bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Deuteronomy 11
Deuteronomy 11
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 12 →
1
«Иштта, шайн Веза Дела везалаш. Ларделаш Цо шайна лардан тӀедиллинарг а, Цуьнан парзаш а, тӀедехкинарш а, весеташ а массо а деношкахь.
2
Дагадаийта шайна, со шун берашка вистхуьлуш воцийла. Царна хиъна а дац Везачу Дала шу нисдинийла, царна гина а дац Цуьнан возалла, Цуьнан онда куьг, Цуьнан схьакховдийна пхьарс,
3
Цуьнан тамашийна билгалонаш, Цуьнан гӀуллакхаш, Цо Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунна а, цуьнан халкъана а дина долу.
4
Шун берашна ца гина Цо мисархойн эскарх, говрех, гӀудалкхех динарг. Уьш ерриш а Эрзийн хӀорда чохь дӀахьулйинера Цо, уьш шуна тӀаьхьабевллачу хенахь. Таханлерчу денна тӀекхаччалц Везачу Эло уьш хӀаллакбина латтийра.
5
Шу хӀокху метте схьакхаччалц, Цо шуна яьссачу аренгахь динарг шун берашна ца гина.
6
Раабанхочун Элиабан кӀенташна Датанна а, Абирамна а динарг шун берашна ца гина. ХӀетахь, латта дӀаса а декъаделла, уьш берриш а Исраилан халкъана юкъара лаьтто дӀаийцира: церан доьзалш а, церан четарш а, церан мел хилла болу бахам а.
7
Везачу Эло мел дина долу сийлахь гӀуллакхаш гинарш шун бӀаьргаш бара».
8
«Шу Йордан-хина дехьадевлча, тахана ас шайна тӀедуьллуш долу Делан дерриг а весеташ ларделаш, цигара долу латта, чу а гӀоьртина, шайн дола даккхал ницкъ шайн хилийтархьама.
9
Везачу Эло, чӀагӀо а йина, шун дайшна а, церан тӀаьхьенна а лур ду аьллачу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу оцу лаьтта тӀехь дехха дахар шун хилийтархьама, ларделаш и весеташ.
10
Шайна схьадаккха шу тӀедоьлху и латта шу арадевллачу Мисар-мехкан лаьттах тера дац. Цигахь аша, хӀуш тесначул тӀаьхьа, лаьттана, хасстоьмийн бешана санна, шайн куьйгийн ницкъаца хиш дохкура.
11
Ткъа шу шайн дола даккха тӀедоьлху и латта лаьмнаш а, тогӀеш а йолуш ду. Оцу лаьтто стигаларчу догӀанийн хи молу.
12
Шун Везачу Дала гӀайгӀа еш долчу оцу лаьтта тӀехь даим бу шун Везачу Делан бӀаьргаш: шеран коьртера дуьйна схьа и шо чекхдаллалц.
13
Тахана шайга деш долчу Сан весеташка аша леррина ладогӀахь, — шайн Веза Дела шуна везахь, Цунна даггара а, мел долчу синца а аша гӀуллакх дахь, —
14
Ас шун лаьттана шен-шен хенахь догӀа лур ду, хьалххе догӀург а, тӀаьхьо догӀург а. ТӀаккха аша шайн ялта а схьагулдийр ду, шайн чагӀар а, шайн зайтдаьтта а доккхур ду.
15
Ас шун аренашкахь шун бежанашна буц лур ю, тӀаккха юуш а, дузуш а дехар ду шу.
16
Варелаш, ларлолаш, шайн дегнаш Ӏеха ма далийталаш, Везачу Элах дӀа а дирзина, кхечу деланашна гӀуллакх а деш, Ӏибадат а деш дӀахӀиттарх.
17
ТӀаккха Везачу Элан оьгӀазалла, яьлла цӀе санна, шуна дуьхьал ер ю, Цо стигал дӀакъовлур ю, догӀа цигара ца даийтархьама. Цундела лаьтто шен ялта лур дац. ТӀаккха шун Везачу Эло шуна луш долчу дикачу лаьтта тӀехь шу кестта хӀаллакьхир ду.
18
Цундела хӀара сан дешнаш шайн дегнаш чу а, синош чу а дӀадахка, дӀаяздина долу и дешнаш шайн куьйгаш а, хьаьжнаш а тӀе дӀадехка, уьш дагадаийтархьама.
19
Шайн кӀенташна хьеха уьш, дийца царах лаьцна шайн цӀенош чохь хевшина Ӏаш а, шаьш некъ беш а, шаьш дӀадуьйшуш а, хьалагӀовттуш а.
20
ДӀаязде уьш шайн неӀсагӀанаш тӀе, шайн кевнаш тӀе,
21
Везачу Эло шун дайшна дӀабала чӀагӀо йинчу махкахь шун а, шун берийн а дахаран денош шортта хилийтархьама. Лаьтта тӀехула стигал мел хуьлу дехар ду шу цигахь.
22
Нагахь санна Ас шуьга кхочушдайта деш долу и дерриг а весеташ аша лардахь, — шайн Веза Дела шуна везахь, Цуьнан массо а некъашца шу лелахь, Цуьнгахьа дирзина шу хилахь, —
23
Везачу Эло и дерриге а халкъаш шуна хьалхара дӀалохкур ду, тӀаккха шун халкъал дукха долчу а, ницкъ болчу а халкъийн латта шайн дола доккхур ду аша.
24
Аш ког мел баьккхина латта шун хир ду. Яьссачу аренгара Ливанун-махкана тӀекхаччалц, Эпрат-хина тӀера Дуьненаюккъерачу хӀорда тӀе кхаччалц хир ду шун дозанаш.
25
Цхьа а латталур вац шуна дуьхьал: шун Везачу Дала, Ша чӀагӀо ма-ярра, аша ког мел баьккхина долчу муьлххачу а лаьттана кхерам тосур бу, уьш, кхоьруш, бегор бу.
26
Хьажал, тахана ас шуьга харжам бойту: Дала шу декъалдар я шуна неӀалт кхайкхор.
27
Нагахь санна тахана ас деш долчу шун Везачу Делан весеташка аша ладогӀахь, шу декъалдина хир ду.
28
Нагахь санна аша шайн Везачу Делан весеташка ла ца догӀахь, тахана ас весет деш болчу некъа тӀера шу дӀадерзахь, хьалххе шайна бевзаш боцучу кхечу деланашна тӀаьхьа шу хӀиттахь, шуна неӀалт кхайкхор ду.
29
Шун Везачу Дала шайн дола даккха тӀедуьгучу лаьтта тӀе шу далийча, Герзим-лам тӀера декъалдаран дешнаш дӀаала, ткъа Ӏейбал-лам тӀера неӀалт кхайкхоран дешнаш дӀаала.
30
(Уьш Йордан-хина дехьа бу, коьртачу некъана малхбузехьа, МорахӀ олучу ножан дитташна уллохь, Ӏариба-тогӀи чохь бехачу канаӀанхойн лаьтта тӀехь йолчу Галгал-гӀалина юххехь.)
31
Шун Везачу Дала шуна дӀалуш долу латта шайн дола даккхархьама, шу кестта Йордан-хина дехьадевр ду. И латта схьа а лаьцна, шу оцу тӀехь дехар долчу хенахь,
32
тахана ас шайга дӀакховдош долу Цуьнан массо а парзаш а, тӀедехкинарш а леррина кхочушделаш».
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 12 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34