bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Deuteronomy 19
Deuteronomy 19
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 20 →
1
«Шун Веза Дела шуна схьалуш долчу лаьтта тӀера къаьмнаш хӀаллакдина ваьлча, аша церан латта шайн дола доккхур ду, церан гӀаланашкахь а, цӀеношкахь а даха а ховшур ду шу.
2
ТӀаккха шун Везачу Дала шуна дӀалуш долчу шайн лаьттана юккъехь шайна кхо гӀала дӀакъастае.
3
Шайн Везачу Дала шайн дола луш долчу лаьттах кхо дакъа а де, хӀора декъа чохь дӀакъастийна йолчу гӀалина тӀедоьлху некъаш а де, адам дийна волчу муьлххачу а стеган цига дӀавада аьтто хилийтархьама.
4
Шен са кӀелхьардаккхархьама, оцу гӀаланех цхьаьнга ведда волчу адам дийначу стагах лаьцна долу весет иштта ду. И санна волчу стага ларамаза шена уллораниг вийна хила веза, велларг валале хьалха цуьнца мостагӀалла а доцуш.
5
Масала шух шиъ хьуьнах вогӀу дечиг даккха, ткъа дитт хадо хьалхарчу стага диг хьалаайича, оцу дагаро, даганна тӀера а даьлла, шолгӀачу стагана тӀе а кхетта, иза вен тарло. ДӀалочкъийла йолчу гӀаланех цхьанхьа дӀавада мегар ду адам дийна волу иштта стаг, дийна висархьама.
6
И гӀаланаш кхоъ ца хилча, некъ беха хиларна чӀир йоькхучо, ша оьгӀазвахханчохь, стаг вийначунна тӀаьхьа а ваьлла, цунна тӀе а кхаьчна, иза вен тарло. Делахь а, оцу стагана вен кхел ца йогӀу, иза хьалха оцу веллачуьнца мостагӀалла долуш ца хилла дела.
7
Цундела дина ас хӀара омра: „Шайна кхо гӀала дӀакъастае“, — аьлла.
8
8-9 Шун Везачу Дала, шун дайшна ваӀда ма-дарра, шун долахь болу мохк алсамбаьккхича, шун дайшка Ша йинчу чӀагӀоне хьаьжжина, Цо дерриге а латта шуна дӀаделча, кхин а кхо гӀала дӀакъастае. (Дала и латта лур ду шуна, нагахь санна тахана ас тӀедуьллуш долу хӀара дерриге а весеташ аша леррина кхочушдахь — нагахь санна шун Веза Дела шуна везахь, шаьш мел деха Цуьнан некъашца шу лелахь.)
9
***
10
Иза делаш шун Везачу Дала шун дола лур долчу шайн лаьттана юккъехь бехк боцучу стеган цӀий ца Ӏанадайтархьама а, шуна тӀехь цӀий ца хилийтархьама а.
11
Амма нагахь санна цхьаъ вукхуьнан мостагӀа а хилла, иза лар а вина, цунна тӀе а кхетта, иза вен а вийна, царах цхьана гӀала дӀавадахь,
12
тӀаккха цуьнан гӀаларчу къаноша, иза цигара схьалаца цунна тӀаьхьа нах бахийта беза. И стаг чӀир йоькхучу нехан кара дӀавала веза, иза валийтархьама.
13
Шун бӀаьргашна къа ма хетийла цунах. Бехк боцучу стеган цӀий Ӏанор дӀадаккха исраилхошна юкъара, шуна дика хилийтархьама».
14
«Шайн Везачу Дала шун дола дӀалуш долчу лаьтта тӀехь а долу, шуна кхочуш долу дакъа дӀакъастош а долу, шайн дайша дӀахӀоттийна а долу шира доза дӀа ма хиладе.
15
Нагахь санна муьлхха а къа латорна тӀехь я зулам дарна тӀехь стаг бехкевеш велахь, цхьа теш хилар ца тоьу. ХӀорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чӀагӀдийр дац
16
Нагахь санна мекара тоьшалла деш волу цхьаъ цхьанна дуьхьалвалахь, цо Ӏесалла ялийтина иза бехке а веш,
17
тӀаккха юкъахь дов долу и ший а стаг Везачу Элана а, оцу деношкахь гӀуллакх деш хир болчу динан дайшна а, кхелахошна а хьалха дӀахӀуттийла.
18
И гӀуллакх кхел ечара дикка талла деза. Нагахь санна и тоьшалла деш верг харцлуьйш а велахь, цо шен къомах волчунна харцтоьшалла а динехь,
19
тӀаккха шен къомах волчунна дан цунна дагадеанарг цунна а делаш. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.
20
Иза кхечарна дӀахезар ду, тӀаккха уьш кхералур бу, иштта зулам шуна юкъахь кхин долуьйтур дац.
21
Къа ма хетийла цунах шун бӀаьргашна: синах са даккха догӀу, хьайн бӀаьрг баккхахь, цунна дуьхьал бӀаьрг баккха, цергана дуьхьал церг яккха, куьйгах — куьг, когах — ког».
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 20 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34