bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Deuteronomy 5
Deuteronomy 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 6 →
1
Исраилан дерриг а халкъ схьа а гулдина, Мусас иштта элира: «ЛадогӀал, исраилхой, тахана ас шун лергашна дӀахозуьйтуш деш долчу парзашка а, тӀедехкинчаьрга а. Уьш Ӏама а делаш, уьш кхочушдан а хьовсалаш.
2
Вайн Везачу Дала вайца барт бина Хьарибехь.
3
Цо и барт вайн дайшца ца бина, ткъа кхузахь тахана дийна долчу вайца массаьрца а бина.
4
Веза Эла ломахь йолчу цӀерана юккъера юьхь-дуьхьал вистхилира шуьга.
5
Ткъа со оцу хенахь Везачу Элана а, шуна а юккъехь лаьтташ вара, Везачу Эло бохург шуьга дӀадийцархьама. ХӀунда аьлча шу, цӀерах шаьш кхерарна, лам тӀе ца довлура. ХӀетахь Везачу Эло иштта элира:
6
„Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара лоллехь долчуьра Арадаьхнарг.
7
Со воцург, кхин Дела ма хилийта шайн.
8
Цхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хӀуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цӀуш а ма белаш.
9
Царна корта а ма бетта, Ӏибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таӀзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагӀчу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенна тӀекхаччалц таӀзар до.
10
Амма, шена тӀедиллинарг кхочуш а деш, Со везаш волчунна эзарнаш тӀаьхьенашкахь Сайн хедар боцу безам гойтур бу Ас.
11
Везачу Элан, шайн Делан, цӀе эрна ма яккха, хӀунда аьлча Шен цӀе эрна йоккхуш верг Везачу Эло таӀзар ца деш вуьтур вац.
12
Шун Везачу Дала тӀе-ма-диллара, шоьтан де ларде, иза Сан дуьхьа дӀа а къастош.
13
Ялх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гӀуллакхаш а нисде.
14
Ткъа ворхӀалгӀа де шайн Везачу Далла лерина садоӀу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кӀанта а, йоӀа а, шун лено а, гӀарбашо а, шун стеро а, виро а, шун хьайбанех цхьаммо а, шун гӀаланашкахь ваха тӀевеана волчо а цхьана а тайпана болх ма бе, хӀунда аьлча шу санна шун лено а, гӀарбашо а садаӀа деза.
15
Диц ма делаш Мисар-махкахь шаьш леш хилла хилар, ткъа шун Везачу Дала Шен ондачу куьйгаца а, Шен дӀакховдийначу пхьаьрсаца а шу арадаьхна хилар. Цундела шоьтан садоӀу де лардан шуна тӀедиллина шун Везачу Дала.
16
Шайн да а, нана а лара, шайн Везачу Дала тӀе-ма-диллара, шайн Везачу Дала шуна луш долчу лаьтта тӀехь дехха дахар шун хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а.
17
Адам ма де.
18
Нахаца ма лела.
19
Къола ма де.
20
Шайн уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла ма де.
21
Шайн уллорачун зуда ма еза. Иштта цуьнан цӀа я латта а ма деза, цуьнан лай а, гӀарбаш а, сту а, вир а, цуьнан цхьа а хӀума а шайна ма езийта“.
22
ХӀара хьехамаш лам тӀехь волчу Везачу Эло чӀогӀачу озаца халкъан берриг а гуламна белира. ЦӀерана а, мархина а, Ӏаьржачу боданна а юккъера Ша вистхилча, царал сов, Цо хӀумма а ца элира. ТӀаккха и дешнаш тӀулгах йолчу шина экъанна тӀе дӀа а яздина, уьш соьга схьаелира Цо».
23
«Шайна боданна юкъара аз хезча, цӀерах богуш лам гича, шу суна тӀе даьхкира, массо а шун хьаькамаш а, шун къаной а.
24
Аша иштта элира: „Вайн Везачу Дала Шен сийлалла а, возалла а схьагайтира вайна. Цуьнан аз цӀерана юккъера схьахезнера вайна. Тахана вайна гира Дела адаме вистхилахь а, и адам дийна диса мегаш хилар.
25
Кхин а цкъа вай дала йиш хӀунда кхуллур яра? Оцу сийлахьчу цӀеро вай дуур ду. Нагахь санна вайн Везачу Делан аз кхин а хазахь, вай лийр ду.
26
Дуй те цхьа а адам вайна санна цӀерана юккъера дийна волчу Делан аз а хезна, дийна дисина долу?
27
ТӀе а верзий, ладогӀа вайн Везачу Дала хьайга мел бохучуьнга. ТӀаккха тхоьга схьадийца вайн Везачу Дала хьайга мел дуьйцуш дерг, ткъа оха ла а дугӀур ду, и дерриге а кхочуш а дийр ду“.
28
Везачу Элана дӀахезира шун дешнаш, соьга къамел деш аша аьлла долу. Цо соьга иштта элира: „Суна хезира хӀокху халкъо хьоьга аьлларг. Цара мел аьлларг дика ду.
29
ЭхӀ-хӀай, Соьга ларамах дуьзна а хилла, дерриге а Сан весеташ кхочушдан даим церан дегнаш делахьара, шайна а, шайн берашна а гуттаренна диканиг хилийтархьама!
30
Вало, дӀаала цаьрга: ‘Шайн четарш чу юхадерза’.
31
Ткъа хьо кхузахь Соьца виса. Ас хьоьга дӀаэр ду массо а весеташ, парзаш, тӀедехкинарш. Халкъана хьеха деза ахьа уьш, Ас шайн дола доккхун долчу лаьтта тӀехь уьш иштта лелийтархьама“.
32
Варелаш, шайн Везачу Дала шайна тӀе-ма-диллара лелалаш. Я аьтту, я аьрру агӀор дӀа ма дерзалаш.
33
Шун Везачу Дала шайна тӀедехкинчу некъашца лелалаш, шайна дола дан лун долчу лаьтта тӀехь шаьш дийна хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а, шаьш дуккха а дахийтархьама а».
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34