bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Deuteronomy 20
Deuteronomy 20
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 21 →
1
«Шайн мостагӀашна дуьхьал тӀом бан шу доьлхуш шун чул дукха йолу церан говраш, гӀудалкхаш, тӀемалой шайна гича, кхера ма лолаш, хӀунда аьлча Мисар-махкара шу арадаьхна волу шун Веза Дела шуьца ву.
2
Шу тӀаме новкъа довлуш, динан дас, хьалха а ваьлла, халкъе иштта ала деза:
3
„ЛадогӀа соьга, Исраилан халкъ! Аша тахана шайн мостагӀчуьнца тӀом дӀаболош бу. Доьналлех ма довлалаш, ма кхералаш, царах ма озалолаш, Ӏадийна ма хилалаш!
4
ХӀунда аьлча шун Веза Дела шуьца новкъа ваьлла мостагӀчух тасадала шуна гӀо дархьама. Цо шуьга толам боккхуьйтур бу“.
5
ТӀехьовсучара эскаре иштта дӀахьедан деза: „Керла цӀа дӀа а хӀоттийна, иза Далла къобалдина воцург, шен цӀа юхаверза. Иза тӀамехь вен тарло, тӀаккха цуьнан цӀа кхечу стага къобалдийр ду.
6
Кемсийн беш а йоьгӀна, цунна тӀера стом схьа ца баьккхинарг а шен цӀа юхаверза. ХӀунда аьлча иза тӀамехь лахь, кхечу стага пайда оьцур бу цуьнан кемсийн бешах.
7
Зудчуьнца захало а дийцина, иза схьаяло цакхиънарг а шен цӀа юхаверза. ХӀунда аьлча иза тӀамехь лахь, цуьнца захало дийцина йолу и зуда кхечу стага юьгур ю шена“.
8
ТӀехьовсучара кхин а иштта дӀахьеде эскаре: „Кхоьруш верг а, доьналла доцург а шен цӀа верза, кхечу тӀемалойн дегнаш, цуьнан дог санна, кӀеда ца хилийтархьама“.
9
Эскаре къамел дина девллачул тӀаьхьа, тӀеман хьаькамаш схьахаржа, уьш тӀемалошна хьалха бовлийтархьама.
10
Шаьш цхьа гӀала дӀалацархьама цунна герга даьхкича, цкъа хьалха барт бан хьовсалаш.
11
Нагахь санна, реза а хилла, цара гӀалин ков дӀаделлахь, оцу гӀалахь мел болчарах шун леш хир бу, ткъа аша цаьрга белхаш бойтур бу.
12
Нагахь санна, реза а ца хилла, цара шуьца тӀом дӀаболабахь, аша цу гӀалина го белаш.
13
Шун Везачу Дала и гӀала шун кара схьаелча, цуьнан боьрша нах берриш а хӀаллакбе туьран ираллица.
14
Амма цуьнан ерриг а хӀонс (зударий а, бераш а, даьхни а, гӀалахь мел дерг а) шайна схьа а эций, шун Везачу Дала шун кара яийтинчу мостагӀийн хӀонсах шайна пайда эцалаш.
15
Оцу кепара аша дан деза шайна уллорачу къаьмнийн долахь йоцучу а, шуна дикка гена йолчу а массо а гӀаланашна.
16
Ткъа шун Везачу Дала шун дола схьалуш долчу лаьттахь йолчу гӀаланашкахь цхьа а чохь са долу хӀума дийна ма йиталаш.
17
Шун Везачу Дала тӀе-ма-диллара, Цунна дӀа а къастадай, хӀара халкъаш кхоччуш дакъазадаха: хьетахой а, эмархой а, канаӀанхой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а.
18
Иза делаш, шайн деланашна цара лелош долу дегаза гӀуллакхаш дан шайна цаьрга Ӏама а дойтуш, шайн Везачу Далла дуьхьал къа ца латорхьама.
19
Нагахь санна, толам а баьккхина, шайна схьаяккхархьама, цхьа гӀала го бина аша дукха латтаяхь, оцу гӀалин дитташ, шуна баа стом лун дерш, ма дохаделаш. Дагарца ма хададелаш и дитташ. Аренгахь лаьтташ долу дитт адам ма дац, шу тӀелата дезаш долу.
20
Шайна девзаш долу баа мега стом луш доцу дитташ дохо а, дӀахадо а мегар ду, шайца тӀом беш йолчу гӀалина дуьхьал чӀагӀонаш дӀахӀитторхьама, шаьш цунна тӀехь толам баккхалц».
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 21 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34