bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Chronicles 27
1 Chronicles 27
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 26
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 28 →
1
Доьзалийн баьччанаш а, тӀеман коьрта хьаькамаш а, тӀеман хьаькамаш а, церан ялхой а чубогӀучу исраилхойн тобанийн куьйгалхойн цӀераш иштта яра. Шеран хӀора баттахь эскаран цхьацца тобано паччахьна гӀуллакх дора, цуьнца доьзна долу массо а тайпа хӀуманаш кхочуш а деш. ХӀора тобанна чувогӀура ткъе виъ эзар стаг.
2
Дуьххьарлерчу баттахь хьалхарчу тобанна тӀехь куьйгалла дора Забдиалан кӀанта ЯшбаӀама. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.
3
ЯшбаӀам Парасан тӀаьхьенах вара. Шеран хьалхарчу баттахь иза вара эскаран массо а хьаькамашна тӀехь коьртаниг.
4
ШолгӀачу баттахь гӀуллакх деш йолчу тобанна тӀехь куьйгалла дора ахьохьахо волчу Додис. Микхлута цунна гӀо дора. Додин тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.
5
КхоалгӀачу баттахь эскаран кхоалгӀа хьаькам вара динан да волчу ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара, ткъа иза коьртаниг вара.
6
Иза вара майрачу ткъе итт тӀемалочунна юкъара схьакъастийна волу, царна тӀехь дӀахӀоттийна хьаькам. БенъяхӀун тобанна тӀехь куьйгалла дора цуьнан кӀанта Ӏами-Завада.
7
БоьалгӀачу баттахь — воьалгӀаниг вара Йоабан кӀант Ӏасаал. Цуьнан кӀанта Забди-ЯхӀус цул тӀаьхьа куьйгалла дира. ӀасахӀалан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.
8
ПхоьалгӀачу баттахь — пхоьалгӀаниг вара израхьахо волу хьаькам ШамхӀути. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.
9
ЙолхалгӀачу баттахь — йолхалгӀаниг вара такхоӀхо волчу Ӏакхешан кӀант Ӏира. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.
10
ВорхӀалгӀачу баттахь — ворхӀалгӀаниг вара Эпрайман тӀаьхьенах волу пеланхо Хьелац. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.
11
БорхӀалгӀачу баттахь — борхӀалгӀаниг вара Зерахьан тӀаьхьенах волу хьушатхо Субахи. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.
12
УьссалгӀачу баттахь — уьссалгӀаниг вара Бен-Яманан тӀаьхьенах волу Ӏанатотхо Абу-Ӏезар. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.
13
УьтталгӀачу баттахь — уьтталгӀаниг вара Зерахьан тӀаьхьенах волу натӀупатхо Махьран. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.
14
ЦхьайтталгӀачу баттахь — цхьайтталгӀаниг вара Эпрайман тӀаьхьенах волу пӀарӀатунхо БенъяхӀу. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.
15
ШуьйтталгӀачу баттахь шуьйтталгӀа хьаькам вара Ӏотниалан тӀаьхьенах волу натӀупатхо Хьелдай. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.
16
Исраилхойн тайпанашна тӀехь болу хьаькамаш хӀорш бара: Раабанан тайпанан коьрта хьаькам вара Зикрин кӀант ЭлиӀазар; ШимӀин коьрта хьаькам вара МаӀхин кӀант Шапат-ЯхӀу;
17
Левин тайпанан — Къамуалан кӀант Хьашби-ЯхӀу; АхӀаронан тайпанан коьрта хьаькам вара ЦӀадукъа;
18
ЯхӀудан тайпанан — Даудан вежарех волу ЭлихӀу; Иссарханан тайпанан — Микаалан кӀант Ӏумари вара;
19
Забулан тайпанан — Ӏабди-ЯхӀун кӀант ИшмаӀ-ЯхӀу; Напталан тайпанан — Ӏазриалан кӀант Еримати вара;
20
Эпрайман тайпанан коьрта хьаькам Азаз-ЯхӀун кӀант ХӀушаӀ вара; Маннашан ахтайпанан — Пади-ЯхӀун кӀант Юал;
21
ГалӀад-махкахь долчу Маннашан ахтайпанан — Закри-ЯхӀун кӀант Ида вара; Бен-Яманан тайпанан — Абунаран кӀант ЯӀсаал;
22
Данан тайпанан — Ярохьаман кӀант Ӏазариал. Уьш исраилхойн тайпанийн баьччанаш бара.
23
Ткъа шо а, ткъа шарал лахара а хан ерш Дауда дӀа ца язбира, хӀунда аьлча Везачу Эло Ша, стигалара седарчий санна, Исраилан халкъ алсамдоккхур ду аьлла, ваӀда динера.
24
Царуятан кӀанта Йоаба долийра халкъ дагардан, амма цо иза чекх ца даьккхира. И гӀуллакх дарна Дела оьгӀазваханера Исраилан халкъана, цундела цӀерийн терахь Дауд-паччахьан паччахьаллин гӀуллакхийн тептаран юкъа ца дахара.
25
Паччахьан чӀоьнан цӀеношна тӀехь а урхалла дора Ӏадиалан кӀанта Ӏазмавата. Ткъа кхашна тӀехь а, гӀаланашкахь а, ярташкахь а, бӀаьвнашкахь а тӀаьхьалонна дӀадиллинчу сурсаташна тӀехь а урхалла дора Ӏузи-ЯхӀун кӀанта ЯхӀунатас.
26
Латта лелош болчу аренийн белхалошна тӀехь урхалла дора Халубан кӀанта Ӏезрайс.
27
Кемсийн бошмашна тӀехь урхалла дора Рама-гӀаларчу ШамаӀис. ЧагӀаран чӀоьнашкахь дӀадехкинчу сурсаташна тӀехь урхалла дора шипамхочо Завадис.
28
Малхбузехь долчу лаьмнийн когашкахь долчу зайт-дитташна а, комарийн дитташна а тӀехь урхалла дора гадирахо волчу БаӀал-Хьанана. ТӀаьхьалонна дӀадиллина зайт-даьттан сурсатна тӀехь урхалла дора ЮӀаша.
29
Шарон-махкахь дажош долчу хьайбанашна тӀехь урхалла дора шаронхо волчу Шитрайс. ТогӀешна чохь дажош долчу хьайбанашна тӀехь урхалла дора Ӏадлайн кӀанта Шаптис.
30
Эмкалшна тӀехь урхалла дора исмаьӀалхо волчу Овбила. Варрашна тӀехь урхалла дора марунихо волчу Яхьди-ЯхӀус.
31
Жашна тӀехь урхалла дора хӀагирхо волчу Язиза. И берриге а нах Дауд-паччахьан долахь долчунна тӀехь урхалхой бара.
32
Даудан гергара волу ЯхӀуната хьехамча вара. Иза, хьекъал а долуш, йоза хууш стаг вара. Ткъа Хьахманин кӀант Яхьиал паччахьан кӀентийн хьехархо вара.
33
Ахьи-Тупал а вара паччахьан хьехамча. Ӏаьркхихо волу Хьушай паччахьан къастийна хьехамча вара.
34
Ахьи-Тупалал тӀаьхьа паччахьан хьехамчаш бара БенъяхӀун кӀант ЯхӀу-ЯдаӀ а, Абу-ЯтӀари а. Ткъа Йоаб паччахьан эскаран хьаькам вара.
← Chapter 26
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 28 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29