bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Deuteronomy 1
Deuteronomy 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 2 →
1
ХӀара дешнаш Муса-пайхамаро аьлла дара массо а исраилхошка, Йордан-хина малхбузехьа йолчу яьссачу аренгахь, Ӏариба-тогӀи чохь, Суп олучу меттигна дуьхьал уьш болчу хенахь. Цигахь цхьана агӀор Паран-аре яра, ткъа Тупал а, Лабан а, Хьацерут а, ДизахӀаб а вукху агӀор яра.
2
(СеӀир-лаьмнашкахула воьдуш, Хьарибара Кхадеш-БарнаьӀе боьду некъ дукхахьолахь цхьайтта дийнахь баллал бу.)
3
ШовзткъалгӀачу шеран цхьайтталгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь бинера Муса-пайхамаро хӀара хьехамаш массо а исраилхошна. Цо дийцинарг дерриг а Везачу Эло царах шайх лаьцна тӀедиллинарг дара.
4
Хьешбон-гӀалахь олалла деш хиллачу эмархойн паччахьна Сихьонна тӀехь а, Ӏаштарат-гӀалахь а, ЭдреӀи-гӀалахь а олалла деш хилла волу Башан-мехкан паччахьна ӀовгӀина тӀехь а Мусас толам баьккхинчул тӀаьхьа дара иза.
5
Йордан-хина дехьа болчу муабахойн махкахь, исраилхой хӀокху товрат-хьехамах кхето дӀаволалуш, Муса-пайхамаро иштта аьлла:
6
«Вайн Везачу Дала, вайга Хьарибехь Ша вистхуьлуш, иштта элира: „Тоьар ду шуна хӀокху ламан уллохь севцина Ӏан!
7
Хьала а гӀовттий, новкъа довла, дӀагӀо лаьмнашца болчу эмархойн махка а, гонах мел долчу къаьмнийн меттигашка а: Ӏариба-тогӀене, лаьмнашка, малхбузерчу акъарешна тӀе, НегӀаб-аренга, хӀордан йистошка. КанаӀанхойн махка а, сийлахьчу Эпрат-хина тӀекхаччалц Ливанун-махка а дӀагӀо.
8
ХӀара латта Ас хӀинца шуна дӀалуш ду. Чу а гӀортий, шайн дола даккха и латта, хӀунда аьлча Везачу Эло шун дайшна, — ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, — царна тӀаьхьа йолчу церан тӀаьхьенна а дӀалур ду аьлла ваӀда дина латта ду иза“».
9
«Аса оцу хенахь шуьга иштта элира: „Суна сайна шу лело хала ду.
10
Шайн Везачу Дала шу дебийтина, хӀинца шу, стигалара седарчий санна, дукха ду.
11
Шун дайн Везачу Дала шу хӀинца долчул кхин а эзарза деба а дебийтойла, декъал а дойла, шуьга Ша ма-аллара.
12
Амма шун халонашший, шун баланийн моххьий, шун девнашший ас-айса муха дӀакхоьхьур ду?
13
Шайн-шайн тайпанашкара хьекъале а, кхетаме а, зийна а болу нах схьахаржа. ТӀаккха ас уьш, шуна тӀехь хьаькамаш а бина, дӀахӀиттор бу“.
14
Аша соьга жоп делира: „Дика гӀуллакх юкъадалийна ахь“, — аьлла.
15
Ас шун тайпанашкара уггар а хьекъаленаш, кхетаменаш, зийнарш схьа а эцна, шуна тӀехь хьаькамаш хила дӀахӀиттийра: эзарна а, бӀенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тӀехь болу хьаькамаш. Важа нах ас, тӀехьоьжурш а бина, дӀахӀиттийра шун тайпанашкахь.
16
Аса оцу хенахь шун кхелахошка омра дира: „Шайн къомах болчеран гӀуллакхашка ладогӀа, царна юкъахь нийса кхел е, шайн къомах волчуьнца я тӀевеанчуьнца и гӀуллакх доьзна делахь.
17
Кхел ечохь озабезамаш ма бе, лараме боцучара а, цӀеяханчара а бохучун тергам бе. Муьлххачу а адамах ма озало, хӀунда аьлча кхел — Делан гӀуллакх ду. Кхел ян шайна хала хета гӀуллакх суна тӀе схьада, ас ладугӀур ду цуьнга“.
18
Аса хӀетахь шуна тӀедиллира аша дан мел дезарг».
19
«Хьарибара ара а девлла, вайн Везачу Дала тӀе-ма-диллара дӀа а оьхуш, эмархойн лаьмнашна тӀе доьлхуш, шуна гиначу йоккха а, къемате кхераме а йолчу яьссачу аренгахула чекх а довлуш, вай Кхадеш-БарнаьӀе кхечира.
20
ТӀаккха ас шуьга иштта элира: „Вайн Везачу Дала вайна схьалуш болчу эмархойн лаьмнашна тӀе даьхкина шу.
21
Шун Везачу Дала шуна дӀалуш ду хӀара латта. Шун дайн Везачу Дала шайга ма-аллара, дӀа а гӀой, и латта шайн дола даккха. Кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила“.
22
Амма аша массара а, суна тӀе а даьхкина, элира соьга: „Ваьшна хьалхара нах бохуьйтур бу вай, цаьрга и латта таллийтархьама а, вай даха дезаш болчу некъах а, вай тӀегӀур долчу гӀаланех а лаьцна ваьшка хаам байтархьама“.
23
И къамел суна хазахийтира, цундела ас шун хӀора тайпанна юкъара цхьацца стаг хаьржира.
24
Уьш, дӀа а бахана, лаьмнаш тӀе а бевлла, Ашкул-тогӀенна тӀе а кхаьчна, цуьнга бӀаьрг а тоьхна, дӀасахьаьвсира.
25
Оцу лаьтта тӀера стоьмаш, шайн кара а эцна, вайна схьабеара цара. Вайна хаам а бахьаш, цара иштта элира: „Мел хаза ду вайн Везачу Дала вайна схьалуш долу латта“.
26
Амма шуна цига даха ца лиира. Шу шайн Везачу Дала бохучунна дуьхьалдевлира.
27
Шайн четарш чохь яппарш а еш, аша бохура: „Везачу Эло Шена ца дезарна арадаьхна вай Мисар-махкара, эмархойн кара дӀа а делла, хӀаллакдархьама.
28
Стенга даха деза вай? Вайн вежарша вайн дегнаш малдина: ‘И халкъ алсам ду, вайл дукха а, лекха а ду. Цигара гӀаланаш яккхий а ю, стигала кхаччал лекха чӀагӀонаш йолуш а ю. Цул совнаха, Ӏаьнакх цӀе йолчу турпалх схьабевлларш а гира тхуна цигахь’, — бохуш“.
29
Ас шуьга элира: „Кхера а ма ло, оза а ма ло царах.
30
Шун Веза Дела шуна хьалхаваьлла воьдуш ву. Цо шуьгахьа тӀом бийр бу, Мисар-махкахь шун бӀаьргашна гина ма-хиллара.
31
Яьссачу арахь а шуна изза гинера. Шаьш кху меттиге схьакхаччалц аша бинчу новкъахь, адамо шен бер санна, шу леладора шун Везачу Дала, шуна гина ма-хиллара“.
32
И дерриг а шайна гуш доллушехь, тӀаккха а шайн Везачу Делах ца тешара шу.
33
Иза шуна хьалха ваьлла лелара, шуна совца меттигаш лоьхуш. Иза буьйсанна цӀарца хуьлура, шу даха деза некъ шуна гайтархьама, ткъа дийнахь мархица хуьлура».
34
«ТӀаккха, шун дешнаш дӀахезча, Веза Дела оьгӀазвахара. Цо чӀагӀо йира:
35
„ХӀокху адамийн телхинчу гаранна юкъара цхьана а адамна гур дац, шун дайшна Ас лур ду аьлла, ваӀда дина долу дика латта, — аьлла. —
36
И латта Епунин кӀант волчу Килабана бен гур дац. Иза лелла латта Ас цунна дӀалур ду, цунна а, цуьнан кӀенташна а, иза кхоччуш Веза Эла волчу Суна тӀаьхьа хӀоттарна“.
37
Шу бахьана долуш Веза Эла суна а оьгӀазвахана. Цо элира: „Хьо а вер вац оцу лаьтта тӀе.
38
Хьан гӀоьнча волу Нунин кӀант ЮшаӀ вер ву оцу лаьтта тӀе. Иза тӀечӀагӀве, хӀунда аьлча Исраилан къоме оцу лаьттан дола дойтур ду цо“.
39
Аша царах лаьцна, уьш мостагӀийн хӀонс хилла дӀахӀуьттур ду, баьхна долу а, хӀинца а дика а, вон а хӀун ду ца хууш долу а шун бераш девр ду оцу лаьтта тӀе. Ас и латта царна лур ду, ткъа цара иза шайн дола доккхур ду.
40
Ткъа шу, дӀа а дерзий, Эрзийн-хӀордана тӀе боьдучу новкъахула яьссачу аренга дӀагӀо.
41
ХӀетахь, соьга жоп а луш, аша элира: „Тхайн Везачу Далла дуьхьал къа латийна оха. Цига а дахана, тхан Везачу Дала ма-бохху, тасалур ду тхо“. Шух хӀораммо а тӀемалочун хуьлучу герзаца гӀодаюкъ йихкира. Иза атта а хеташ, лаьмнашна тӀе довла сацам бира аша.
42
Амма Везачу Эло соьга иштта элира: „ДӀаала цаьрга: ‘Ма довла лаьмнашна тӀе, ма бе тӀом, шайн мостагӀашка шаьш эша ца дайтархьама, хӀунда аьлча Со шуна юкъахь хир вац’“.
43
Ас иштта бехира шуьга, амма аша соьга ла ца дуьйгӀира. Шу Везачу Элан лаамна дуьхьалдевлира. Шайн юхахьаралла бахьана долуш шу лаьмнаш тӀе девлира.
44
Оцу лаьмнашна тӀехь бехаш болу эмархой дуьхьалбевлира шуна. Цара шу, накхармозаша дийриг а дина, лаьхкира. Цара шу эшадора СеӀир-лаьмнашкара ур-атталла Хьормина тӀе кхаччалц йолу меттигашкахь.
45
ТӀаккха, юха а дирзина, Везачу Элана хьалха дилхира шу. Амма Везачу Элана шун маьхьарий а ца хезира, Цо шун тергам а ца бира».
46
«Иштта, дикка хан яьккхира вай Кхадешехь».
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34