bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Deuteronomy 2
Deuteronomy 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 3 →
1
«Юханехьа а дирзина, яьссачу аренга а девлла, Эрзийн хӀордехьа боьдучу новкъахула дӀадахара вай, Везачу Эло соьга схьа-ма-аллара. СеӀир-лаьмнашна го туьйсуш, дуккха а хан яьккхира вай.
2
Цул тӀаьхьа Везачу Эло соьга иштта элира:
3
„Тоьар ду шуна хӀокху лаьмнашна гонаш даха, къилбаседехьа дӀадерза.
4
СеӀир-лаьмнаш тӀехь бехачу шайн гергарчу къомах болчу Ӏесавах схьабевллачийн лаьттахула чекхдовла дохкуш ду шу. Уьш шух кхералур бу, делахь а шу ларлуш хилалаш.
5
Аша цаьрца тӀом ма болабелаш, хӀунда аьлча Ас церан латтанех ког тӀебиллал а латта лур дац шуна. СеӀир-лаьмнаш — иза Эдом-мохк бу — Ас Ӏесаван тӀаьхьенна дӀабеллера иза, цуьнан долахь хилийтархьама.
6
Юург яа, шайгара дети дӀа а лой, цаьргара эций. Мала хи а схьаэца цаьргара, цунах дети дӀа а лой“.
7
Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечунна тӀехь шу декъалдина. Цо шун дола дина хӀокху йоккхачу а, кхерамечу а яьссачу аренгахула шу леллачу хенахь. ХӀара шовзткъа шо ду шун Веза Дела шуьца волу. Шу цхьана а хӀуманна тӀехь эшам ловш дацара.
8
СеӀирехь бехачу вайн гергара къам долчу Ӏесаван тӀаьхьенан лаьтта юххехула тӀех а девлла, Эйлатера а, Ӏецйон-ГӀебарера а боьдучу некъах дӀа а дирзина, Муабин яьссачу аренна тӀедоьлхура вай.
9
МостагӀалла ма доладелахь муабахошца, ма болабелахь цаьрца тӀом, хӀунда аьлча Аса оцу лаьттах зил а лур бац хьан кара. Ас ЛутӀин тӀаьхьенна дӀаелла Ӏар-гӀала, цаьрга дола дайта».
10
(Хьалха цигахь эймимахой баьхнера. И къам нуьцкъала а, алссам а дара. Иза, турпалш болу Ӏаьнакхахой санна, лекха къам дара.
11
Ӏаьнакхахой санна, уьш а репахой лорура, ткъа муабахоша царах эймимахой олуш хилла.
12
СеӀир-лаьмнаш тӀехь хьалха заманахь хьорихой хилла бехаш. Амма Ӏесаван кӀентий, уьш дӀа а лаьхкина, шайна гучуьра дӀа а баьхна, церан меттигашкахь баха хевшина. Исраилхоша а изза динера Везачу Эло шайн дола деллачу лаьттах.)
13
«Везачу Эло элира: „Хьала а гӀовттий, Зерад-татол долчу тогӀенехула чекхдовла“. ТӀаккха вай чекхдевлира Зерад-татол долчу тогӀенехула.
14
Вай Кхадеш-БарнаьӀара арадевллачу хенахь дуьйна Зерад-татол долчу тогӀенехула чекхдовлучу ханна тӀекхаччалц, ткъе берхӀитта шо дӀадаьлла. Вайн къомана юкъара тӀаме дахалуш мел хилла гаранаш хӀаллакьхилла, Везачу Эло царна чӀагӀо йина ма-хиллара.
15
Везачу Элан куьг царна тӀедаьхьна ма-дара, уьш хӀаллак а бина, къомана юкъара Цо берриш а дӀабаххалц.
16
ТӀаме дӀаэхалуш берш, берриш а хӀаллак а хилла, халкъана юкъара белла дӀабевллачу хенахь,
17
Везачу Эло соьга иштта элира:
18
„Хьо хӀинца Муаби-махкахула, Ӏар-гӀалина уллохула, чекхволуш ву.
19
Ӏамминхошна хьо гергакхаьчча, цаьрца мостагӀалла а ма леладе, цаьрца тӀом а ма бе. Ас Ӏамминхойн лаьттах цхьа а меттиг лур яц хьан кара. Ас и латта ЛутӀин тӀаьхьенна дӀаделла“».
20
(И латта репахойн лоруш дара, мацах цигахь репахой баьхна дела. Ӏамминхоша царах замзумхой олура.
21
И къам нуьцкъала а, дукха а дара, уьш Ӏаьнакхахой санна, лекха а бара. Везачу Эло и репахой хӀаллакбира Ӏамминхошна хьалхара. Ӏамминхой, уьш ара а баьхна, церан меттигашкахь баха хевшира.
22
СеӀир-лаьмнашкахь бехаш болчу Ӏесаван тӀаьхьенах болчеран дуьхьа Везачу Эло изза дира. Царна хьалха Цо хьорихой а хӀаллакбира. Ӏесаван тӀаьхьенах берш, уьш ара а баьхна, церан меттигашкахь баха хевшира. Таханлерчу дийнахь а уьш цигахь бехаш бу.
23
Иштта Крит-гӀайренера схьабевлла болу каптӀархой а, Ӏази-гӀалина тӀекхаччалц йолчу ярташкахь баьхна болу Ӏаваймхой хӀаллак а бина, церан меттигашкахь баха хевшира.)
24
КхидӀа Мусас элира: «Цул тӀаьхьа Везачу Эло иштта элира: „ХьалагӀовтта, дӀа а гӀой, Арнон-хих дехьадовла. ХӀан, Ас хьан кара дӀало эмархо волу Хьешбон-мехкан паччахь Сихьон а, цуьнан латта а. И латта хьайн кара а дерзош, тӀом бе цуьнца.
25
Аса тахана дуьйна шух болу кхерам а, къемат а дӀасадаржор ду стигална кӀел мел долчу халкъашна. Шух лаьцна дӀахезнарш кхералур а бу, Ӏадор а бу“».
26
«Кхадимут цӀе йолчу яьссачу аренгара Хьешбон-гӀалин паччахь волчу Сихьонна тӀе векалш бахийтира ас, машар а кховдош, хӀара дӀаалийтархьама:
27
„Пурба лохьа тхуна хьайн махкахула чекхдовла. Тхо, я аьтту, я аьрру агӀор дӀа ца доьрзуш, нийсса новкъахула дӀагӀур ду.
28
Детих юург йохка тхуна, тӀаккха бен оха иза юур яц. Детих мала хи а ло тхуна, тӀаккха бен оха иза мер дац. ГӀаш бен тхо тӀех а девр дац,
29
тхуна СеӀир-лаьмнаш тӀехь бехачу Ӏесаван тӀаьхьенах болчара а, Ӏар-гӀалахь бехачу муабахоша а дина ма-хиллара, Йордан-хина дехьа а девлла, тхайн Везачу Дала тхайна луш долчу лаьтта тӀе тхо дӀакхаччалц“.
30
Амма Хьешбон-гӀалин паччахь волу Сихьон реза ца хилира шен лаьтта тӀехула вай чекхдовлийта, хӀунда аьлча шун Везачу Дала цуьнан са а карзахдаьккхира, дог а чӀагӀдира, хӀинца вайна схьагуш ма-хиллара, иза шун кара дӀавалархьама.
31
Везачу Эло соьга иштта элира: „ХӀан, Ас Сихьон-паччахь а, цуьнан латта а шун кара далар дӀадолийна. Хьо а дӀаволало цуьнан латта хьайн карадерзо“.
32
ТӀаккха Сихьон-паччахь шен мел долчу эскарца вайна дуьхьалгӀаьттира ЯхӀац-гӀалина уллохь хиллачу тасадаларехь.
33
Вайн Везачу Дала иза вайн кара схьавелира. Вай иза а, цуьнан кӀентий а, цуьнан мел долу халкъ а хӀаллакдира.
34
Оцу хенахь цуьнан ерриг а гӀаланаш схьа а яьхна, царах хӀорра а, Далла дӀа а къастийна, кхоччуш дакъазаяьккхира, божарий а, зударий а, бераш а хӀаллак а деш. Царах цхьа а дийна ца витира оха.
35
ГӀаланаш дакъазаяхале, церан бежанаш а, церан схьаяьхначу гӀаланашкара вай схьадаьккхинарг а, хӀонс санна, дӀадаьхьнера.
36
Арнон-хин тогӀин йистера йолчу ӀаруӀер-гӀалара ГалӀад-гӀала дӀакхаччалц йолу цхьа а гӀала ца йисира вайга схьа ца яккхалуш. И дерриг а вайн кара схьаделира вайн Везачу Дала.
37
Ӏамминхойн лаьттана, я Ябокх олучу хин йистошкахула йолчу меттигашна, я лаьмнашна тӀехь йолчу гӀаланашна, я вайн Везачу Дала ца магийначу цхьана а хӀуманна тӀе ца кхевдира вай».
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34