт сийсазбаьккхина дела, дуьххьарлера доьзалхочун бакъонаш Исраилан кӀант волчу Юсупан кӀенташна дӀаеллера. Иза бахьанехь Раабанан цӀе дуьххьарлерчу доьзалхочун санна дӀаязйина яц.
2
ЯхӀуд шен вежарел нуьцкъала хиллехь а, цуьнан тайпанара халкъан куьйгалхо схьаваьллехь а, дуьххьарлерчу доьзалхочун бакъонаш Юсупан долахь хиллера.)
3
Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан кӀентий хӀорш бара: Хьанах, Палу, Хьацрани, Карма.
4
Юалан тӀаьхье иштта яра: Юалан кӀант хилира ШамӀа-ЯхӀу, ШамӀа-ЯхӀун кӀант хилира ГӀогӀ, ГӀогӀан кӀант — ШамаӀи,
5
ШамаӀин кӀант — Мика, Микин кӀант — Раи-ЯхӀу, Раи-ЯхӀун кӀант — БаӀал,
6
БаӀалан кӀант — Баира. Иза вара Ашурхойн паччахь волчу ТилгӀат-Пилнасара йийсаре вигнарг. Баира раабанхойн баьчча вара.
7
Ткъа Баиран вежарий, церан тукхамашка а, церан схьабовларе а хьаьжжина, иштта дӀаязбина бу: коьртаниг ЯӀиал хилла, ткъа цул тӀаьхьа Закри-ЯхӀу а,
8
БулаӀ а. БулаӀ вара Юалан кӀант волчу ШемаӀан кӀентан Азазан кӀант. Раабанхой бехаш бара ӀаруӀер-гӀалара дуьйна Набу а, БаӀал-МаӀун а гӀаланашна тӀекхаччалц йолчу меттигашкахь.
9
Малхбалехь, Эпрат-хина тӀекхаччалц йолчу яьссачу аренан йисте кхочучу меттигашкахь, баха охьахевшира уьш, хӀунда аьлча ГалӀад-махкахь церан даьхни чӀогӀа дебнера.
10
Шаула паччахьалла дечу заманахь раабанхой хӀагирхошца тӀом беш бара. ХӀагирхой эша а бина, ГалӀад-мехкан малхбалехьарчу ерриге а меттигашкахь церан четарш чохь баха охьахевшинера уьш.
11
Ткъа Гадин тӀаьхье ехаш яра раабанхошна къилбаседехьа агӀор йолчу Салха-гӀалина тӀекхаччалц болчу Башан-махкахь.
12
Башан-махкахь коьртаниг Юал вара, шолгӀаниг — Шапами, царал тӀаьхьа ЯӀнай а, Шапти а.
13
Церан доьзалшка хьаьжжина, хӀара бархӀ вара церан гергара: Микаал, Машулим, ШебаӀ, Юрай, ЯӀакхан, ЗиӀа, Ӏебар.
14
Уьш Абу-Хьаилан тӀаьхьенах берш бара. Ткъа Абу-Хьаил вара Хьурин кӀант, Хьури вара Ярухьин кӀант, Ярухь вара ГалӀадан кӀант, ГалӀад вара Микаалан кӀант, Микаал вара Яшишайн кӀант, Яшишай вара ЯхӀдун кӀант, ЯхӀду вара Бузин кӀант.
15
Гунин кӀентан Ӏабдиалан кӀант Ахьи церан доьзалан коьртаниг вара.
16
Уьш бара ГалӀадехь а, Башанехь а цуьнца йоьзна йолчу гӀаланашкахь а, иштта Шарон-аре чекхъяллалц йолчу массо а дежийлаш йолчохь а бехаш.
17
(Оцу тӀаьхьенах болчу массеран а цӀераш дӀаязйина хилла яхӀудхойн паччахь Йовтам а, исраилхойн паччахь ЯрбаӀам хиллачу заманахь.)
18
Раабанан а, Гадин а тайпанна а, Маннашан ахтайпанна а юкъахь вара доьналла а долуш, карахь турссий, туррий а лелош, секхаӀад кхосса а хууш, лата Ӏамийна а, тӀом бан кийча волу а шовзткъе виъ эзар ворхӀ бӀе кхузткъа эскархо.
19
Цара хӀагирхошца а, Етарца а, Напушица а, Нудабца а тӀом бира.
20
Цара мостагӀашна дуьхьало ечу хенахь, Дала царна гӀо дира. ХӀагирхой а, церан долахь хилла долу массо а хӀума а оцу тӀемалойн кара дахийтира, хӀунда аьлча шаьш тӀом бечу хенахь цара Деле кхайкхинера. Ткъа и тӀемалой Шех тешна бехаш хилла дела, Далла уьш дӀахезнера.
21
Оцу тӀемалоша церан даьхни шайна дӀаийцира. Цу юкъахь яра шовзткъе итт эзар эмкал а, ши бӀе шовзткъе итт эзар уьстагӀ а, газа а, ши эзар вир а, цхьа бӀе эзар адам а.
22
И тӀом Делера болу дела, дукха адам хӀаллакьхиллера. Ткъа и тӀемалой шайн халкъаца исраилхой йийсаре дӀабиггалц бехаш Ӏийра цу махкахь, хӀаллакбинчеран метта.
23
Маннашан ахтайпанан тӀаьхье ехаш яра Башан-махкара дуьйна БаӀал-Хьермонна а, Санирна а, Хьермон-лаьмнашна а тӀекхаччалц болчу махкахь. Уьш чӀогӀа дукха бара.
24
Церан доьзалийн баьччанаш хӀорш бара: Ӏайпар, Ишхьи, Элиал, Ӏазриал, Ярми-ЯхӀу, ХӀудав-ЯхӀу, ЯхӀдиал. Уьш бара майра тӀемалой, цӀеяхна нах, шайн доьзалийн баьччанаш.
25
Амма, шайн дайн Далла тешаме а ца хуьлуш, Дала шайна уллора оцу махкана чуьра дӀалелхийна долчу къаьмнийн деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, оцу къаьмнех терра сийсаза лелара уьш.
26
ТӀаккха Исраилан Дала, ашурхойн паччахьан ПӀулин (иза ТигӀлат-Палиасар ву) са карзах а даьккхина, раабанхой а, гадахой а, Маннашан ахтайпанан тӀаьхье а йийсаре дӀайигийтира. Уьш Хьалахь-гӀала а, Хьабур а, ХӀари а цӀераш йолчу меттигашка а, Газун-гӀалин хин йисте а дӀабигира. Таханлерчу денна тӀекхаччалц уьш цигахь бехаш бу.
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29