bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Deuteronomy 26
Deuteronomy 26
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 25
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 27 →
1
«Шун Везачу Дала шуна кхочуьйтур долчу лаьтта тӀе а даьхкина, и латта шайн дола а даьккхина, шу цигахь даха охьахевшича,
2
шун Везачу Дала шуна луш болчу мехкан лаьтто кхиийна мел долчунна тӀера дуьххьарлерчух цхьадерг, схьа а эцна, тускар чу дилла. Цаьрца шун Везачу Дала Ша Ӏайтархьама къастор йолчу метте дӀагӀо.
3
Оцу деношкахь гӀуллакх деш хин волчу динан дена тӀе а гӀой, аш иштта дӀаала: „Ас тахана шун Везачу Далла хьалха дӀахьедо, Везачу Эло тхан дайшна, ваӀда а дина, лур ду аьллачу лаьтта тӀе со схьавеана хилар“, — алий.
4
Динан дас и тускар, шун карара схьа а эцна, шун Везачу Делан сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀахӀоттор ду.
5
Ткъа аша, дӀахьедар а деш, шайн Везачу Далла хьалха иштта дӀаала: „Сан ворхӀе а да ваьлла лелаш волу арамхо вара. Иза, Мисар-махка а вахана, кӀеззиг долчу адамашца ваха хиира. Цигахь цунах сийлахь а, нуьцкъала а, алсам долу а халкъ схьаделира.
6
Амма мисархой тхоьца къиза бара, цара тхуна гӀело а йора, тхоьга хала белхаш а бойтура.
7
Оха тхайн дайн Дела волчу Везачу Эле маьхьарца дийхира. Тхан мохь Везачу Элана дӀахезира. Цунна гира оха бала хьегар а, тхан хала белхаш а, тхуна еш йолу гӀело а.
8
ТӀаккха Везачу Эло тхо Мисар-махкара арадехира Шен нуьцкъалчу куьйгаца, тӀекховдийначу пхьаьрсаца, доккхачу къематца, инзаречу гӀуллакхашца, тамашийначу билгалонашца.
9
ХӀокху метте схьа а далийна, хӀара шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта тхуна схьаделира Цо.
10
Ткъа хӀинца, Веза Эла, Ахь суна схьаделлачу лаьтто кхиийначу дуьххьарлерниг Хьуна деана ас“. Иштта а алий, и тускар охьа а диллий, шайн Везачу Далла суждане гӀо.
11
ТӀаккха шун Везачу Дала шуна а, шун цӀенна а деллачу рицкъах даккхийде — шу а, левихой а, шуна юкъахь Ӏаш болу тӀебаьхкина нах а.
12
Шун лаьтто схьаделлачух массо а хӀуманах уьтталгӀа дакъа дӀакъастийча, кхозлагӀчу шарахь, уьтталгӀа дакъа дӀадаларна леринчу шарахь, иза левихочунна а, тӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а дӀало, цаьрга шайн гӀаланашкахь юург яийтархьама а, уьш бузийтархьама а.
13
Цул тӀаьхьа шун Везачу Далла хьалха иштта ала: „Хьуна дӀакъастийна мел долу хӀума сайн цӀенна тӀера схьа а эцна, иза левихочунна а, тӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а дӀаделла ас, Ахь суна тӀедехкинчу Хьан дерриге а весеташа ма-бохху. Ас Хьан весеташ талха а ца дина, ас уьш диц а ца дина.
14
Со веллачунна тийжачу хенахь Хьуна дӀакъастийначух хӀумма а ца диира ас, со Хьуна хьалха цӀена воцучу хенахь царах хӀумма а схьа ца эцна ас, иштта царах хӀумма а веллачунна сагӀина дӀа ца деллера ас. Сан Везачу Дала бохучунна муьтӀахь хилира со. Ахь суна тӀе мел диллинарг кхочушдира ас.
15
Хьо Ӏаш волчу езачу меттера схьа а хьажий, декъалбехьа Хьайн халкъ долу исраилхой, декъалдехьа Айхьа, тхан дайшна чӀагӀо ма-ярра, тхуна схьаделла долу, шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта“».
16
«ХӀокху дийнахь шун Везачу Дала весет до шуьга, хӀара парзаш а, тӀедехкинарш а кхочушде аьлла. Мел долчу даггара а, шайн мел долчу синца а кхочушделаш уьш.
17
Аша тахана шайн Везачу Эле дӀахаийтина, Иза шун Дела вуйла а, Цуьнан некъашца шу лелар дуйла а, Цуьнан парзаш а, весеташ а, тӀедехкинарш а аша лардийр дуйла а, Цуьнан озе шаьш ладугӀур дуйла а.
18
Везачу Эло тахана чӀагӀо йина, шу Цуьнан долахь долу жовхӀар ду аьлла, Цо ма-аллара, Цуьнан дерриш весеташ аша лардан деза.
19
Цо чӀагӀо йина, Ша мел кхоьллинчу халкъел шу лакхара а дина, сий а, сийлалла а, исбаьхьалла а долуш дӀахӀиттор ду аьлла. Хьан Везачу Далла хьалха, Цо ма-аллара, деза халкъ хир ду хьо».
← Chapter 25
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 27 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34